ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхана йамарт ваьллачунна велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан кхачор къобалдина Думин комитето


Думин гIишло
Думин гIишло

Пачхьалкхана йамарт хилларг велла дIаваллалц набахте хьажош, террорхойн гIуллакхаш лелийначунна таIзар лурдеш хийцамаш бар тIечIагIдина пачхьалкхан гIишлошйарехула а, низамаш дахарехула а йолчу Думин Комитето. И хаамбина Свобода Радионо. Йеаридийнахь, охан-беттан 13-чохь хир долуш ду шолгIа ладегIарш.

Таханалерачу дийнахь пачхьалкхана йамарт хиллачунна 12 шарна тIера 20 шаре кхаччалц колонихь йаккха хан кхачайо.

Терактех йолчу Iедалан къепехула 15 шарна тIера 20 шаре кхаччалц чохь валлош хан йахйар хьоьху.

Террорхойн могIаршка ийзорна, йа терроран зуламаш дан юкъаозарна хIинца долчу пхеа шеран метта ворхI шо хир ду уггар кIезиг, уггар тIех 15 шо.

Цл совнах, депутаташа хьоьху, диверсих йолчу Iедалан къепехула, иштта транспортан инсфраструктурин гIишлош тIехь а лелочух а, 15 шарна тIера 20 гаре кхаччалц таIзар дахдар.

ТаIзар совдаккхаро билгалдоккху, велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхначун хенал хьалха маьршаваккха бакъо хирг хиларх, чохь 25 шо даьккхинчул тIаьхьа, нагахь санна, иза дика леллехь.

  • Стохка чиллин-баттахь Украинана дуьхьал тIом болийчхьана Оьрсийчохь цIеххьана дукха нисло административан гIишлошна тIелатарш дар, диверсеш лелор. ТIеман комендатурех а, ишта кхинйолчу пачхьалкхан хьукматех а цIе таса гIиртина масех иттаннашкахь меттигаш бу. Оьрсийчоьнан коьртачу штабехь дIахьедира, военкоматех цIетийсар теракташ санна лара деза аьлла. Хьалхо оцу кепара леларш дукха хьолахь хулиганалла а, пачхьалкхан бахамна зен дар а санна лорура.
  • Иштта тIом болабелчхьана дукха даьржина догIу Оьрсийчоьнан бахархой пачхьалкхана йамарт хилла олий, бехкебеш. "Хьалхарчу декъан" адвокато Смирнова Евгенияс бахарехь, карарчу заманчохь пачхьалкхана йамартваларх цхьана баттахь дуккха а гIуллакхаш доладо, тIом болабалале хьалха – цхьана шарахь хиллачул а алсам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG