ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пачхьалкхо шога таIзар дийр ду дуьхьалонан декъашхошна". ХIинжа-ГIалара аэропортехь талораш лелорна дина таIзарш


ХIинжа-ГIалахь къепедацарш лелорна бехкебинарш лаьтта таIзар кхайкхочу дийнахь. Краснодаран кIоштан кхелийн пресс-гIуллакххойн видео йуккъера скриншот
ХIинжа-ГIалахь къепедацарш лелорна бехкебинарш лаьтта таIзар кхайкхочу дийнахь. Краснодаран кIоштан кхелийн пресс-гIуллакххойн видео йуккъера скриншот

Дахначу кӀиранах дуьххьарлера вердикт кхайкхийра ХIинжа-ГIалара аэропортехь стохка хиллачу къепедацаршкахь дакъалаьцначарна. Бехкевечу пхеа стагана 6 шарера 9 шаре кхаччалц хенаш кхайкхийна колонихь йаккхийта. Дагестанехь и таӀзар нийсо йоцуш а, тӀех луьра а лерина. Тоьхна хенаш йогӀуш йуй массо а къепедацаршна таӀзар даран йукъарчу практикица а, цу сацаман хӀун политикан тӀаьхьалонаш хила мега меттигерчу Ӏедална а - Кавказ.Реалии сайта тӀерачу материалехь дуьйцу.

2023-чу шеран гIадужу-беттан 29-чу дийнахь масех бӀе стага дӀалаьцнера ХIинжа-ГIалара Уйташ аэропорт, Тель-Авивера транзитан рейсехь пассажираш лаха гӀерташ. Гулбелларш дуьхьал бара Израило ГIазза-секторехь лелочунна, жуьгтий республикера арабахар доьхура цара. Аэропортан гӀишло чу а лилхина, кема гIотту-охьадуссу асане кхаьчнера нах.

Верриг а, Дагестанерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан куьйгалхочо Магомедов Ӏабдурашида ма-аллара, ХIинжа-ГIалин аэропортехь сингаттам иккхинчу гӀуллакхехь лаьцна 140 стаг, административан жоьпе озийна 1200 сов стаг.

ВорхӀ баттахь сов листира аэропортехь къепедацарш лелорах долу бехктакхаман гӀуллакх. И къепедацарш дозанал арахьара вовшахтоьхна хилла аьлла хета талламхошна: масала, "Дагестанан Ӏуьйре" телеграм-каналца воьзначу Пачхьалкхан Думан экс-депутато Пономарев Ильяс а, Абакаров Абакара а, ткъа иштта Саситлинский Абу Ӏумар цӀарца вевзаш волчу хьехамчас Ахмеднабиев Исраила а. И нах лаца кхайкхийна бу.

ХIинжа-ГIалара аэропортехь жуьгташна дуьхьалойар
ХIинжа-ГIалара аэропортехь жуьгташна дуьхьалойар

Оцу хена чохь бӀе сов кхелан экспертиза йира, 392 теше хеттарш дира. Тоьшаллийн меттана талламо хьахош ду хаамийн гӀирсашкахь зорбане даьхна йозанаш, шайна юкъахь регионийн телеграм-каналаш а йолуш. Хьалхо арахецначу кхелан сацамца хууш ду, ХIинжа-ГIалин аэропортехь къепедацарш лелорах бехкзуламан гӀуллакхехь 70 сов таллам барх а, 200 сов зулам динчу меттигашкахь хиларх: зенаш дина хӀусамаш а, машенаш а талларх.

Цу гӀуллакхехь волайнхой хилларш бу 31 стаг, шайлахь юридикан нах а болуш. Ишта, иккхина сингаттам бахьана долуш рейсаш тӀаьхьатеттина йолу Aeroflot а, Red Wings а, NordStar а авиакомпанеш а, ша аэропорт а йолуш.

Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дуьххьара ХIинжа-ГIалин аэропортехь хиллачу къепедацаршкахь дакъалаьцначунна "гечдар хир дац" аьллера, амма тӀаьхьо шен риторика кӀадйина, дош делира, аэропортехь хилла мел волчунна таӀзар дийр дац аьлла. Дагестанерчу имамаша а, юьртан юкъараллийн векалша а къепедацаршкахь дакъалаьцначаьрца "къинхетаме хилахьара" аьлла, кхайкхам бинчул тӀаьхьа нисделлера иза. Церан кхайкхамах дӀакхеттера гӀарабевлла спортхой а: масала, латархой Нурмагомедов Хьабиб а, Магомедов Махьмуд а, Махачев Ислам а.

Хьалхара сацам кхайкхабале жимма хьалха Оьрсийчоьнан эскархой Меликовга бистхилира, цу гIуллакхехь дакъалоцуш хиллачу цхьаннах Разаков Микаилах лаьцна "дика мах хадор" а, иза СИЗО-ра араваккхар а доьхуш. Разаков Украинина дуьхьал тӀом бина, чевнаш а йина, Дагестане а вахана, цигахь къепедацаршкахь дакъалаьцна ву. Цуьнан эпилепси чIагIйелла бохуш дуьйцу, цундела лаьцнарг Шамхал-эвларчу номер 2 йолчу колонехь дарбан хӀусамехь ву, дийцира хьалхо Йукъараллин мониторинган комитетан куьйгалхочо Хадулаев Шемала.

Уйташ аэропорт дӀалаьцначул тӀаьхьа ша полицина тIеваханера Разаков, цо мукӀарло дира, кеманийн некъа тӀе вала аьтто баьллачех ша а ву аьлла. Муьлхачу бух тӀехь орца доьхуш бу эскархой леррина суьдхочун бакъонаш йоцчу республикан куьйгалхочуьнга, хууш дац. Меликовс жоп ца делира кхайкхамна; иштта хаам ца бо, хӀинца муьлхачу муьрехь ду Разаковн гӀуллакх.

Инарла прокуратуран дехарца ХIинжа-ГIалахь хиллачу къепедацаршца доьзна гӀуллакхаш Кубанан а, Ставрополан а кхелашка дехьадаьхна, бехкебечийн гергарчеран республикехь суьдхошна тӀеӀаткъам бан аьтто ца хилийта. Дагестанерчу Пачхьалкхан Думан депутата Умаханов Ӏумахана латкъам бира Лакхарчу кхелан куьйгалхочуьнга, юрисдикци хийцаран "маьIнех" кхетор доьхуш. Цо бинчу кхайкхамо цхьа а жамӀ ца дина.

Буобер, таксхо, совдегар

Дуьххьара бехкебечех лаьцна хаамаш кӀезиг бу йиллинчу хьостанашкахь. Царах цхьаъ ву ХIинжа-ГIалин йистехь йолчу Тарки эвлара вахархо 22 шо долу Атаев Анварбек. 2021-чу шарахь прокуратурано дов айдира изза цӀе йолчу стеган интересаш ларъйеш, цунна мэрино масех шарахь петар ца йелла хиллера, цунна буобер хиларе терра йогIуш йолу.

"Цига вахарна а, цигахь Iарна а бехк бу сан", - дIахьедира Атаевс шена кхайкам бале хьалха.

ШолгӀа кхел йинарг вара ХIинжа-ГIалара вахархо, 26 шо долу Ибрагимов Ислам. Йиллинчу хьасташкара хаамийн хьесап дича, совдегаран статус йолуш ву иза, хьалха духарш а, аксессуарш а йеш йолу жима компани лелош вара иза. Бехк тӀе ца эцна цо.

"Нагахь санна пачхьалкх зуламхой а, антисоциалан элементаш а кхион лууш йелахь, тӀаккха прокуратура бакъ йу. Со, дуккха а Оьрсийчоьнан бахархой а санна, набахте чуволла мегаш ду… Амма цхьа кхел йу, дика а, вон а агӀонаш оза йезаш. Ас йуха а боху, зулам ду ала тарлун хIуманаш ас лелийна дац. Суна ца хаьара [аэропортехь] бутерброд йаар зулам дуйла. Материалан гIуллакхаша а бакъ ца до со бехкехилар", - элира Ибрагимовс кхелехь, цуьнан дешнаш далийна дагестанхойн "Черновик" зорбанан гӀирсо.

Ахтынскан кIоштара Фий эвлара 26 шо долчу Рамазанов Саликъа дийцира кхелехь, ша таксхо вара, цу суьйранна пассажираш аэропорте балошивеана вара ша. ХIетахь цхьаммо а сацийна вацара иза, ницкъахойн цуьнга дан хеттарш а дацара. Цул тӀаьхьа масех де даьлча полисхойн декъе кхайкхира Рамазанов, цигахь цара вуно оьзда къамел дира, цундела хеттарш динчул тӀаьхьа, деша а ца доьшуш, шен дешнаш харцахьа даьхначу протоколашна куьйгаш яздинера цо. Рамазановс бахарехь, аэропортехь хиллачу къепедацаршкахь билгалваьккхинчу хӀора декъашхочух пхи эзар сом бонус луш хилла бохуш дуьйцу полисхошна. Ахча даккха гӀерташ, цара къепедацархо ву олий, дIайазвеш хилла шайн кара мел веънарг. Официалан кепара тӀечӀагӀдина йац премиш даларх лаьцна информаци

23 шо долчу Омарасхабов Магомедан а йу бизнесхочун статус. Цо хаамбина кхеле, шен ненан дехарца веанера ша ненайишас болх бечу аэропорте, иза цигара арайаккха аьлла. Гергара зуда цигахь ца хиллера, Омарасхабов цӀа вахана хиллера къепедацарш дерзале. Цунна шена а хета, ша "ца ошучу хенахь гIуллакх доцчу меттехь нисвелла" хилар. Бехкевечунна набахтехь даккха 6,5 шо хан тоьхна. Атаевна а, Ибрагимовна а, Рамазановна а 6 шой, 4 буттий хан туьйхира йукъарчу рожан колонехь даккхийта.

ПхоьалгӀа бехкевеш вара 19 шо долу Раджабов Рабадан. Къепедацаршна бехкевина ца Ӏаш, полисхочунна тӀехь ницкъ барна а жоьпалле озийра иза. Эххар а оцу гIуллакхна йукъахь бехкевечу уггар а жимачунна уггар йоккха хан туьйхира – 9 шо набахтехь даккха. Цул хьалха гӀуда тоьхна хилла цунна, полисхойн тIедожрр кхочуш ца дарна.

Дагестанерчу Йукъараллин мониторинган комиссин декъашхочо Хадулаев Шамила хаам бинера, бехкебинчу нахах цхьаьннан нанна тӀе а тевжаш, шаьш хӀиттийначу адвокаташа лардеш хиларх лаьцна. И доьзна хила тарло Армавирна а, ХIинжа-ГIалина а йукъахь геналла хиларца – гӀаланашна йуккъехь 600 чаккхарма гергга йу, ткъа массо а адвокаташ кийча бац цу тайпачу некъашна. Цул сов, Армавир жима гӀала йу, цигахь цу кепара "политикан" гӀуллакх шена тӀеоьцур долу меттигера адвокат карор, хетарехь, проблема хир йара.

Оцу йукъанна Хадулаевс билгалдаьккхира, цара хIиттийначу адвокаташа дай-наношкара цхьа а сом схьа ца эцнера, цара дала хьийзочу совгӀаташна а дуьхьало йинера аьлла. Бехкевинчун нанас дийцарехь, суьдхочун къар ца валаре хьаьжча, "вуно дика" болх бина цара.

Йукъараллина сигнал

ХIинжа-ГIалара антисемитийн къепедацарш хиллачул тӀаьхьа дуьххьарлера вердикт Меликов Сергейна зер а, юкъараллина сигнал а йу. Республикан куьйгалхо дагестанхойн йукъараллехь паргIаталла латто гӀертара, кхуьуш йолчу проблемашна йуккъехула. Иза сиха а вацара къепедацаршна луьра реакци йан, дагестанхошлахь критика ца йаржийта, дIахьедира Къилбаседа Кавказан аналисто Чемберс Гарольда Кавказ.Реалиин редакцица динчу къамелехь.

Эксперто бахарехь, и мелла а луьра таӀзар дар хила тарло Ӏедалхой и тайпа сингаттам йуха а ца хилийта гӀертарна. Царна мехала дара репрессеш йан оьшуш хилар дIагайтар, иза хьанна дуьхьал хьажийна хилар а доцуш.

"Объективе, массо а агӀор таллам ца беш, бехкебечара дийцарехь, бехк боцу нах жоьпе а ийзош, Ӏедалхой кхетийта хьийза, цу тайпа инцидент хиллачу меттехь нисвеллачу муьлххачу а стагана тӀаьхьалонаш хила тарлуш хилар. Цундела сатуьйсийла йу, бисина бехкебеш болчарна а хьалхарчу инстанцин кхелашкахь тоъал луьра таӀзарш дийр ду аьлла. Йукъара даккха йиш йац, апелляцихь, йа кассацихь таIзарш малдийр хилар, нагахь санна, йукъараллина цунах урок хилла аьлла Iедалхошна хетахь", - билгалдоккху Чемберса.

Аналисто тӀетуьйхира, луьра таӀзарех пайдаэца тарло, иттаннашкахь керлачу тутмакхашна "Шторм Z" декъехь Украинана дуьхьал тIемаш бан хьийсон вербовка йеш.

Оьрсийчоьнан политологех цхьамма, шен цӀе ца йоккхуш, Кавказ.Реалии сайте бинчу хаамца, Меликов Сергейн аьтто бац регионера хьал дӀанисдан а, меттигерчу элитера а, Дагестанан йукъараллин доккхачу декъера а гӀортор хила аьлла. Цунна тоьшалла до тӀаьхьарчу шерашкахь Дагестанехь саццаца дIахьочу массо а протесташа, Оьрсийчоьнан кхечу цхьана а регионехь ишта кест-кеста хуьлуш йоцу протесташ.

"Кхеташ ду, Уйташехь хилла къепедацарш а санна, дерриг а "украинхойн ларца" дузу - Меликовс динарг и дара къепедацарш хиллачул тӀаьхьа. Амма вай къера хила деза гуш долчунна: республикехь гуллуш йу оьгӀазло дӀа ца дерзийна социалан, коммуналан, экономикан проблемаш бахьана долуш. Цундела хир йу дуьхьалонан акцеш кхидӀа а. Оцу хьолехь мехала дара Меликовна а, йерриг а кхерамазаллин блокана а пачхьалкхо луьра таӀзар дийр ду протестийн акцешкахь дакъалаьцначу массо а стагана, къастам боцуш аьлла, дIагайтар", - бохуш, чӀагӀдо политолого.

Цундела ду къепедацаршкахь жигара дакъалоцуш хилларш бехке озийна ца Iаш, гӀишло чохь мел верг а бехкевар. Иза сигнал йу, ур-атталла протестхойн гулбеллачарна юкъахь пассиван болх баро а луьра таӀзар дийр ду бохучун, ницкъ барна зулам дарна таӀзар дарца дуста йиш йолуш, аьлла, дерзийра къамелхочо ша дуьйцург.

"Проект" гIирсо лерина, тIаьххьарчу заманчохь Оьрсийчоьнан кхелашка 2018-чу шарахь 10-нна тIера 51-на тIекхаччалц (2021 шо) къепедацарех гIуллакхаш кхачар. Оцу хеначохь таIзарш кхайкхийна 300 бехкевечунна.

Цу кепара гӀуллакхаш хьалхо а луьстуш дара Къилбан кӀошташкахь а. Масала, 2019-чу шеран гIадужу-баттахь Ростов-кӀоштан кхело бехке вира Сидоров Ян а, Мордасов Владислав а. Цара администрацина хьалха а баьхкина, меттигера Ӏедал хийцар доьхура. Уьш бехкебира къепедацарш дан гӀортарна а, регионан Ӏедалан гӀишло схьайаккха кечам барна а. Мордасовна набахтехь такха 6,5 шо хан туьйхира, Сидоровна кхин а цхьа бутт алсам.

Иштта билггал хан кхайкхийра 2020-чу шеран охан-баттахь Буьри-ГIалара Маршонан майданахь Covid-на дуьхьал дӀайаьхьначу митингехь дакъалаьцначарна а. Пачхьалкхан бехккъасторхоша дехначу 11 шарах 9 шо хан тоьхнера хIирийн операн иллиалархочунна Чельдиев Вадимна. Цуьнца цхьаьна бехке лерира Чиркинов Рамис а, Бесолов Арсен а, Ростовн кӀоштан кхело хӀоранна а 8 шо хан туьйхира уггаре а лакхарчу кхерамазаллин колонехь даккха. Кхечу бехкебечарна йуккъерчу барамехь 5 шо гергга хан тоьхна набахтехь йаккха.

ДӀадаханчу шерашкахь хилла хаамаш кхузаманан таӀзаршца дустар нийса дац, хӀунда аьлча, кхелаша туху хенаш хаалуш алсамъйевлла дела. Нагахь итт шо хьалха къепедацаршна бехкевинчу стагана 3-4 шо хан тоха мегаш хиллехь, тахана хӀинцале а лакхарчу дозанна гергадогӀуш ду таӀзарш, элира Кавказ.Реалиин редакцига ОВД-Инфо олучу бакъонашларъяран проектан адвокато Левенберг Евас.

"Делахь а, кхелаша наггахь бен ца до уггаре а лакхара таӀзар, нагахь санна цигахь къизалла лелийна йацахь. ХӀунда аьлча, иза нийсонца таӀзар даран принципашна дуьхьал ду", - билгалдаьккхира эксперто.

Масална цо далийра "Баймакан гӀуллакхехь" дуьххьара бехке винчу Ульябаев Ильшатан таIзар – Башкортостанехь массо а къепедацарш дарна бехке хилар тӀечӀагӀдира цунна вердикт. Бехк тӀеэцнера цо, амма 5 шо хан тоьхнера цунна.

  • Товбеца-баттахь ХIинжа-ГIаларчу номер 1 йолчу СИЗО-ра араваьккхира меттигерчу аэропортехь Израильна дуьхьал къепедацарш дар бахьана долуш хьалхо бехкзуламан гӀуллакхехь лаьцна виъ стаг. Уьш бу Арбулиев Арсен а, Абдулазизов Сайдапанди а, Абакаров Нажмудин а, Алиев Малик а. СИЗО-ра муьлхачу бахьаница арабаьхна уьш, муьлхачу статусехь уьш хилла а- хууш дац. Амма оццу дийнахь суьйранна Хадулаев Шамила дӀахьедира, дӀахецнарш берриш а йуха а лецна аьлла.
  • Израильна дуьхьал хилла къепедацарш дуьненайукъарчу хаамийн гӀирсийн тидаме девлира, и дерриг а шайн бӀаьргашца гинчара дийцира оьгӀазбаханчу нахана дуьхьало йан ницкъаллин структурийн ницкъ бацара бохуш, ткъа Оьрсийчоьнан оппозиционераша "эхь" ду элира хилларг.
  • Дагестанерчу Акушинскан кӀоштан кхело 2 шо хан туьйхира Мусагаджиев Исламна, "пачхьалкхан кхерамзаллина дуьхьал гӀуллакхаш дан юкъараллехь кхайкхамаш барна" бехктакхаман гӀуллакхца. И зорбане даьккхина кхелан сайта тӀерчу гӀуллакхан картотекехь. Мусагаджиевх оппозицин "Ӏуьйре Дагестан" телеграм-каналан администратор ву бохура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG