ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнгазахь зевне дека нохчийн шира иллеш


Барчашвили Султан.
Барчашвили Султан.

ПIаьнказа-ЧIожера иллиалархочуьнан Борчашвили Султанан дагчохь Даймахке безам даиман а латтабо нохчийн ширчу мукъамаша.

Борчашвили Султанан цIе Гуьржийчохь евзаш ю. -Нохчийн мукъамаш Гуьржийчохь бовзийтинарг вуьйци ахь,- олий дуьхьал хотту цуьнан цIе яьккхича муьлххачу а гуьржийчо. Кавказан мукъамаш, къаьсттина нохчийн а, гуьржийн а мукъамаш цхьаьнабогIуш хиларан терго йо массара а. Дечиг-пондаран аз цхьатерра дацахь а, дагах кхетачу дешнаша а, цаьрца нисбинчу мукъамо а бен ца хеташ цхьа а ца вуьту.

Тахана гуьржийн халкъан иллеш а, мукъамаш а дуьненахь гIарадаьлла. Нохчийн цкъачунна аьтто ца болу. Цу тIехь болх беш кIезиг нах болун дела аьлла хета Борчашвили Султанана. Цо дийцира Маршо Радионе нохчийн а, гуьржийн а мукъамех лаьцна. И къамел хьевззина тIедирзира дахаран философина, вайнехан гIиллакхашна, вайн къоман кханенна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG