ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинан гIо лоцуш доIанаш дойту Нохчийчуьра дешархошка


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра школашкара бераш йукъаозийна Палестинан гIо лоцуш доIанаш дан – республикин мел лахара а кхаа школашкахь бераша доIанаш дина. Оцу акцийн видеош йаржийна меттигерчу пабликашкахь. Доллу кху кIиранчохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхайкхамца махкара маьждигашкахь деш ламазаш ду "Палестинехь а, Украинехь а тIемаш бечарна". Дуьххьара оцу кепара ламазаш дар дIакхайкхийра луларчу пачхьалкхана тIелеттачул тIаьхьа, бюджетан белхахой декхаре бира ламазаш дан.

Соьлжа-ГIалара берийн кхоллараллин цIийнехь "Исламан серло" вовшахтохараллица доIанаш дайтина хьукматан хьехархочо Сулейманов Зеламхас – кхоллараллин цIийнан администрацино дIахьедира, хIора шен болх цо доIанца болабо аьлла. ШаIми-Йуьртара школехь линейке хIиттийнера доллу бераш доIа дайта, ткъа СемаIашкара номер 4 йолчу школехь акцихь берийн карахь Палестинан байракхаш тIехь йолу суьрташ дара, доIа дира хьехархоша а.

"Палестинехь а, Украинехь а тIемаш бечарна" джамаIат ламазаш дайтира Нохчийчохь гIадужу-беттан 17-чу буса. Кадыров Рамзанан а, муфтийн Межиев Салахьан а кхайкхамашца, делах тешачара машар а, токхе а йийхира Палестинан къомана, йаздира шен телеграм-каналехь Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама. Цо билгалбехира, "Донбассехь а, Украинехь а иблисашна а, нацизмана а" дуьхьал лаьттарш. Оцу дийнахь дуьйна Кадыровс денна бохург санна хаамаш бо оцу кепара акциш дIайахьарх.

ТIом болабеллачул тIаьхьа, Нохчийчохь сих-сиха нах вовшахтухий доIанаш деш, ламазаш до Украинана дуьхьал тIемаш бечу Оьрсийчоьнан армина, дийцира Кавказ.Реалиин сайто. Пачхьалкхан белхахой балхара дIабохур бу бохуш, кхерамаш а туьйсуш, декхаребо "Нохчийчоьнан дог" маьждиге эха тIаьххьарчу шерашкахь, дукха адам гулдеш тахIаджуд-ламаз дойту, дукха хьолахь шен чохь ден ламаз ду и. Тоххара маьждиге лелар тIехь дара меттигерчу бюджетан белхахошна, хIинца школашкара а, берийн бошмашкара а бераш цхьаьна йукъаийзош ду.

  • Газа секторна тIехь Iуналла латточу палестинхойн радикалан ХЬАМАС тоба (Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Евробертан мехкашкахь а террорхойн лаьрра и) тIелетира гIадужу-беттан йуьххьехь Израильна. Ракеташца динчу тохарша Израилан дозана тIебовла аьтто хилира тIемалойн, дуккха а маьрша нах байира, закъалте нах а лийцира. Царна дуьхьал жоп луш Израиалан тIеман Армино тохарш дира ГIазза секторан позицешна.
  • ХIинжа-ГIалахь цхьааллин пикет хIоттийнера Палестинан агIо лоцуш – пачхьалкхан тергойар дийхира лоьро Халитов Салима.
  • Дагестанера Хасав-Йуьртахь дIайаьхьира маса гулйина Палестинехьа митинг, полицино дIасайохийра и. Цул совнах, Карабудахкентан кIоштара Доргели, Параул, Гели йарташкахь машенаш а, говраш хаьхкира. Цхьа могIа Дагестанан эвлашкахь Палестинан байракхаш йиттира.
  • ГIалужу-беттан 13-чохь Кавказ.Реалиин сайто хаамбира, Хасав-Йурт йоцчахь а, Магарамкентан кIоштара Капир эвлахь а, иштта ХIинжа-ГIалара Тарки эвлара маьждиган момсар тIехь а байракх тохарх
  • ГIадужу-беттан 10-чохь Дагестанан полицино дуьхьало йира Палестинехьа гIоьнна гIалин коьртачу майданахь митинг хIоттон. Цигахь дакъалаьцна масех стаг дIавигира полисхойн декъе, хеттарш дан,хаамбира чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххоша. ТIаьхьо дIахийцира уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG