ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Палестинехь, Украинехь тIемаш бийраш" Деле боьхуш ламазаш дина Нохчийчуьра маьждигашкахь


Соьлжа-ГIала, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг. Архивера сурт
Соьлжа-ГIала, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг. Архивера сурт

ПIераскан буса Нохчийчуьра маьждигашкахь вовшахкхеттачу наха ламазаш дина, хаамбина пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталло. Коьртачу маьждигехь ламазаш дина "Украинехь, Палестинехь тIемаш бечарна" тIера.

Кадыров Рамзанан а, муфтийн Межиев Салахьан а кхайкхамна тIаьхьахIиттинчу делах тешачу наха декъалдар дийхира Палестинан халкъ, йаздина шен телеграм-каналехь пачхьалкхан думин депутато Делимханов Адама. Цо билгалбехира, "Донбассехь а, Украинехь а иблисашна а, нацизмана а" дуьхьал лаьттарш. Иза йукъахь а волуш, вовшахкхетта ламаз дина цуьнан дай баьхначу йуьртахь.

Хьалхо ХАМАС радикалан тобано Израилан территорешна тIелеттачул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира, "Палестино мел дечунна шаьш реза ду" аьалла. Политологна Преображенский Иванна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун оцу конфликтах йолу позици йогIуш йу Оьрсийчоьнан Iедалхойн официалехь йоцчу курсаца

ТIом болабеллачул тIаьхьа, Нохчийчохь сих-сиха нах вовшахтухий доIанаш деш, ламазаш до Украинанан дуьхьал тIемаш бечу Оьрсийчоьнан армина, дийцира Кавказ.Реалиин сайто. Пачхьалкхан белхахой балхара дIабохур бу бохуш, кхерамаш а туьйсуш декхаребо "Нохчийчоьнан дог" маьждиге эха тIаьххьарчу шерашкахь, дукха адам гулдеш тахIаджуд-ламаз дойту, дукха хьолахь шен чохь ден ламаз ду и.

Тоххара маьждиге лелар тIехь дара меттигерчу бюджетан белхахошна, хIинца школашкара а, берийн бошмашкара бераш а цхьаьна йукъаийзош ду. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа дийцира, стенна оьшуш ду и меттигерчу Iедалхошна.

Газа секторна тIехь Iуналла латточу палестинхойн радикалан ХАМАС тоба (Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Евробертан мехкашкахь а террорхойн лаьрра и) тIелетира гIадужу-беттан йуьххьехь Израильна. Ракеташца динчу тохарша Израилан дозана тIебовла аьтто хилира тIемалойн, дуккха а маьрша нах байира, закъалте нах а лийцира. Царна дуьхьал жоп луш Израиалан тIеман Армино тохарш дира Газа секторан позицешна.

  • Радикалан палестинхойн ХАМАС тобано тохарш дечу хенахь дохийна Кадыров Ахьмадан цIарах хилла маьждиг, чIагIдо Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ТАСС агенталло. Хьалхо хаамбора Иерусалимна гергахь йолчу Абу-Гош эвлара маьждигна ракета кхетта бохуш. 2014-чу шарахь дина ду Абу-Гош эвлара маьждиг, иза схьадоьллуче веара Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан а.
  • Хьалхо нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада "джихIад" ду элира Украинера тIом. Цо дIахьедира, Украинерчу тIамехь дакъалоцу Нохчийчоьнан бахархой "исламан дин Iалашдеш" бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG