ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинера мухIажаршка шайн проблемаш цхьалхайаха "сих ма де" шаьш аьлла Нохчийчоьнан Iедалхоша


Дудаев Ахьмад
Дудаев Ахьмад

Палестинера ца бевллачу денна схьакхелхинчу бахархойн тобанца хиллачу цхьанакхетарехь республикера информацин министро кхайкхамбина гулбеллачаьрга, Iедалхошка"шайн хеттарш листа сихо йайта ма гIерта" аьлла. Палестинера мухIажарш низамехь хила беза, цIано латтон йезаш хилар а диц ца деш, дIахьедина цо.

Дудаевс бахарехь, республико хIинцале а тIелаьцна ГIаззера 170 мухIажар, "кхин а тIе уьш богIур бу" аьлла, тешна бу Iедалхой. ХЬАМАС-ца Израилан конфликт йолайелчхьана Нохчийчоьно тIелаьцна мухIажарийн ши тоба, хьалхара кхечира махка лахьан-беттан 29-чохь, шолгIаниг – гIуран-беттан 1-чохь. Ши а тоба дIатарйина Эвтарахь.

"Шун куьйгалхошка хаьттира аса, маса бер ду шун делегацица – царна хууш дац. Тхо шуна дуьхьал даьхкинчу хенахь, оха элира, шун делегацих лаьцна йуьззина информаци оьшур йу. И боллу нах дIанисбан деза тхан – балха а, деша а. Таханалерачу дийнахь Нохчийчоьно уггар а дукха мухIажарш тIеэцна. Шуна баккъал а гIо дан лууш ду тхо. Амма шуна а хаа деза: тхо сихдан, шайн хетттарш листа тIететта мегар дац – кхузахь лелаш хIума дац и", - дIахьедина информацин министро мухIажарийн тобанца хиллачу цхьанакхетарехь.

Къаьстина тергойина оцу цхьанакхетарехь республикехь кеп-кепара динан гаранаш цахиларан, Дудаевс бахарехь, цара тIом баьккхинера махкахь. "Йолу конфессийн а, къаьмнийн а" векалш, билгалдаьккхина цо, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан куьйгакIел бу. Цо иштта тIетоьхна, Европан а, Малхбузен а пачхьалкхех стенца къаьсташ йу Оьрсийчоь а, Нохчийчоь а аьлча, "кхузахь магош дац КъорIан сийсаздар", оцу тIехула "набахте хьийсабо".

  • ГIадужу-беттан йуьххьехь джихIадхоша Израильна динчу тIелатарехь вийра 1200 стаг, 240 сов йийсаре ийцира. ГIаззера ХЬАМАС-на муьтIахь йолчу могушалла Iалашйаран министралло хаамбира, гIадужу-беттан 7-чохь Израило жоп луш ГIаззехь йолийначу операцихь 14500 палестинхо вийна аьлла.
  • Израилан Iедалхоша а, ХЬАМАС тобано а бартбина Къатар а, Мисара а йукъахь йолуш, деа денна герзаш деттар сацон. Оцу хеначохь тIемалой реза хилла, Израилан къилбехь динчу тIелатарехь йийсаре эцна 50 стаг маьршаваккха. Израило дош делла шайн набахтешкара 150 палестинхойн тутмакх арахеца.
  • ГIуран-беттан 1-чохь Израилан тIеман Эскаро официалехь дIакхайкхийра ГIазза секторехь кхин дIа а тIемаш беш хиларх, цара бехкейира США-хь а, Евробертан пачхьалкхаша а террорхойн лерина палестинхойн ХЬАМАС тобагерз сацош бина барт бохорна а, Израилан дозанашна тохарш дарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG