«Цамгарш, берашна юкъахь а тIехь, тIех дукха хиларо, нах тIех хьалхе а, дукха а баларо гойту вайн къомана а, пачхьалкхана а йисина хан ахбIе шо бен йоцийла», элира тIаьххьарчу шинарий дийнахь Пачхьалкхан думин Федерацин кхеташонехь Оьрсийчоьнан килсан патриархатехь доьзал, наналла, бералла тергонехь латточу комиссин куьйгалхочо Смирнов Дмитрийс.
Шайн зударша бераш дIадахар емалдеш, цо бохура: «Вешан бераш дойу вай. Ца оьшу вайна бераш, ца деза. Оьрсийн матте даьккхича, Оьрсийчоь а ца оьшу, иза ехийла а ца лаьа, цуьнан синбахам хIаллакъхилийта гIерта вай бохург ду иза», аьлла, «вешан килсийн меттана маьждигаш лаьттийла лаьа вайна», аьлла тIе а тухуш.
«Доьзалан институт, доьзалан институт...» Иза коммунистийн Iовдал термин ю, бохура мозгIара. Институт иза елахь, Малхбузено а санна, дIайоккхур ю-кх вай а. ХIан-хIа, оьрсийн маттахь «нетушки», «доьзал – иза Делан болх бу», бохура ша Делан лай лоручу Смирновс.
«Диканиг ца хьоьху телехьожийлаша а– зуламениг хьоьху. Эстрада – маьттаза, эшарехь ах дешнаш – боьха, гIоданюкъан лахе ю даим а юьйцуш. ДIадаха деза и хIуманаш. Цензура стенна яц? Асар деш хила деза. Дахь – цхьаъ хир ду. Пачхьалкх ю и дан дезарг».
Иштта ду оьрсийн килсан лаккхарчу хьаькамо ден къамел.
Маршо Радио гIоьртира пачхьалкхан дай Iамош волчу Смирновца къамеле яла. Ца карийра иза. Халкъаца шен дагавала йиш а йолуш, ша халкъах а лечкъаш, болх бечу хьаькамех ву мозгIар Смирнов.
Оьрсийчоьнан Патриархан пресс-гIоьнчалле кхечира тхан зIе. Жоп доцца а, кхеташ а дара – дац Смирновн телефон лойла, элира пресс-гIоьнчас.
Смирновс а, и санначу кхечу мозгIарша а, мозгIарех боцучара а кест-кеста хьахош болу оьрсийн демографин гIайгIанаш бийцаре бойла хилира ша маьрша адам лоруш волчу кхечу мозгIарца – вевзаш волчу Кротов Яковца.
Кротов: «Делах тешачу адаман уггаре хьалхара декхар ду, оьрсийчун а, масала – ма-хуьллу къинхетаме волчу Далла Iамал яр. Смирновс дуьйцург хьахийча, иза дац хьакхалуш я динах а, я Оьрсийчоьнах а, я демографех а. Иза яксенофоби а яц, ша ма-ярра хьалхалерра пропаганда ю. Цо мел дагардечу хIуманийн бахьана – Оьрсийчохь маршо яцар ду, кхин хIумма а дац. Дмитрийс дуьйцурш тоххара ширделла хIуманаш ду. Ас хIун эр дара? Дера эр дара, тергал а ма де цо дуьйцурш, эр дара-кх».
Ткъа тергал муха ца до, пачхьалкхан архаш карахь йолучара лара а лоруш, царна хетарг чоьте а оьцуш болчу мозгIарех ма ву Смирнов Дмитрий, шеггара а доцуш, Патриархна хетарг ма дуьйцу цо, аьлла хаьттича, дийцийта, ткъа дерриг а Делан карахь ду, бохура Оьрсийчуьрчу мозгIаршлахь уггаре бевзачех волчу Кротов Якова.
Кротов: «Гармони латтор, адамаша вовшийн ларар – иза Дала вайна лардан а, кхочуш дан а тIедожийна декхар ду. Хала хеташ делахь а, Дмитрий саннарш бу динехь а, прокуратурашкахь а, полицехь а – дерриг а Iедалехь. Цара-м оьрсашлахь бусулба дине бевлларш а хьийзабо, адаман шена луъу дин лело йиш йоллушехь. Москох, масала. Иза конституцица догIуш ма дац!
Оьрсийчоь хIаллакъхулуш ю бохург, хIинца Смирнов санна, демагоги яржош ву. Цхьана а демографо ма ца боху иза иштта ду. Оьрсийчоь йовр яц. Деса къамел ду иза, бусулбанаш оццул а ма бац Оьрсийчохь. Ткъа Оьрсийчоь бусулба хилахь – иза а Делера ду. Ца хиин керстанашна нийсса баха, нийсса лела – Дала царна еш кхел ю-кх иза. Вавилон, масала, керста хилла, ткъа нахана нийса лела ца хаарна, Дала иза схьа а эцна, туркойн караелла, бусулба мохк бу-кх иза хIинца. Оьрсашна ца лаьа цIинбала, цундела царех сагатдан а ца оьшу».
Делахь а официалехь пачхьалкхана гIеххьа тIеIаткъам а беш болчу килсан дайх цхьаъ ву бусулбанаша оьрсашкара мохк а, синбахам а, дерриг а дIадаккхарх вогу Смирнов Дмитрий. Цунна хетарг кестта хаза тарло Кремлан дайн маттахь а.