ГIалгIайчохь пенсеш далар сацорна резабоцу иттанаш нах митинге арабевлла Пенсин фондан республикерчу гIишлонна хьалха. Меттигехь хадеш полисхой бу, карарчу хенахь дIалецначех хаамаш дац.
Пенсин фондан гIалгIайн декъехь Кавказ.Реалиин сайте дIахьедира, гIишлонна хьалха гулбелла нах – уьш митинге гулбелла бац, лоьрашна тIекхача луучу нехан рагI йу элира, тIаккха меттигера полисхой "терроран кхерамазалла ларйан Iалашонца" баьхкина бу, бохура. Пенсеш сецор тIелецира хьукматехь, амма "ишттачу барамашкахь дац" аьлла билгалдаьккхира.
"Наханна догIу ахча хIинцле а дIаделла ду. Талламан барамашца доьзна дара и – догIуш доцучарна ца делла. Массарна а ца делла бохург бакъ дац", – чIагIдо Пенсин фондан республикерчу декъехь.
- Хьалхо ГIалгIайчуьрчу Iедало пенсеш сецор кхетийра, "арзхойн электронан гIуллакхаш чу йаздина долу харц хаамашца".
- Дуьххьара ГIалгIайчохь пенсеш сецорах лаьцна 2022-чу шеран гIадужу-баттахь дийца долийра. Республикан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас хIетахь дIахьедира, регионехь рогIерчу талламашкахь гучудевллачу кхачамбацаршца доьзна ду бахьана аьлла.
- Пенсийн йуккъерчу барамехула йолчу рейтингехь тIаьххьарчу меттигашкахь нисйелира Къилбаседа Кавказан йерриг йалх республика а, Адыгея а. И хаамаш баржийна Оьрсийчоьнан Пенсин фондо. Оцу барамехь тIаьххьара меттиг йу Дагестанан (12 761 сом), цул хьалха рейтингехь ГIебарта-Балкхаройчоь йу (13 061 сом), тIаккха Кхарачойн-Чергазийчоь (14 049), Г1алг1айчоь (14 137), ГIалмакхойчоь (14 215), Къилбаседа ХIирийчоь (14 743), Нохчийчоь а (14 813).