ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пентагонан къайлах кехаташ даржийна йолу америкхо Кадыровн суьрташца мерч йухкуш хилла


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, гайтаман сурт
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, гайтаман сурт

Donbass Devushka аккаунт лелош йолу Пентагонан къайлах документаш даржийна йолу Американ ВМС-н хиллачу эскархочо Билс Сара Z-битамашца, ЧВК "Вагнеран", Путин Владимиран, Кадыров Рамзанан суьрташца кечйина хIуманаш йухкуш хилла. Царах даьккхина ахча оьрсийн эскаршна гIоьнна хьежош хилла цо, бохуш дуьйцу "Настоящее время" зорбано The Wall Street Journal-на тIетевжаш.

Билс даре дира, ша Donbass Devushka аккаунтан админ хилар. Цо дийцарехь, и проект лелочу 15-х цхьаъ йу и. Кхинберш тайп-тайпачу пачхьалкхашкахь бехаш бу боху. Цу нехан цIераш цо ца йийцира. Хиллачу эскархочо и Пентагонан кехаташ Iорадаьхнарг ша йац, кхин админ ву элира. "Къайлах кехаташ мел ладаме ду хаьа суна, оха даржийна дац уьш",- тIечIагIдира цо.

Уидби гIайрехь йолчу Американ тIеман авиабазехь 2022-чу шеран чакхенга кхаччалц болх бина йу 37 шо долу Билс. Шен цу балхара дIайалар посттравматикан стрессаца доьзна ду элира цо.

  • Пентагонан документаш нахала довларх хиира охан-беттан 5-хь, Украинерчу тIамах масех оьрсийн телеграм-каналаша хаамаш баржийначул тIаьхьа.
  • Bellingcat талламан тобано йаздарехь, даржийначу кехатийн цхьа дакъа Оьрсийчоь Украине тIамца чуйахарца доьзна дара. Кхиндерш Къилба-Китайн хIордана гондхьа Великобританис лелочу политикех а, Йеменерчу хуситех а анализ йеш кечдина дара. Американ юридикан министралла а, Пентагон а цу хиламан талламаш беш йу.
  • И кехаташ даржорехь бехке хила тарло аьлла ФБР-о дIалаьцна 21 шо долу Массачусетс штатера ВВС Къоман гвардин талларийн декъан эскархо Джека Тейшейру.
  • The Washington Post-ан къамелахошка ладоьгIча, Тейшейра Discord чатерчу дIакъевлинчу чатехь хилла. Стохка дуьйна схьа OG аьллачу цIарах къайлах документаш чудохкуш хаавелла ву. Кху шеран бIаьста кехаташ гучудевлира кхечу чатехь а, тIаккха оьрсийн телеграм-каналашкахь а.
  • Пентагонехь лакхарчу даржехь лаьттинчу Малрой Микас "кхерамзаллехь йоккха кIайдарг" санна йу и кехаташ даржар, элира. "ХIунда аьлча, цу кехатех дукхахдерш суьрташца дара, хетарехь, Америкина, НАТО-на, Украинина зулам дан луучара хьалххе кечдина хилла и гIуллакх", – элира цо.
  • Украинин президентан Офисехь болучара къайлахь документаш нахал довлар "фотошоп", "виртуал-харц хаамаш" бу, элира. "Москвана чIогIа лаьа тхан контртIелатарна новкъарло йан. Амма боккъал а оха царна дан леринарг царна тIамехь бен гур дац. Иза кестта хир ду", – охан-беттан 7-хь йаздира Украинин президентан Офисан куьйгалхочун гIоьнчас Подоляк Михаила.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG