Donbass Devushka аккаунт лелош йолу Пентагонан къайлах документаш даржийна йолу Американ ВМС-н хиллачу эскархочо Билс Сара Z-битамашца, ЧВК "Вагнеран", Путин Владимиран, Кадыров Рамзанан суьрташца кечйина хIуманаш йухкуш хилла. Царах даьккхина ахча оьрсийн эскаршна гIоьнна хьежош хилла цо, бохуш дуьйцу "Настоящее время" зорбано The Wall Street Journal-на тIетевжаш.
Билс даре дира, ша Donbass Devushka аккаунтан админ хилар. Цо дийцарехь, и проект лелочу 15-х цхьаъ йу и. Кхинберш тайп-тайпачу пачхьалкхашкахь бехаш бу боху. Цу нехан цIераш цо ца йийцира. Хиллачу эскархочо и Пентагонан кехаташ Iорадаьхнарг ша йац, кхин админ ву элира. "Къайлах кехаташ мел ладаме ду хаьа суна, оха даржийна дац уьш",- тIечIагIдира цо.
Уидби гIайрехь йолчу Американ тIеман авиабазехь 2022-чу шеран чакхенга кхаччалц болх бина йу 37 шо долу Билс. Шен цу балхара дIайалар посттравматикан стрессаца доьзна ду элира цо.
- Пентагонан документаш нахала довларх хиира охан-беттан 5-хь, Украинерчу тIамах масех оьрсийн телеграм-каналаша хаамаш баржийначул тIаьхьа.
- Bellingcat талламан тобано йаздарехь, даржийначу кехатийн цхьа дакъа Оьрсийчоь Украине тIамца чуйахарца доьзна дара. Кхиндерш Къилба-Китайн хIордана гондхьа Великобританис лелочу политикех а, Йеменерчу хуситех а анализ йеш кечдина дара. Американ юридикан министралла а, Пентагон а цу хиламан талламаш беш йу.
- И кехаташ даржорехь бехке хила тарло аьлла ФБР-о дIалаьцна 21 шо долу Массачусетс штатера ВВС Къоман гвардин талларийн декъан эскархо Джека Тейшейру.
- The Washington Post-ан къамелахошка ладоьгIча, Тейшейра Discord чатерчу дIакъевлинчу чатехь хилла. Стохка дуьйна схьа OG аьллачу цIарах къайлах документаш чудохкуш хаавелла ву. Кху шеран бIаьста кехаташ гучудевлира кхечу чатехь а, тIаккха оьрсийн телеграм-каналашкахь а.
- Пентагонехь лакхарчу даржехь лаьттинчу Малрой Микас "кхерамзаллехь йоккха кIайдарг" санна йу и кехаташ даржар, элира. "ХIунда аьлча, цу кехатех дукхахдерш суьрташца дара, хетарехь, Америкина, НАТО-на, Украинина зулам дан луучара хьалххе кечдина хилла и гIуллакх", – элира цо.
- Украинин президентан Офисехь болучара къайлахь документаш нахал довлар "фотошоп", "виртуал-харц хаамаш" бу, элира. "Москвана чIогIа лаьа тхан контртIелатарна новкъарло йан. Амма боккъал а оха царна дан леринарг царна тIамехь бен гур дац. Иза кестта хир ду", – охан-беттан 7-хь йаздира Украинин президентан Офисан куьйгалхочун гIоьнчас Подоляк Михаила.