ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петербургехь лачкъийна Сулейманова Седа "шен лаамца" Нохчийчу йеанера боху прокуратурехь


Сулейманова Седа
Сулейманова Седа

Нохчийчуьра йахархо Сулейманова Седа лачкъийначул тIаьхьа болийна хилла таллам берзийна Санкт-Петербургера прокуратуро. Урхаллехь дIахьедина, йоI шен лаамехь Соьлжа-ГIала йухайахнера шега хеттарш дайта, цул тIаьхьа шен лаамехь цIахь Iийна иза аьлла. Бакъоларйархойн а, масех тешан а дешнашца, 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь нохчийн ницкъахоша бертаза дIайигира Сулейманова, "сий лардеш" ша йерна кхоьруш, цIера йеддера иза. Иза йийна хила тарло аьла тешна бу бакъоларйархой.

Прокуратурин белхахоша шайн жоьпехь хьахийна бац Нохчийчуьра полисхой, йоI лацар а санна, дийцина "СК SOS" кризисан центрехь, шайга кхаьчначу кехатана тIетовжуш. Прокуратуро тIечIагIдина, Сулеймановас къола дина бохург а бакъ ца карийна, оцу буха тIехь хеттарш дан йигинера иза. Оцу йукъанна талламо гайтина боху, "бертаза дIайигина, лаьцна, тIекхайкхина" цхьана а кепара барамаш цуьнца лелийна цахилар.

Бакъоларйархой лерина бу кхелехь прокуратурин позици къовса. Цул совнах, Талламан комитете а, прокуратуре а ши дIахьедар чуделла цара, лачкъийна йигинарг йийна хила тарло аьлла.

  • 26 шо долу нохчо Сулейманова Седа схьакарийра гергарчарна республикера ницкъахойн гIоьнца. Шен везарца Iаш хилларе иза Питерехь. Даим а шаьш пайдаоьцу кеп йалийра йоьIан доьзало и цIа йуьйгуш: иза бехкейира къола дарна, тIаккха "низамашкахь" Нохчийчу дIайигира хеттарш дан.
  • Седа зIене ца йолу 150 сов де ду. Гезгамашин-баттахь Нохчийчуьра омбудсмено Солтаев Мансура видео йаржийра, ша Сулейманова Седица цхьанакхетарх. Оцу видео тIехь дош ца олу йоIа; хIетахь дуьйна цунах лаьцна информаци йац.
  • "СК SOS" тобанан белхахошка информаци кхаьчнера Нохчийчуьра вовшашца йозуш йоцчу шина хьастера чиллан-беттан йуьххьехь, Сулейманова йийна хила тарло аьлла.
  • Кудрявцев Станислава бусалба дин тIеийцира, ша йоьIан гергарчаьрца цхьанакхета кийча а ву, иза шега маре йаийта аьлла дехар дан, и хаттар машарца дерзон лууш ву ша аьлла, дIахьедира цо. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь цо дийцира, цIера йеддачу йоIаца шен гергарло тасадаларх, дин тIеэца шена лаарх а, ша шена ша бехкехетарх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG