ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Певчих: Ичкерин командир вийначуьнца ца хийцийта вийна Навальный


Коррупцица къийсам латточу Дуьненайукъарчу Фондан куьйгалхочо Певчих Марияс чIагIдо, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахо ву бохучу Красиков Вадимаца дIасахийцар йукъахдоккхуш вийна колонихь Навальный Алексей аьлла. Ичкерин хилла командир Хангошвили Зеламха Берлинехь верна хан токхуш вара Красиков, Маршо Радион оьрсийн сервисо йаздо цунах лаьцна.

Певчих Мариян дешнашца, чиллан-беттан 15-чохь цуьнга хаам кхаьчнера, хийцарх дийцарш доьрзуш ду аьлла. ШолгIачу дийнахь дIакхайкхийра Навальный кхалхарх.

Украинехь тIом болийчхьана Навальныйн агIончаш талламаш бечу Грозев Христон гIоьнца болх беш бара, иза а, кхин болу политикан тутмакхаш а хийцарна тIехь – доккхачу декъанна Оьрсийчоьнан шпионашна аьлла Певчиха.

Навальныйн бIанакъостан дешнашца, и план кхочушйан дуккхаъчу дозанал арахьарчу хьаькамаша дуьхьало йинехь а, цхьаболчу нехан гIоьнца, церан цIераш цо ца йаьхна, кхочушхила герга йара и Iалашо. Певчиха бахарехь, Навальный Красиковх хуьйцуш ву аьлла, президентах Путин Владимирх дIатоьхнарг бизнесхо Абрамович Роман ву.

Дуьненайукъарчу коррупцина дуьхьал къийсам латточу Фондан куьйгалхочо чIагIдарца, Путине аьлла хиллера, Красиков арахеца ша цхьаъ бен йоцу таро йу – Навальныйца иза дIасахийцар, амма Путина цунах кхечу агIор хьесап дира. Нагахь санна, малхбузера пачхьалкхаш "принципиалехь кийча" белахь Красиков хийца, хьеннах а хуьйцур ву цара иза, ткъа Навальный "дIаваккха" веза аьлла. Певчиха бакъдо, логикехь дац и бохуш, амма цунна хетарехь, Путин "галваьлла", цо бина сацам маьIне бац.

Шен дешнаш тIечIагIдеш къаьсташ тоьшаллаш ца далийна Певчих Марияс. Иза тIетовжу хьалхо The Wall Street Journal ресурсо хийцарх лаьцна дуьйцуш Навальный хьахийна хиларна, ткъа Путина вуьйцура Красиков (цуьнан фамили а ца йоккхуш), Оьрсийчохь таIзар динчу америкахошца хийца тарлуш ду аьлла (Навальныйх лаьцна цо ца дийцира).

Навальныйн агIончан чIагIадарх лаьцна Кремло тидам бина бац.

  • Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хийца тарло элира пачхьалкхехь лаьцна The Wall Street Journal-ан корреспондент Гершкович Эван, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахо ву бохучу Красиков Вадимана дуьхьал.
  • The Wall Street Journal-ан корреспондент Гершкович Эван лецира 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Екатеринбургехь. Иза бехкевира шпионаж лелорна, карарчу хенахь СИЗО-хь ву иза. "Беламе" ду аьлла КIайчу цIийно журналистана дохку бехкаш, ткха президенто Джо Байдена элира Гершкович лацар "аьттехьа а низамашца дац" аьлла.
  • Тоххара хаамбира Москва Красиков хийца лууш хиларх – Гершковичца цхьана дийцарш дан тарлучу контекстехь хьехавора Оьрсийчохь шпионажалла лелийна аьлла, таIзар дина америкахо Уилан Пол а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG