ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхеа нохчийн мухIажаршна тховкIело йала дуьхьал хилла Хорватера кхел


Дозанерчу сервисан белхахо. Гайтаман сурт
Дозанерчу сервисан белхахо. Гайтаман сурт

Пхеа нохчочунна политикан тховкIело йала а, дуьненайукъарчу кхерамазаллехь уьш ларбан а дуьхьал хилла Хорватера кхел. ХIинца уьш йуханехьа Оьрсийчу дIахьовсо мега, дийцина Кавказ.Реалиин редакцига "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас.

"Кхелехь дакъа лаьцна болчу гочдархоша дийцира, цхьа тоьшаллаш доцуш, дуьхьало йеш сацам бина кхело, тIаккха шайна кхерамазалла йоьхурш исламан экстремисташ бу бохуш, деккъа шайна хетачунна тIехула бина бу сацам кхело. Вуно озабезаме сацам бу", – дийцина Дадуевс.

Транзитаца Хорватехь болчу нохчаша шаьш эмиграци йаран кхечу бахьанашлахь дийцира, Украинина дуьхьал болчу тIамехь дакъа лаца шаьш дуьхьал хиларх. ХIинца уьш мигрантийн центрехь латтош бу, уьш цигара йа кхечу пачхьалкхе дIабаха арахоьцур бу, йа царна Оьрсийчу депорт йийр йу. Карарчу хенахь хорватхойн Iедало церан хьокъехь бинчу сацамех хууш дац.

  • Лахьан-беттан юьххьехь Хорватихь лецира масех иттаннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш – цара латкъамаш дора тховкIело йоьхуш делла кехат юхаэца бохуш, ницкъбо шайна аьлла. Лаьцнарш Оьрсийчуьра ара а бевлла, Туркойчухула кхаьчнера Хорвате транзитаца, Европан кхечу пачхьалкхашка кхача дагахь. Хорватин омбудсмено Шимонович-Айнвальтер Тенас дIахьедира Оьрсийчу дIабала хьийзош болчу, шайн махка баьхкинчу мухIажарийн хьолан а, уьш махках бахаран бахьанийн а талламбийр бу ша аьлла. Иштта хьал тидаме ийцира Хорватин бакъонашларйархоша а.
  • ГIуран-баттахь "Европера нохчийн Ассамблейно" дIахьедира, цхьахволчу нохчийн мухIажарна Хорватин полисхоша аэропортехь йеттарх. Цул тIаьхьа мигранташ латточу куьпа дIакхачийнера иза, цигахь масийтта дийнахь ша цхьаъ камери чохь латтош. Бакъонашларйархоша зорбане дехира йиттина тIехь лараш йолу цуьнан суьрташ, мухIажаран цIе йоккхуш йац. Хорватин Iедалхоша Нохчийчуьра мигрантана йеттарх лаьцна комментарий ца йира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG