ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхеа шарчохь Нохчийчоьнан Iедалхоша адамийн бакъонех хаарш алсамдохуш 20 миллион сом дайина


Соьлжа-ГIалара полисхой, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIалара полисхой, гайтаман сурт

Пхеа шерчохь, 2018-чу шеран товбеца-баттера схьа таханалерачу дийне кхаччалц, Нохчийчоьнан Iедалхоша адамийн бакъонех хаарш алсамдохуш 20 миллион 116 сом ахча дайина. И зераш дина "Верстка" гIирсо пачхьалкхан цIарах хIума оьцучу порталаш тIера хаамийн буха тIехь.

Йерриг а 19 тендер хилла хIоттийнарг, дукха хьолахь, ахча хьажийна школашкара урокашна а, конкурсашна а (урокашкахь дукха хьолахь дийцаредина "дешархойн бакъонех а, декхарех а), семинарашна, горгачу стоьлашна, талламаш барна.

Къаьсттина, полицин белхахошна лерина семинарашкахь дуьйцура республикера адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчун аппаратаца зIе хиларх, таIзарш кхочушдаран системин урхаллашна тIехь терго латторах лаьцна хIиттайора горга стоьлаш.

Иштта контракташ кхочушдечара "харжамийн кампанешна мониторинг" йора, "харжамаш хилале хьалха долу хьал толлура"

Нохчийчохь дукхазза адамийн бакъонаш шога хьошуш хиларх тергойира оьрсийн, арахьарчу мехкийн, дуьненайукъарчу а, бакъонашларйаран а организацеша, шайлахь "Мемориал", "Iазапашна дуьхьало латтон Команда", Amnesty International, Human Rights Watch, КООН-н адамийн бакъонашкахула йолу Комитет, Европан Кхеташонан Парламентан ассамблей, США-н Пачхьалкхан департамент, иштта кхинйерш а йолуш. Цара билгалдоккху, доккхачу декъанна, адамаш лечкъор, уьш къайлахчу набахташкахь латтор, ницкъбар, кхел йоцуш нах байар, ЛГБТ-нахана, бакъоларйархошна, журналисташна тIаьхьабевлла лелар, "сий лардеш" адамаш дайар, зударий хIаллакбен операцеш йар, доьзалехь мел верг кхеле хIоттор, кхиндерг а. Цхьа могIа пачхьалкхаша Нохчийчоьнан урхалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонерчу нахана а дуьхьал санкцеш йахаран бахьана хилира адамийн бакъонаш хьешар.

  • Товбеца-беттан 4-чохь Iуьйранна бевзаш боцчу наха къиза йиттина адвокатна Немов Александрна а, журналистана Милашина Еленина а. Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн нанна Мусаева Заремина кхело таIзар кхайкхоче догIуш хиллера и шиъ. Соьлжа-ГIалин кхело колонихь даккха пхи шой ахшой тоьхна Мусаевана, курхалла лелорна а, полисхочунна тIелатарна а. И гIуллакхаш шайггара долийна ду Iедалхоша аьлла хета адвокаташна а, бакъоларйархошна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG