ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхьарчхошка йа Ленинаул? Дай баьхначу латтанашна уллора меттигаш йекъар сацаде аьлла Дагестанехь нохчаша


"Баланан тIулгана" хьалха лаьтта нохчий -аьккхой, архивера сурт
"Баланан тIулгана" хьалха лаьтта нохчий -аьккхой, архивера сурт

Дагестанера Новолакан кIоштара Гамиях эвлахь халкъан гулам хиллачул тIаьхьа мехкан Iедалхоша кхерам тесира, Сталинан депортаци хилале хьалха нохчий-Iовхой баьхна латтанаш дIаса ма декъа аьлла, кхайкхамаш бен жигархой бехктакхаман жоьпалле озор бу аьлла. "Iовхойн йукъараллин кхеташонехь" дIахьедира Ленинаул, Калининаул йарташкахь керла дов дала тарло аьлла – цигахь цIенош дан шуьйра латтанаш делла Iедалхоша. Iовхойн кIоштан проблема дуккха а шераш девлча а йист йаккхаза хIунда йиссина, дийцира эксперташа Кавказ.Реалии сайте.

  • Билгалдаккхар: Дагестанера Iовхойн кIошт йиллина 1943-чу шарахь, цигахь дIатарбелла бехара нохчий-Iовхой (аьккхой). 1944-чу шеран чиллан-зазадокху а беттанашкахь Сталин Иосифан омраца нохчий а, гIалгIай а махках бехира – Казахстане а, ГIиргIазойчу а дIахьовсийра уьш йамартлонна бехкебина. 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР йухаметтахIоттийра, делахь а депортацера Iовхой цIа баьхкинчул тIаьхьа царна бакъо ца йелира Новолакан кIоштахь дIатарбала. Карарчу хенахь Iовхойн кIоштана йукъадогIу латтанаш Дагестанан Новолакан кIоштан дозанаш лоруш ду. Хьалха дуьйна дай хиллачу оцу нахана хIусамаш а, дежийлаш а йухадала дагахь бара 90-чу шерашкахь дуьйна, делахь а бюджетан ахча ца тоьара и кхочушдан. Iовхойн кIоштан хилла дозанаш тахана а меттахIиттийна дац.

Iовхойн кIошт йухаметтахIоттош керла программа Дагестнан Iедалхоша тIечIагIйира 2019-чу шарахь – хIинца и кхочушйаран тӀаьхьарчунна хьалхара шо ду. Оцу документаца а догIуш, керла нахана баха кIошташ йоьллур йолуш йу, цу тIехь Iовхойн кIошта дехьабаьхна хиллачу лакцашна цIенош а деш, нохчийн шира хIусамаш маьрша а йохуш.

Гамиях эвлара бахархой зазадокху-баттахь халкъан гуламехь оьгIазбаханера йухаметтахIоттийначу кIоштан дакъош хила деза "латтанаш схьадахарна", цара тIедожийра нах дIасакхалхон программа кхочушйина йаллалц латта дIасадекъар сацаде аьлла. Iедалхой бехкебира цара "тапъаьлла, мукъадийнахь" латтанаш дIасадекъа гIортарна.

Протестхошна а, Новолакан кIоштан Iедалхошна а йукъахь леларг хилира Iовхан Йукъараллин кхеташо. "Хьал нийсонца дерзориг" хиларх гулбелларш тешон боьлхура оцу меттиге цуьнан векалш. Зазадокху-беттахь дуьхь-духьалкхетар ца хилийта ницкъ кхечира – делахь а цул тIаьхьа хьаькамаш гIоьртира кхеташонан куьйгалхой Батырсултанов Iаьрби а, Адилгериев Iелапаша а бехкзуламан жоьпалле озон, дийцира организацин декъашхочо Хасухаджиев Вахмурада. ХIинца, цо бахарехь, цунах тера хьал эккха тарло Iовхойн кIоштан хиллачу вукху декъехь – Ленинаул эвлахь. Цигахь саццаза дIасадоькхуш латтанаш ду гIишлош йайта.

Керла йарташ

Дуьххьара дац Ленинаул эвлара хьал талха гергахь хилар: 2017-чу шарахь кхузахь вовшахкхетта дуккха а нохчий-аьккхой а, суьлий а вовшахкхетта летарш хилира, хIетахь лецира итт стаг. Лазийра 12 стаг, шайлахь кхоъ полисхо волуш - аьккхашна гIоьнна аьлла Нохчийчуьра иттаннашкахь машенашкахь меттигера бахархой новкъабевлира. Церан машенаш совцийра Дагестанан Казбековн кIоштан дозана тIера ДПС-н шина постана йуккъехь. И хаттар луьстуш йукъахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад – делахь а, Ленинаулан администрацин куьйгалхочо Саипов СаьIида ши кIира даьллачу хенахь дIахьедира, конфликт дахаран хьелашца йоьзна йара аьлла.

Оцу дозанаш тIера аьккхишна а, суьлишна а йукъара кIоргенан цхьаьнацадар доьзна ду Iовхойн кIошт йухаметтахIотторан программа тIечIагIйарца – цунна йукъа ца йогIу Казбековн кIоштара нах беха йарташ. И программа кхочушйахь Iовхойн кIоштан хилла кхоалгIа дакъа суьлишкахь дуьсуш ду, кхетийра хьолах, Оьрсийчоьно репрессин низамаш чIагIдарна, шен цIе йаккха ца лиъначу нохчийн историко.

Регионера хьал "эккха" тарло рогIера йуха а Ленинаулана гергара латтанийн дакъош дIасадекъа гIортахь, дIахьедира шен кхайкхамехь Iовхойн Йукъараллин кхеташонан векало Хасухаджиев Iовхас. Цунна хетарехь, йалта ден йиш йолу 200 гектар гергга латта гIишлош йан дIадала кечдина кIоштан администрацино. ХIинца Ленинаулан дозана тIехь хIинцале а керлачу эвлана шунашдина, билгалдаьхна урамаш, дийцира меттигерчу вахархочо Турпал-Iелас.

"Нагахь санна, меттигерчу администрацино дIадала кечдина дакъош дIасадекъахь, тоххара а санна, уьш мел а суьлишна лур долуш ду, кIезиг – Iовхойн нохчашна. Оцу кепара цхьа зама йаьлча кхин а цхьа эвла хир йу цигахь – Керла Данухь, Керла Артлухь хила мегаш хилча - тIаккха цигахь цхьа керла эвла йилла а мега", - кхетийра цо.

Росреестран картанаш тIехь хинйолчу йуьртан го бу хинцале а гуш Ленинаулана гена доццучохь. Бурсум эвлана гонах йолчу меттига тIехь гIишлош йан лерина бу – 1944-чу шарахь цига дехьабаьхнера суьлийн доьзалаш. И цIенош дина девллачул тIаьхьа эвла шен барамашкахь Ленинаулан йоллу территорига кхочуш хир йу.

ГIишлош йан лерина шолгIа меттиг бу Калининаулана а, Дылым эвлана а йукъахь. Дукхахдолу и латтанаш дылымцашна доьхкина – суьлийн тIаьхьенаш болчу кхалхийначу нахана, ца доьхкина халкъ махках даккхале оцу латтанаш тIехь баьхначу, репрессиш лайначу халкъан векалшна, билгалдаьккхира луларчу Калинаул эвлан вахархочо.

Пачхьалкхан латта

Дагестанера федералан антимонополин сервисан урхалло 2019-чу шарахь шозза дIахьедар дира Ленинаул эвлан администрацигара бехк боккхуш - талламо гучудаьккхинера Iедалхоша бух боцуш аукционехь дакъалоцучу шиннан дехар дIатеттина хилар.

Охан-бутт бовш Казбековн кIоштахь араваьлла таллам бира къоман политикехула министр волчу Муслимов Энрика – цигахь дийцаредира Лениаулехь, Калининаулехь, Дылымехь латтанаш декъар "къаьмнашна йукъара хетарг лоруш".

Цига кхайкхиначу Дагестанан куьйгалхочо векал винчу къанойн кхеташонан куьйгалхочо Ибрагимов ИбрахIима гулбеллачаьрга дIакхайхийра, Казбековн кIоштан бахархойн латтанан хаттар дуьйцучу заманчохь "цхьана а къомах ша хилар хаийта ца деза" аьлла: "Суьлий, нохчий – тхо дуьненахь дехаш ду, цу тIехь Казбековн кIошт аьлла дакъа а ду".

Суьлий, нохчий – тхо дуьненахь дехаш ду, цу тIехь Казбековн кIошт аьлла дакъа а ду

Казбековн кIоштахь латтанан дакъош дала рогIехь ву 8650 сов стаг, хаамбира хIусамийн-коммуналан а бахаман комитетан декъашхочо Умаханов Мухтарпашас. Мехкан министрийн кабинетан куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь Абдулмуслимов Iабдулмуслима кхайкхамбира Казбековн кIоштахь дакъош даларца баккхий доьзалашна хIусамаш йоькъуш пачхьалкхан программин Iалашонаш кхочушйан йеза аьлла, иштта церан могIарехь Дылым эвлара латтанаш а ду.

Латтанаш доькъучу хенахь белхан коьрта агIо йара элира къоман политикан министралло "кхерамзалла латтор, ишта информационан а". Гамиях эвлахь халкъан гулам хиллачул тIаьхьа Казбековн кIоштан Iедалхоша цигахь къамел дина Батырсултанов Iаьрби а, Адилгериев Алимпаша а "бехвен компани" йолийра, "уьш жоьпалле озон гIерташ", дIахьедира Iовхан Йукъараллин кхеташонан съездехь Хасухаджиев Iовхас. Редакцица къамелдинчу меттигерчу бахархойн хаамашца, официалехь бехкаш дахкарна тIе ца делира гIуллакх.

Къаьмнашна йукъара барт эгIийта мегар дац аьлла дIахьедарца дирзира меттигерчу вахархочун Турпан Iелин гIуллакх а - цо дийцира, стохка чиллан-баттахь Iовхойн кIоштан кхолламах лаьцна видео зорбане йаьккхинчул тIаьхьа ша полици кхайкхина, динчух кхетош кехата тIехь охьайаздайтира аьлла.

ХIусам хила бакъо

Казбековн кIоштан йарташ йухаметтахIитточу керлачу программи йукъа ца йахийтарх кхетийла ду Дагестанан Iедалхоша ницкъаца Iаткъам бина хиларца, кхетийра нохчийн историко: "Йоккха ши эвла Ленинаул а, Калининаул а – шина нохчийн тайпан даймохк бу. 1946-чу шарахь дуьххьара цигахь баха хевшина суьлий нохчашна депортаци йинчул тIаьхьа. 1944-чу шарал а хьалха цхьа а суьлийн каш дац цигахь – амма ду нохчийн кешнаш, дахначу бIешерашкара терахьаш тIейаздина".

Меттигерчу суьлишна цигара дIадовла цалаарна ХIинжа-ГIала дагахь йу и йарташ Казбековн кIоштан дакъа долуш санна дIайита. И хьал цхьалхадаккха новкъарло йо политикаца доьзначу хIуманаша: Iедалхой дуьхьал хиларо хабарш даржадо йухаметтахIоттон кIошт цхьана халкъах лаьтташ хир йу бохуш, ишта кхерамаш лаьтта, Iовхойн кIошт тIаьхьа политикехь а, идеологихь а Нохчийчоьнан куьйгакIел гIур йолуш йу бохуш.

"Iовхойн коьрта кхерамаш бу, керла меттигаш йина йевллачул тIаьхьа ширанаш цхьаммо а шайна йуха ца йаларна, лаьмнашкара бахархой цигахь дIатарбарна – НогIийн аренца санна, оцу тIехула цу дозанехь девнаш лилхира и йарташ йехкинчу ногIийн, суьлийн, даргинцийн", - билгалдоккху къамелдинчо.

ХIара кечамбар пайден хила тарло, Кавказехь къаьмнашна йукъахь барт эгIош

Коьрта Iедал цхьана хIуманна йукъа ца гIерта дозанан хаттарна, хIунда аьлча, цунна пайден ду къаьмнашна йукъара хьал дуладелла хилча, билгалдоккху Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата: "ХIара кечамбар пайден хила тарло, Кавказехь къаьмнашна йукъахь барт эгIош, нагахь санна хьал цхьана эшарехь доцуш мур федералан центрана тIехIоттахь. Халкъашна йукъара тIемаш гуттар а луьра а, барт хир боцуш а хилла, Iедал кхечунга далар дерзон проблемел а".

Ишта нислахь, агIонийн историн дозанашкахьа йолчу апелляцно болх бийр бац, кхин дIа дийцира Сулеймановс. Кавказан тIеман хенахь Нохчийчу гIирмахойн гIезалойн, йа оьрсийн эскарш дохуьйтуш, гIо дан арайуьйлура дагестанхойн тобанаш. Иштта, къилбера Дагестанна цхьа кхерам белахь – доккхачу декъана Надир-шахан агIор, - тIаккха нохчий тIегIуртура. Кавказан тIеман заманахь нохчийн тобанаш Дагестанехь нислора, дагестанхойн – Нохчийчохь. Политикан дозанаш хIетахь дацара, йарташна йукъахь бен дацара, дагадаийтира цо.

  • 2019-чу шарера схьа дуьйна ийдеш ду Дагестанан Нохчийчоьнца доза къасторах хаттар – хIетахь Москвано тIедожийнера, Оьрсийчоьнан кадастрин карти йукъа йахийта федерацин субъектийн тIаьххьара йист йоккхуш хадам боллуш хIума де аьлла. Цул а хьалха 2018-чу шарахь Кадыров Рамзана а, хIетахь ГIалгIайчоьнан хиллачу куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а бертан куьйгаш йаздира мехкашна йукъара дозанаш хуьйцуш. ГIалгIайчохь лаьттан бина барт нийсонца бина аьлла ца хийтира, резадацар протестан акцешка дирзира. И митинг вовшахтоьхнарш набахте хьажийра.
  • 2019-чу шеран мангалан-беттахь Нохчийчоьнан а, Дагестанан а доза къастош цигахь лаьтташ хилла некъан билагало муьлш бу ца хуучу наха дIаяьккхича хьал маса телхира. Кегийчу нехан тобано йуха дIанисйира дагестанхойн Кизлярана а, Нохчийчоьнан Шелковскан кIоштана а йукъара доза гойтург. Лулахо шен дозанаш шордеш ву аьлла хеттера царна.
  • 2021-чу шеран оханан-баттахь Нохчийчуьра а, Дагестанера а говрийн ковра хаайелира. 29 дошло хиллера Нажин-Йуьртара цуьнца дозанехь йолчу Новолакскан кIошта боьлхуш. Меттигерчу полисхойн ницкъ ца кхечира царна новкъарло йан, церан Iалашо хиллера Кавказан тIеман гоьваьллачу лидеран Бенойн БойсгIаран коша тIе хIиттар. И скандал хиллачу хенахь Нохчийчуьра Iедалхоша бакъ ца дира Дагестанца цхьана а кепара лаьттаца доьзна конфликт хилар. Царна жоп луш Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс кхайкхамбира шен куьтйгакIел болучаьрга "Къилбаседа Кавказан регионашца йукъаметтигаш чIагIйе" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG