Дукха хан йоццуш Гуьржийчуьра ПIаьнгазан чIожера маьждиган имам хIоттийна Дуишвили ТIахIир бехкевина Нохчийчоьнан куьйгалхочун дуьхьалончаша Кадыров Рамзанан рожаца а, цунна муьтIахь йолчу муфтиятца а уьйрашкахь хиларна. ПIаьнгазахь бехаш нохчий бу- кистой.
Оппозицин телеграм-каналашкахь йаржийна аудиош йу, дийцарехь Дуишвилис дIайазйина, хаамбина "Эхо Кавказа" сайто. Билггал уьш цуьнан йу аьлла, тIечIагIдина дац, амма ша Дуишвилис дIахьедина, аудиош бутт хьалхалера йу, цхьаммо лелочу тобана йукъара кхаьчна а йу аьлла.
Хаамашкахь Дуишвилис баркалла боху Нохчийчуьра муфтиятна гIо латторна, чIагIо йо ПIаьнгазара салафизман агIончаш "нийсачу исламах кхето".
Аудиош тIехь бахарехь, Дуишвили ПIаьнгазахь имам хIотта а реза хила баьхнарш а Нохчийчуьра муфтиятера хилар, ша Нохчийчохь вехаш хиларна дуьхьал вала иза гIоьртинехь а, Iеламчан хаарш а дайна ша воллушехь. Оцу йукъанна муфтиятехь гIо латтор ду аьлла хилла цуьнга, кистойн бераш Нохчийчохь Iамош ахчанца а цхьаьна. Билгалдоккху, Нохчийчуьра муфтийс Межиев Салахьа "йукъ-кара гIо деш хилар ПIаьнгазара динан векалшна, ахча дехьадаьккхина а хилла, маьждиг деш гIо дина".
Маршо Радион гуьржийн сервисана йеллачу комментарешкахь меттигерчу бахархоша тIечIагIдина, шайн терго хиларх нохчийн Iедалхой ПIаьнгазан чIожехь шайн дош толийта хьийзаш хиларх. "Дикка хан а йу хIара доладелла таханалерачу дийне схьадогIу", оцу тIехула керла хIоттийна имам "башха тIеоьцуш хир вац" аьлла цара.
"Эхо Кавказа" сайто билгалдоккху, карарчу хенахь дукхахболу кистой, уггар а хьалха кегийрхой, салафизмехь бу – исламан консервативан а, радикалан а агIо. Оцу йукъанна лараме дуккхаъчу наха, шайлахь къанойн Кхеташонан декъашхо а волуш, лелош ду суфийн ламастин ислам. Оцу тIехула ПIаьнгазахь кеп-кепара динца доьзна къийсамаш нисло. Ткъа Нохчийчохь оцу йукъанна жигара даржош ду суфийн дин, ткъа салафиташ лоьцуш бу.
- Нуьржийчуьра ПIаьнгазан чIожехь бехаш бу нохчий XIX-чу бIешерашкара схьа дуьйна. Уьш берриш а аьлча санна дика дIаийна метигерчу бахархойх, хецна буьйцу цара гуьржийн мотт, шайн шолгIа мотт хиларе терра. Масех йарташкахь вехаш ву ворхI эзар гергга стаг. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь Оьрсийчоьнан эскарех бевдда цига баха дIабахара махкара бахархой.
- Гуьржийчоьнан Халкъан лардархочун аппаратерчу кхеташонехь кегийчу къаьмнийн гIуллакхаш луьстуш ю Хангошвили Нона (Туми) – Германехь вийначу политикан эмигрантан Хангошвили Зеламхин шича йу иза. 2008-чу шарера схьа дуьйна цо куьйгалла до ша кхоьллинчу "Паьнказана пайденна" цIе йолчу юкъараллин боламан. Хангошвили – историк а, этнограф а ю, Паьнказан чIожан а, нохчийн къоман а историх лаьцна цхьа могIа книгаш язйина цо. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Хангошвили Нонас дийцира, Гуьржийчуьра нохчийн дахарх а, вийначу шен шичех а, Ичкерин маршонехь бинчу къийсамах а.
- Шен хьехамашкахь Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа масийттаза элира Украинера тIом джихIад бу, цу тIамехь кхелхинарш "шеко йоцуш шахIидаш хир бу" аьлла, дIакхайкхийра цо тIом болийначу йуьххьехь. Нохчийн ницкъахоша лачкъийна, тIаьхьа вийначу нохчийн 1АДАТ телеграм-каналан администратор хиллачу Тепсуркаев Салманна тIехь динарг нийса дина лерира цо.
- "Дезачу КъорIанна гIуллакх дийриг" ву, "исламан турпалхо" ву "Мухьаммад пайхамаран суннаташ Iалашдийриг" ву бохуш, Кадыровн имиджана пропаганда йина Нохчийчохь. Оцу йукъанна тергамза дуьту Кадыровс Оьрсийчоьнан набахтешкахь бусалба тутмакхийн бакъонаш эшор, Подмосковьера маьждигашкахь рейдаш йар, динан духар бахьана долуш лелха девнаш а.