Санкт-Петербургера прокуратурин гIишлона хьалха лаьцна Патяева Лена – цхьааллин пикете йаьллера иза кадыровхоша лачкъийначу нохчийн йоIах Сулейманова Седех лаьцна хаам бар тIедожош. Доьзалера гIелонах йедда хилла Сулейманова бертаза йухайигира даймахка марсхьокху-бутт бовш стохка, хIетахь дуьйна цунах лаьцна хууш хIуммаъ дац. Бакъоларйархойн хаамашца, йоI йийна хила а тарло.
Лачкъийначу Сулейманован сурт тIехь, "Стенгахь йу Седа?" хаттар йаздина пальто тIехь йолуш пикете йаьллера Патяева, хаамбина SOTA телеграм-канало. ДоттагIчух лаьцна йозанаш тIехь кехаташ дара цуьнан карахь, хьалхо уьш а дIасадекънера цо. Стенна лаьцна жигархо, цкъачунна хууш дац.
Чиллан-беттан йуьххьехь оцу тайпа пикет хIотторна ковидна дуьхьал баьхна барамаш бохорна протокол хIоттийра цунна. ХIетахь йоIа тIедожийра прокуратурина, Сулейманова къайлайаккхар талла аьлла. Чиллан-беттан 12-чохь урхалло дIахьедира, шен лаамехь Нохчийчу йахана иза, шена лууш доьзалехь саца а сецна аьлла.
Карладаккхар: Патяева Лена бехкейина нахана йукъахь барам хIоттийна администартиван артикл йохорна, йаздо "Гооврит НеМосква" телеграм-канало. ЙоI цхьааллин пикете йаьллехь а, ницкъахошна хетарехь, Iедалхошца дийцарш дан дезаш хиллера цо – Оьрсийчоьнан низамашца и дан ца дезара цо.
Патяева кхело сацам баллац лаьцна йита дагахь бу, 48 сахьтана, йаздо SOTA гIирсо.
- Бакъоларйархойн хаамашца, Сулейманова Седа йеддера цIера шегахь гIело латторна. Марсхьокху-бутт бовш шен везарца цхьаьна Петербургера петарера дIайигира иза веа стага. Царех шиммо полицин белхахой ду шаьш элира, ваша шиъ могIарерчу нехан духарца вара, элира цуьнан тIехьийзачу кIанта Кудрявцев Станислава. Жимстаг дIахийцира, ткъа Сулейманова 150 эзар соьмана къола дина аьллачу шеконашца лаьцна йитира. Лачкъийна боху йеза хIуманаш йоIехь ца карийра, уьш хьена хиллера а, хууш дац. Бакъоларйархошна хетарехь, къола дина аьлла гIуллакх шайггара долийначух тера ду, Нохчийчуьра бахархой оцу схемица лечкъош, йухабуьгу дела.
- Соьлжа-ГIалахь Сулейманова Седига хеттарш дира теше санна, адвокат оьшуш вац аьлла, куьг йаздайтира цуьнга. Цул тIаьхьа йоI гергарчьарга дIайелира.
- Нохчийн омбудсменан Солтаев Мансуран аккаунтехь шозза гайтира Сулейманова. Цо чIагIдора, Сулейманована "кхерам бац цхьана а хIуманна", делахь а, бакъоларйархоша сагатдо цуьнан кхолламна.