ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"План": хьаькамна - «кIомал», пекъарна - «гIайгIа»


Кху деношкахь нохчаша интернетерчу YouTube-хь карийна, дIасахьежош ю цхьа видеон кийсиг. Цу тIехь, гарехь, хьаькам ву дехаре баьхкинчу нахе вистхуьлуш.

ХIара луьш верг, "анашах" лаьцна хаарш долуш велахь а, кIомалхо а вац я стагах кхаьардаш, куьйгаэшарца цуьнан хатI дуьйцуш велахь а, забаре калацIола а вац. ХIара Iедалан белхахо ву.

Гарехь, цхьа шайн дахаран бала балхо баьхкинчу нахаца къамел деш ву хIара.

Зуда: - Шуьйтан планаца... йоькъучу хенахь...

Хьаькам: -План ахьа юьйцу "участок" ю я анаша ю..?

Стеган аз: "Участок" ю!

Хьаькам: "Участок"! "План" анашах олу!..

Кху видео тIехь долу сурт гича, чогIа халахетта вара ша бохуш дуьйцу Австрерчу нохчийн юкъараллан жигархочо, политико Исханов Хьусайна.

Исханов Хьусайн: -- Австрера хьаьжча жимма кхечу агIор го и сурт. Оцу видеога а хьажна, селхана во хилла суна. И нах хIун дагахь бу техьа... Оцу стага зударшна хьалха дIахIоьттина, оьзда доцу къамел деш вуно ца тайнера суна. Вайн махкахь даржехь верг велахь а, кхин верг велахь а, царна хаьа деза бахархоша лучу "налогех" ша вехаш вуй.

Царна болх бан вахана ву иза. И нах бац цунна болх беш. Иза "чиновник" ву, царна балха вахана, цу наха алапа а луш. Церан хьашташ кхочушдан дезаш ву иза.

Оцу нахана проблема а кхуллий, кехат ца луш, цхьацца хIуманаш леладо. ТIаккха цара ахча ца делча гIуллакх хир дац олий, тIе а воьдий, цхьаммо ахча ло, вукхо а ахча ло, тIаккха, ахча а луш, шайн гIуллакх чекхдаккха дезаш нислуш ду цигахь.

Адамашца болх бан атта дац. Вуно доккха собар хила деза стагехь. Амма хIоразза, а кху тайпа сурт гича, я хьалха гинарг дагадеача, ойла кхоллало, оццул адам шена ца дезаш хилча, хIунда воьду те стаг адамашца болх бан, олий.

"Мемориалехь» болх бина Гисаев Ахьмад вевзаш волу бакъонашларъярхо ву. Цу гIуллакхах ша а цецволу даима бохуш дуьйцу цо.

Гисаев Ахьмад: -- Шена балха воьдучу стаганна хаьа деза ша адамашна ваца воьдуш хилар, адамийн хьашташ кхочушдан воьдуш ша хилар, адамашца гIиллакх лелон воьдуш ша вуйла. Ткъа адамийн хьашташ кхочушдалур дац, багахь дуьйцуш хаза доцу, оьзда доцу, гIиллакхашца догIуш доцу хIуманаш а долуш.

Нохчийн оьзндангаллица догIуш дац шен хьаькамна хьеставала гIерташ, гIиллакхах вохар, маьттаза къамелаш дар, адамех цавашар, кхаьънаш эцар, хIаъ я хIа-хIа ца олуш, гIуллакх эцна тIевена стаг хьийзор. Иза хIора нохчочунна дика хууш ду.

Амма дахаро гойту масалш кхин ду, боху Гисаев Ахьмада.

Гисаев Ахьмад: "Оьздангаллица хадош бу вай, коьртачу декъана, мах. Оьзда стаг ву иза аьлча, и стаг тIеоьцу, цо дуьйцучуьнга ладугIу. Вайн Iедал иштта ду, амма гушдерг, Iедало лелошдерг, Iедало буьйцуш болу мотт вайн гIиллакхашца богIуш бу аьлла ца хета суна. Путин Iедале веачхьана цо буьйцург дастаме, боьха мотт бу. Соьга хаьттича, цуьнгара схьаэцна масал ду аьлла хета суна нохчийн махка кхаьчнарг а".

ДIадаханарг гIоле дара хIинца долучул а олуш хеза вайна, къаьсттина баккхийчара. Иза-м алархьамма олура аьлла дита мегар дара вай, нагахь цу хийцамаша дахарехь адам холчу хIиттош дацахьара.

Нохчашкара дайна гIиллакхаш юха а метта ца хIиттадахь ледара гIуллакх ду вайн къомехь, аьлла хета нохчийн яздархочунна, ойланчанна Хасаров ШаIранина.

Хасаров ШаIрани: "Даржехьверг тахана цхьанне хIуманах вешаш вац. Къанвелла стаг чувеача а хьала ца айъало. ЧIогIа кIоршаме хуьлу. ТIаккха царах тера хила беза моьттуш, церан "заместителш" а, кхиберш а чIогIа кIоршаме хуьлу адамца.

Пачхьалкхана чохь шайн, даржхойн, кхин пачхьалкх йолуш санна. Мичча меттиге а вахана, хьо дIахьаьжча -- изза ду. ЙогIуш йолу хIума а шайн кисанара луш санна, баганаш етташ хир бу хьуна. Ткъа Iедална дIайоьгIучу хIуманна чогIа арабовлий хуьлу, газ дIахадош, ток дIахадош, чIогIа халачу хьоле хIоттаво стаг, схьа а эцна, дIадала ахча доццушехь.

Иштта и масалш дукха хуьлуш ду. Цкъа а хьалха къиза хIуманаш лелийна дацара. Вовшех къинхетам болуш дара адам. ХIинца и гIиллакхаш юхаметта ца хIиттадахь ,чIогIа хала ду хIинца".

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG