ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Подмосковьехь шен хIусамнанна Нохчийчуьра вахархо тIелатар хулиганалла ду аьлла тидина полисхоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москвана чуйогIу Путилково эвлахь Нохчийчуьра вахархо массарна а гуш тIелеттера шен зудчунна, урамехула текхош йуьгура цо иза, жимчу беран бIаьргашна хьалхха хIусамненан садукъош хьийзинера. Полицино протокол хIоттийна цуьнан хьокъехь харцахьа лелла иза аьлла - цуьнан цIийнана духьал хилла цунна чу кехат дала.

Кху беттан хьалхарчу дийнахь хилла хIума ду и, тIелеттачу хенахь дIайазйина видеош йаржийна "Осторожно, Москва" , Mash, ишта пропагандистийн "НТВ" телеканало, "Газета.ru" хьасто а. ТIелеттачо текхош йуьгу мохь хьоькху зуда некъатIехула, бераш ловзучу майданехула, цхьадолчу суьрташ тIехь гуш ду, цо цуьнан садукъош. Иза лаьтта охьайоьжча а текхайо цо иза, месаш тIера лаьцна.

Оцу хьолан тешаш хиллачу, меттигерчу наха полици кхайкхийнера, стаг дIалецира. Лоьраша хье-туьта лазийна аьлла кехаташ хIиттийнера зудчун хьокъехь, амма иза дуьхьалйаьлла шен хIусамдена латкъам бан полисхошка. Кега-мерса йухахьалелла аьлла, протокол хIоттийна оцу стагана.

Мангал-беттан 3-чохь йиттинчу зудчо дIайазйина видео йаржийра "ЧП Чечня №1" телеграм-канало. Зудчо чIагIдо, "жинаш чудевллера шена", вон хилла йара ша, ткъа хIусамда, гIо дан дагахь цIа йига текхош йара ша. Иштта цо доьху тIелатарх видеош ма йаржайахьара аьлла.

"НТВ" телеканалан хаамашца, тIелеттарг ву – 30 шо долу Чири-Йуьртара Абдулаев Изнаур, тоххара дзюдон Оьрсийчоьнан чемпион хилла а ву иза, кхо бер ду церан. Цуьнан хIусамненера комментарий йаккха гIоьртира хьостан корреспондент – цо дуьхьало йира, цуьнан йуьхьа тIехь таммагIаш ду цIий сецна. Лулахоша хаамаш бира, Абдулаев кест-кеста лета зудчух, луларчу бахархошца а чIогIа кIоршаме ву - зударша далхадора, шайх куьйгаш детта гIерта иза бохуш, иштта чIагIдо, 78 шо долчу лулахочунна а йиттинера цо, гIовгIа ма хилийта аьлла, шега вистхилча.

  • Оханан-бутт бовш бакъоларйархошка гIо дехнера Краснодарера йахархочо Смелая Марияс. Доьзалехь гIело латторна а, хIусамдас, Нохчийчуьра вахархочо Шабазов Чингисхана, шена кхерамаш тийсарх а дарединера цо. Доьзалехь бала хьоьгучу зударшна леринчу шелтерера лачкъийра 33 шо долу Краснодарера Смелая Мария стигалкъекъа-беттан йуьххьехь. Полицига дIахьедан ца лиира цунна, Шабазовс чIагIонаш йо, ша зуда балехь йаллош йац бохуш. Стигалкъекъа-беттан 30-чохь Смелая Марияс видеокхайкхам дIайазбира, цу тIехь цо чIагIдора хIусамдас шегара бер а, документаш а, телефон а схьайаьхнера аьлла.
  • Нохчийчохь хIусамехь шайна тIехь гIело хьегийтарх дIахьедийраш бертаза махка йухабуьгу, цул тIаьхьа камерана хьалха хIиттабой, шаьш хьалхо дийцинарг харцдойту. Бакъоларйархоша билгалдоккху оцу кепара сюжеташ цара шаьш хIиттош хилар: йийсарехь волчу стеган аьтто бац ша баланехь валлочунна дуьхьал вала.
  • Стигалкъекъа-баттахь Казахстанехь экономикан хиллачу министрна Бишимбаев Куандыкана набахтехь даккха 24 шо тоьхна– 31 шо долу шен хIусамнана Нукенова Салтанат йерна. Ресторанехь цуьнца дов даьлла, хьаькамо чIогIа йиттинера зудчунна лечу хьоле йаллалц. И гIулакх чIогIа даьржина дуьйцура, оцу пачхьалкхехь хIусамехь ницкъбина, йа могушаллина зен дина меттиг нислахь бехкзуламан гIуллакх айдан бакъо луш низам йукъа а доккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG