ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Подмосковьехь йоьалгIачу классера берашна "Ахмат" спецназан цIарах совгIаташ декъна – тIамна гIо дарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москван кIоштара Коломны гIалара номер 14 йолчу школера йоьалгIачу классан бершана Керлачу шарна лерина кружканаш йекъна "Ахмат-Сила" тIейаздина, иштта Кадыровн йишин кIанте урхалла дан йеллачу Danone компанин продукци а. "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис дIахьедина, нохчийн дакъошна лерина "йеххачу заманчохь" дешархоша кечдеш хиллера окопехь дагон чIурамаш а, маскировкина бойнаш а.

ЙоьалгIачу классан дешархой Керлачу шарца декъалбан баьхкинера Украинехь тIемаш бен эскархой, дийцира доьшийлехь. Оцу барамехь даьхначу суьрташ тIехь нохчийн эскархой бац – церан метта "Ахмат" тIейаздинчу Оьрсийчоьнан байракхна хьалха "хьомсара Iалашдархой" декъалбеш видео йу дIайазйеш. Берашна совгIатна йеллачу кружканаш тIехь йаздина ду: "Ахмат-Сила! ТIамтIехь гIо дарна а, дакъалацарна а" аьлла дешнаш

Шаьш кегий белахь а, дешархоша дукха хан йу "Ахмат" спецназан эскархошна лерина окопехь дагон чIурамаш а, маскировка йеш лелон бойнаш а йен, иштта "кехаташ а йаздо" цара салташка, "кIеда ловзоргаш" кхоьхьуьйту совгIатна, йаздина спецназан командиро Алаудинов Аптис. Цо бахарехь, иштачийн "терго йан йеза".

Z-билгалонца кружкаш а, Нохчийчоьнан куьйгалхо хиллачу Кадыров Ахьамадан портрет доцург а, берашна Milky Way шоколадаш а йийкъира. Danone компанин йу и бренд, 2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан активаш "ханна лело" дIайелира Россимуществе. Национализаци йинчу компанин куьйгалле хIоттийра Закриев Якъуб - Нохчийчуьра йуьртбахаман министр, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан йишин кIант.

  • 2022-гIа шо карадеачхьана шога дешаран системехь йаьржина милитаризаци; Z элпан кепехь дIахIиттабора дешархой, посZылкаш а, ахчанаш а гулдора цара эскархошна аьлла, студенташа чухула йуху бедар тоьгура, балаклаваш а, пешаш а йора, кехаташ кхоьхьуьйтура тIамтIе, шаьш дехкина суьрташ а.
  • Пачхьалкхан "Юнармия" боламан гурашкахь Кавказан школашкахь берашна довзуьйту герз, кечбо уьш кхин дIа армихь гIуллакх дан, хьонка лахьо а хьийсабора – Украинерчу тIамехь дакъалоцучарна бахьийта Iалашонца.
  • Краснодар-махкара Лабинскан кIоштан администрацино патриотикан "Зарничка -2023" ловзар дIадаьхьира "Ромашка" берийн бешахь. Камуфляжан барзакъ доьхна, йуьхьа тIехь тIемалойн басарш а хьекхна дахначу шоьтан дийнахь автоматаш вовшахйаха а, вовшахтаса а Iамийра бераш импровизаци йинчу окоп чохь.
  • Дешаран шеран йуьххьехь ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Ставрополь-махкара а колледжашкахь ийцира дронийн операторш Iамон дагахь масех комплекс. Дронаш лелон дешархошна Iамор тIедожийнера Оьрсийчоьнан президенто. Кавказ.Реалии сайто дийцира, Къилбаседа Кавказехь керла курсаш йоло муха кечлуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG