ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхочунна гIаж тохарна чувоьллина ростовхо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростов-мехкан вахархо (цуьнан цIе йоккхуш йац - билг.ред.) диъ шо хан тоьхна, чувоьллина, полисхочун могушаллина кIеззиг зен дарна. Талламхоша бахарехь, ницкъахочунна шозза коьртах гIаж тоьхна цо.

Аксайскан кIоштан кхелан сацамехь билгалдаьккхина ма-хиллара, ростовхочо полисхочунна тоьхна, Грушевская станицехь, Тузлов эркан берда йистехь Iачу шена иза тIевеъча. Ницкъахо цигахь браконьераш буй хьожуш, зераш дан араваьлла хилла.

ГIаж тохарна судмедэкспертиза йиначара могушаллина жима зен дина аьлла сацамбина. Амма, иза иштта доллушехь, бехке леринчунна тоьхнарг йоккха хан йу, боху Ростовн махкарчу кхелийн пресс-гIуллакхоша. Кхелан сацамна латкъам бийр бу, бац цкъачунна хууш дац.

Хьалхо Ростов-на-Дону гIалин вахархочунна Селин Эдуардана полисхочун пIелг кагбарна диъ шо туьйхира. Шен гIуллакх толлучара кхоччуш дика болх ца бина, низамхоша шена гIело йина аьлла дIахьедира цо. Адвокаташа тоьшалла динехь а, Ростовн мехкан кхело шен сацам ца хийцира.

  • 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь гIараделира, Волгоградерчу УМВД урхаллин шина белхалочо меттигерчу 14 шо долчу вахархочунна К. Александрана йиттина хилар. Царна иза шен "дIайиллинарг" лоху наркоман ву моьттина хиллера. Бехктакхаман гIуллакх федерал - резонанс йича бен ца долийра. Йуьхьанца чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь ницкъахоша и зулам ца дина аьлла, дIахьедира.
  • 2022-чу шарахь Краснодарск, Ростовн мехкаш полисхоша таIзарш дарна бинчу сацамашца пачхьалкхехь хьалхарчу меттиге хIиттийра. Цунах лаьцна хаам бира "Общественный вердикт" фондо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG