Францхойн Парижана гена йоццучу Ормессон-сюр-Марн гIалахь пIераскан дийнахь лаьцна урс карахь полисхошна кхерамаш туьйсуш хилла Нохчийчуьра вахархо. Зазадокху-баттера схьа дуьйна Францин къайлаха сервисаш а, къоман полици а болх беш йу террорхойн лаккхарчу кхерамехь Олимпиада дIайахьарца доьзна.
Урс карахь стаг лаьцна марсхьокху-беттан 2-чохь йоккхачу туьканахь, цо масийттаза мохь тоьхна хилла "АллахIу Акбар" аьлла, йаздо францхойн Actu17 гIирсо. Кхерамзаллин сервисо кхайкхина бакъоларйаран органийн белхахой дуьхьалонах Iиттабелира, туьканара нах арабаха декхаре хилира уьш, хаамбо CNews телеканало йоккхачу туьканара хадархочунна тIетевжина.
Ормессон-сюр-Марне гIалахь лаьцнарг коьртаца сингаттам болуш хилла, ша лелочунна тIекхиа кхетам а боцуш, дийцина "Зона 94" цIе йолчу адвокатийн альянсан секреатро Фредерик ле Коэна. ТIелетаран бахаьанаш къастор долуш ду болийначу талламехь.
- Стигалкъекъа-бутт чекхболуш Францин полицино тайп-тайпанчу гӀаланашкахь шуьйра леррина операци дӀайаьхьира, радикализацица бу аьлла шеконашца иттех гергга нохчийн диаспоран векалш лоьцуш. Цунна тӀаьхьа дӀакхайкхийра, тӀейогӀучу аьхкенан Олимпиадехь футболан матч йоьдучу заманчохь теракт йан кечлуш хилла аьлла, 18 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла жима стаг лацарх.
- Мангал-бутт бовш Страсбургехь а, Бас-Рейн департаментехь а массо а агӀор лийцира нохчий - амма меттигерчу тӀегӀанехь тидамза бисира уьш, полицин ницкъаш бахьана долуш. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира лецначех цхьаьнца, цуьнгара хиира хӀинца Францехь нохчийн диаспорица хуьлуш долчух а.
- 2022-чу шеран чиллан-баттахь Францера Оьрсийчу дIахаьжийра 19 шо долу нохчо Мурадов Дауд, цунна кхерам боллушехь. Францин Ӏедалхоша иза махках ваьккхина ца Ӏаш, Оьрсийчоьнан Ӏедалхошка дӀакхачийна хиллера цо тховкӀело йоьхучу хенахь динчу дехарх а, ткъа иштта цуьнан гергарчу нахах лаьцна хаамаш а. Цул тӀаьхьа иза велира Оьрсийчоьнан набахтехь, Мурадовн доьзало чӀагӀдора цунна дӀовш делла бохуш.