ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна тIелеттачул тIаьхьа денна талламаш бо шайна бохуш латкъамаш бина ГIалгIайчуьра бахархоша


ДПС-н "Волга-14" стационаран постера полисхой. Гайтаман сурт
ДПС-н "Волга-14" стационаран постера полисхой. Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра Малгобекан кIоштара ницкъаллин структурийн белхахоша йалхолгIа бутт а бу йуьртара араволу некъаш доьхку, бахархойн кехаташ, машенаш толлу, хIусамашкахула хьуьйсу, хаамбо бакъоларйаран "Мемориал" центро. Оханан-беттан йуьххьехь полисхошна тIелатар динчул тIаьхьа цигахь контртерроран операцин раж йукъайаьккхира, кхаа эвлахь – Зязиков-Йуьртахь а, Инаркъехь а, СагIапчехь а – денна талламаш бора.

Оханан-баттахь герзаш деттачу заманчохь Зязиков-Йуьртахь вийра шеконаш йолу ши стаг, денна, мукъаденош доцчу дийнахь, ницкъахой богIура цига гIагI диллинчу машенаш тIехь. 30-40 цIа толлу цара, цкъацкъа шкафаш чу а, гIутакхаш чу а хьуьйсу, хаамбира "Мемориале" меттигерчу бахархоша. Цара дийцарехь, ницкъахоша шайн цIераш а ца йуьйцу, кехаташ ца гойту, хIусамдас ков ца деллахь, керта тIехула дехьабовлу.

Бакъоларйархойн хаамашца, луларчу Инаркъехь иштта талламаш бечу хенахь ницкъахойн шеконаш хилира меттигерчу шина вахархочух Загиев Исламах а, Хамчиев ИбрахIимах а, цара тIелатар динчарна накъаосталла деш хилла аьлла. ХIинца бакъо йоцуш оьккхуьйтург йаьккхина цаьргара бохуш, бехкаш дохку цу шинна.

Стигалкъекъа-бутт бовш оцу тайпа талламаш бира Малгобекан кIоштара СагIопшехь а – цигахь лецначех информаци йац бакъоларйархошкахь.

  • Зазадокху-бутт бовш дуьйна ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIоштахь лоьхура герзашца тоба, цара цхьана кIиранчохь эхакIиранчохь кхоазза тIелатар дира полисхошна. Оцу герзаш деттарехь тIелеттачара вийра полицин кхо белхахо. ГIалгIайчоьнан Iедалхоша оханан-бутт йуккъе баьллачу хенахь дIахьедира, шеконаш хилла виъ стаг вийна шаьш аьлла.
  • Йуьхьанца лаца кхайкхийнера йалх стаг. Зазадокху-беттан 29-чохь царех цхьаъ, Эльдиев Рамазан, Карабулакехь велла карийра, тIелеттачу заманчохь йинчу чевнех кхелхина хила тарлора иза. Коттоев Мовсаран дакъа схьакарийра Малгобекан-кIоштара Iелин-Йуьртахь оханан-беттан 5-чохь, дийцарехь, цуьнан четахь граната иккхинера. Оханан-беттан 7-чохь лецира лехамашка велла хилла Боков Iамир, шолгIачу дийнахь пачхьалкхан зорбанан гIирсаша йаздора, воьалгIа тIелеттарг а лаьцна ницкъахоша, иза ву 24 шо долу Мошхоев Микаил бохуш.
  • Оханан-беттан 3-чохь ГIалгIайчуьра ФСБ-н урхалло дIакхайкхийра, Малгобекан кIоштахь контртерроран операцин раж йукъайалош хиларх "терроран акташ а, терроран кепехь долу зуламаш а совцорхьама". Раж хIинца а йухайаккханза йу, тIелеттачарна гIо дина вара аьлла, ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а исс вахархо лаьцча а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG