ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхойн декъехь Халидов Ясин вац аьлла Нохчийчуьра прокуратуро – гIелойарх дийцинчул тIаьхьа вайна иза


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра Шела кIоштан прокуратуро хаамбина, Оьрсийчуьра Казахстане дехьаволучу заманчохь лаьцна 20 шо долу полисхо хилла Халидов Ясин меттигерчу полицин декъехь (ОМВД) вац аьлла. Адвокатана Немов Александрна деллачу жоьпехь йаздина ду иштта. Оцу ОМВД-н декъе иза дIавуьгуш хиларх дIахьедира, иза лацарх дуьххьара хаам бинчу "Новая газето"

"Низам дохош хIуманаш лелийна аьллачу шеконашца Шела-кIоштара полицин декъе валийна вац Халидов, вац иза лаьцначарлахь а. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралин Шела-кIоштара декъехь Халидовн хьокъехь процессуалан а, йа административан башхаллехь а таллам бина бац", - аьлла ду, прокуроран декхарш кхочушдечу Маусаровс куьгйаздинчу жоьпехь.

Иштта Росгвардин кхерамзаллин коьртачу урхалло даийтинчу кехата тIехь йаздина а ду, Халидов зазадокху-беттан 15-чохь цуьнан шен лаамца дIаваьккхина вара аьлла. Омскан кIоштара ФСБ-н талламчийн урхалло дIахьедина шайн жоьпехь, Халидов Ясин гучу а ваьлла, регионера Исилькульскан кIоштара ОМВД-н декъе дIавеллера аьлла. Иза лацарх кхин болу хаамаш буьйцуш бац.

"Цхьа мIара тосийла йу – Омскера ФСБ-н дозанхойн урхаллера деана жоп. Оцу [Исилькульскан] кIоштахь кхин дIа толлур ду оха иза мича хьажийна. Карарчу хенахь тхуна хууш дац, иза стенгахь ву", - дийцина Кавказ.Реалиин сайте адвокато Немов Александра.

  • Халидовх лаьцна стигалкъекъа-беттан 21-чохь зорбане даьккхира "Новая газета - Европа" гIирсан журналисто Милашина Еленас. Артиклехь йаздарца, шен 17 шо долуш дуьйна хилла Халидов Нохчийчуьра Шела кIоштан ОМВД-хь болх беш, цул тIаьхьа транспортан ОМОН-ехь а. Ша болх бечу заманчохь йукъарло хилла цуьнан Нохчийчуьра экстремизмана дуьхьало латточу Центраца (Центр "Э") , иштта питанаш лелийна цо социалан машанашкахь а.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалаьцна цо. Цул тIаьхьа сацам бинера цо, низамлардаран органашкара дIавала, амма куьйгалло и лаам къобал ца бира, кхерам тесира, терроризмаца доьзна шаьш бехктакхаман гIуллакх дуьхьал доккхур ду, нагахь санна, иза дIавала гIортахь аьлла. МуьтIахь цахиларна шеконаш кхоллайеллачу цуьнан хиллачу белхан накъосташа, "Новая газета-Европа" гIирсо ма-дийццара, "официалехь гIара ца доккхуш, дIалецира" иза.
  • Зазадоккху-баттахь жимачу стага 1ADAT боламе Оьрсийчуьра араволуш гIо де аьлла дехар дира. Цуьнгара информаци шайна схьа ма кхеччинехь, жигархоша цуьнца йолу зIе хадийра. Украинехь маьршачу нахана, нохчашна зуламаш лелийначунна гIо дан шаьш декхарийлахь дац аьлла. Иштта 1ADAT-о цуьнан дийцар гIарадоккхуш, анонс йира.
  • Йоккха резонанс йира оцу гIуллакхо Къилбаседа Кавказехь белхаш бечу бакъонашларйархошлахь. 1АДАТ-н жигархой тешна бара Халидов лацар шаьш цунах лаьцна гIарадаккхарна дац аьлла, цул хьалха дуьйна а иза лоьхуш вара боху цара. Ткъа 1АДАТ- боламо цунах лаьцна дIахьединчу бакъоларйархоша иза пачхьалкхера араваккха а ца хьоьвсира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG