ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политикан тутмакх Мусаева Зарема дарбан цIийне охьа ца йиллина, Iасанашца лелаш йу иза


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Устрада-ГIалара набахтехь хан токхуш йолу нохчийн оппозиционерийн нана Мусаева Зарема дарбан цIийне охьа ца йиллина, цуьнан могушалла телхинашшехь. Iасанашца бен лелалуш йац иза, дIахьедина цуьнан адвокато Савин Александра.

Колонихь ша Iалашъйечуьнца цхьаьнакхеттера иза, хаамбина "Iазапашна дуьхьал Командо". Мусаевас дийцина, даим а лазар теден молханаш моьлуш йу ша аьлла. Савина билгалдаьккхина, набахтехь Мусаевана лоьраш тIебуьту, амма ког хIун бахьанаца лозуш бу къастийна дац – цунна стационарехь таллам бан беза аьлла.

Нохчийчуьра прокуратуре ваьлла Савин тутмакхана лоьрийн гIо латтош дац аьллачу латкъамца.

Охан-беттан 25-чохь хаамбира, Мусаева дарбан хIусаме кхачон тарло аьлла, амма хIетахь Савина билгалдоккхура маса цуна госпитализаци йарх хьехош дац аьлла.

КIира хьалха Нохчийчуьра лоьрийн комиссино хийцира Мусаева Заремин могушаллин хьолах лаьцна шайн жамIаш. Тоххара диагнозехь къастийнера, шолгIачу кепехь диабет йу цуьнан йухахьайаьлла аьлла, ткъа хIинца хIиттийначу кехаташ тIехь боху диабет чолхаллаш йоцуш йу. Оцу тIехула Мусаеван догдохийла а йац могушалла бахьана долуш хенал а хьалха маьршайоккхур йу аьлла, кхетийна адвокато. Масех бутт а бара адвокат иза лоьрийн комиссехула чекхйаккхийта хьийза – Мусаеван хьолах таллам бинчул тIаьхьа инсулинан а, лазар тедечу молханийн а барам совбаьккхира лоьраша.

Буса тем боцуш когехь лазарш латтарх, лазар теден препаратийн барам алсамбаккхарх а далхийра Мусаевас охан-беттан 9-чохь

Зазадокху-бутт бовш хаамбира Мусаева дарбан цIийне охьайилларх ХIетахь лазаршна арз дина ца Iаш, бIаьрса лахдаларна а латкъамаш дора цо - бIаьрган марха йеана аьлла, къастийнера лоьраша.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и.
  • Товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо хан кхайкхийра набахтехь йаккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Апелляцин кхеташонехь Мусаевас дакъалецира видеозIенехула, могушалла ледара хиларна кхело пурба делира цунна хиъна Iен. Адвокато Савина бахарехь, "дика лоьрийн реабилитаци" оьшура зудчунна.
  • Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуоан-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG