ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политикан Ӏалашонаш йа элитан дов? Узбекистанехь стаг вен кIело йарехь хиллий "нохчийн лар"


Мирзиеева Саида а Алламжонов Комил а
Мирзиеева Саида а Алламжонов Комил а

ГIадужу-бутт чекхболуш Ташкентан йистехь Узбекистанан президентан пресс-секретарь хиллачу Алламджонов Комилна кIело йинера. Оцу гӀуллакхан хьокъехь республикера вахархо лаьцна. 2021-чу шарахь Туркойчохь лецначу Нохчийчуьра нахана йукъахь вара иза, Кадыров Рамзанна луьйш болчу нахана бекхам бан араваларна бехке веш. Узбекистанехь лаьцна стаг оцу гӀуллакхца уьйр йолуш ву аьлла, хаам гучубаьллачул тӀаьхьа Кадыровс дӀахьедира, йа ша а, йа Нохчийчуьра цхьа а вац Ташкентехь стаг вен гӀоьртина аьлла. Кавказ.Реалиин редакцица къамел динчу наха билгалдоккху Кадыровн а, узбекийн элитан векалийн а гергара уьйраш хилар.

ГIадужу-беттан 26-чохь вевзаш воцчу шина стага герз диттина Range Rover машенна, хаамбира Узбекистанан Коьрта прокуратуро. Урхалло бинчу хаамца, машенахь хиллачу цхьанна а зе ца хиллера. Машенахь воьдуш хиллера мехкан куьйгалхочун Мирзиеев Шавкатан администрацин информацин политикехула йолчу декъан куьйгалхо хилла волу Алламджонов Комил. Регионехь, Алламджонов "политикехь ч1огIа ницкъ болуш стаг" ву олу.

"Хетарехь, тӀелатар динчарна моьттара, ша Алламжонов хилла машенан урхалла дийриг, хӀунда аьлча, герзаш диттинера машенлелорхо хиъна Ӏачу агӀор. Йа догӀа хиларна, йа бода хиларна, цхьа а лаза ца вина", – аьлла, комментари йира цу тӀелатарх лаьцна махкахь ницкъаллин структурашкахь йолчу Озодлик Радион хьостано.

Цул тӀаьхьа, масех де даьлча кхерамазаллин ницкъаша хаам бира, бакъо йоцуш герз лелорна а, стаг вен гӀортарна а бехктакхаман гӀуллакх айдина аьлла. Цул тӀаьхьа социалан машанашкахь видео йаржийра, цу тӀехь шина стага мукIарло дира, хиллачух лаьцна шайн верси йуьйцуш. Царах цхьаъ - Ахмедов Шохрух, 2021-чу шарахь Туркойчохь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика йеш хилла нах байъа кечам беш хиларна шеконашца лецначарна йукъахь вара. Къамел динарг бокъалла а Ахмедов хилар тӀечӀагӀдира Озодлик Радион хьостанаша.

"Шпионийн маша" Туркойчохь

2021-чу шарахь гIадужу-баттахь Истанбулехь лецначарна йукъахь вара Ахмедов Шахрух. Цу хенахь масех стаг – шайлахь нохчийн къомах нах а болуш – лецира, диаспорера диссиденташ байа дагахь хилла аьллачу шеконашца. Талламчаша дийцарехь, Расаев Бислан коьртехь волчу тобанна омра луш хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонера стага, Пачхьалкхан Думин депутато Делимханов Адама.

Иштта, Туркойчоьнан къайлахчу сервисаша дийцарехь, лецначарна омранаш луш хилларг ву нохчийн совдегар Дукузов Казбек – 2004-чу шарахь Москвахь Forbes журналан оьрсийн версин коьрта редактор Хлебников Пол верна бехкевеш вара иза. Дукузов бехказа ваьккхира бехккъастархойн жюрино, цул тӀаьхьа дукха хан йалале иза Оьрсийчуьра дӀавахара. ТӀаьхьо иза бехказавоккхуш бина сацам Лакхарчу кхело йухабаьккхира, Дукузов лехамашка велира: 2015-чу шарахь хаамийн гӀирсаша йаздора, харц цӀарца Цхьаьнатоьхначу Ӏаьрбийн Эмираташкахь лечкъаш ву аьлла, ткъа 2016-чу шарахь Дукузов Нохчийчу цIавирзира. Европехь 2004-чу шарера схьа дуьйна нохчийн виъ оппозиционер вен кечлуш хиллачу нахаца воьзна ву аьлла, Дукузовн цIе йаьккхира.

2021-чу шарахь Туркойчоьнан талламчаша дӀахьедира, лаьцна нах - шайн йукъахь нохчий а, украинхо а, Ахмедов Шахрух а волуш, Туркойчохь веха нохчийн диссидент Ажиев Руслан а, оппозицин блогер Халитов Хьасан а вен кечлуш бара аьлла. ТӀаьххьарчунна Кадыровн накъостех цхьаннан доьзало чIир кхайкхийнера.

Кадыров, шеко йоццуш, и тайпа омра дийра долуш стаг ву, Европехь шен критикаш байъина волу

Цу хенахь, Туркойчоьнан прокуратурано дехар дира, тӀелатар дан кечам барехь шеконашца лецначарна 22 шарера 33 шаре кхаччалц набахтехь йаккха хенаш тоха аьлла. Царна бехке диллира политикан шпионалла лелор а, герзаца низамаш дохор а, документаш харцдар. Амма 2022-чу шеран оханан-баттахь шеконашца лецнарш дӀахийцира. Бахьана - бехк кховдо тоъал тоьшаллаш цахилар дара, ткъа хаамийн гӀирсаша йаздора, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан йукъагӀортарна а, уьш маьршабахарна а йукъахь хила тарлучу зӀенах лаьцна.

Цу тобанна куьйгалла дарна бехке вечу Расаев Бисланна оьшучуьца гӀо дира Дукузов Казбека, масала адвокаташна ахча латторца, дуьйцу нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана: "Дукузов Кадыровн киллер ву. Цо Бисланна адвокат лаьцнера. Кадыровс гӀо ца дича, Дукузов хIуттур вацара и болх бан, цул сов, иза ваьхьар вацара ишттачу гӀуллакхашна йукъагӀерта, цуьнан "долахочун" Делимханов Адаман "фатва" ца хиллехь".

Туркойчохь ворхӀ бутт набахтехь а баьккхина, иза маьршаваьккхинчул тӀаьхьа, Ахмедов Шахруханна миграцин урхалло дукха хан йалале депорт йира, бохуш дуьйцу Халитовс. Озодлик Радион хьостанаша дийцарехь, Узбекистанехь тӀелатар дале хьалха, иза Ташкентехь гӀараваьлла совдегар дIасалелош болх беш хилла.

Кадыровс дина бехкаш

ТӀелатарехь шеконашца лецначарна йукъахь Ахмедов Шахрухан цӀе йаьккхинчул тӀаьхьа Кадыров Рамзана дӀахьедар дира, Узбекистанан куьйгалхочун хилла пресс-секретарь вен гӀортарца йа ша а, йа Нохчийчоьнан бахархой а цхьа а зIе йолуш бац аьлла. Цул тӀаьхьа Кадыровс бехке бира Малхбузера хаамийн гӀирсаш, цара "нохчийн лар" йу бохуш верси кхолларна.

Цуьнца цхьаьна Нохчийчоьнан куьйгалхочо комментари ца йира Туркойчохь нохчийн диссиденташ байа гӀортарх йолчу шеконех лаьцна, иза бахьана долуш Ахмедовс 2021-чу шарахь набахтехь ворхӀ бутт баьккхира. Амма Кадыровс хьахийра, нагахь санна, ша "баккъалла а цхьа хӀума долийна хиллехь, иза чекхдокхур дара, 100% жамӀ а долуш" аьлла. "Нохчийн лар" йу бохучу дийцаршна Узбекистанан Коьрта прокуратуро коментарий йира. Хьалхо, гIадужу-беттан 27-чу дийнахь урхалло дӀакхайкхийра прессехь "харц информаци" йаржийна хилар, ма-дарра хӀун дуьйцу, билгал а ца доккхуш.

Регионерчу Кавказ.Реалица къамел динчу наха Алламджонов Комил вен гӀортар дузу Узбекистанан Ӏедалехь йолчу элитана йукъахь хила тарлучу конфликтца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун а цу махкахь шен интересаш хилар билгал а доккхуш.

Советан пачхьалкх дӀайаьллачул тӀаьхьа дуьйна Узбекистан авторитаран агӀор йисина, бохуш комментари йо Британехь йолчу Central Asia Due Diligence цӀе йолчу талламийн центро кхоьллинчу Ильхамов Алишера: "Хьалха хилла Ӏедал дуккха а луьра а, репрессиве а дара. ХӀинцалерачо цхьацца реформаш йина, йукъараллина тӀеӀаткъам лахбина, амма шен коьртачу билгалонашца авторитаран пачхьалкх йуьсуш йу. И бохург ду, пачхьалкхан президент ша мел веха а урхалла дан дагахь ву бохург – хьалха хиллачу президентан масална тӀе а тевжаш. Хетарехь и къийсам хьалххе дӀаболабелла – президентан доьзалехь".

Мехкан президент ша мел веха а дагахь ву урхалла дан

Цунна хетарехь, Узбекистанан куьйгалхочун йоккхаха йолчу йоьӀан Мирзиеева Саидин урхалла гӀелдан Ӏалашонца хила мегаш дара, Алламжонов Комил вен гӀортар. Регионан куьйгалхочун доьзалан уггаре а уллера лоруш йу иза, цуьнан гӀоьнчан даржехь а йолуш. Алламжонов Комил, республикин администрацин информацин политикан декъан куьйгалхо волчу хенахь, ворхӀ шарахь Саидица цхьана болх бира цо.

Узбекийн Маршо Радион сервисо йаздора, цхьана агӀор Мирзиевн а, Алламджоновн а, вукху агӀор Умаров Отабекан а гIоьртинчу йукъаметтигах лаьцна. Узбекистанан куьйгалхочун кхерамазаллин сервисан куьйгалхочун гӀовсан даржехь ву иза, иштта Саидин йиша Шахноза а йу цуьнгахь, регионан куьйгалхочун жимах йолу йоӀ йу иза. Алламжонов вен гӀортарна Умаровн зIе хилла бохучух цхьа а тоьшалла дац.

Цул совнаха, тӀелеттачара Ташкентера арабевлча, машенах 240 километар некъ а бина, Фергана кхаччалц. Цигахь машен дӀахӀоттийна цара Seoul клубана уллехь. Дийцарехь и клуб долахь йу йижарийн Фен Еленин а, Натальин а. Хууш ма хилара, церан Умаров Отабекца а, Мирзиёев Шахнозаца а зӀе йу. Умаров Отабека шен социалан машанашкахь талламчаша бинчу хаамашна комментари ца йира.

Кадыровна гонаха йолу криминалан Узбекистанан президентаца уьйр йу бохург, шеконе дуьллу Халитов Хьасана: "Амма шеко йац, Узбекистанан хьаькамаш зӀенехь хиларх Кадыровна гонаха болчу узбекийн криминалашца. Ша президент ца хила а тарло, амма вайна хаъа, Узбекистанан президентана гонара хьаькамаш Кадыровн хьаькамашца гергарло лелош хилар. Массанхьа а вовшашца къийсалуш болу хьаькамаш дуккха сихха девне болу, из-за хьал ду кхузахь а".

Политикан Ӏалашонаш?

ТӀаьххьара Кадыров Узбекистане веана кху шеран гурахь, президентца Путин Владимирца цхьаьна, Оьрсийчоьнан официалан делегацин декъехь вара иза. Видео тӀехь гуш ду, Умаров Отабек, кхечу меттигерчу хьаькамашца цхьаьна, цунна а, Делимхановна а, кхечу делегацин декъашхошна а дуьхьал веана Ташкентан аэропортехь. ТӀаккха Кадыровс элира, и мохк бевзаш а, безаш а бу Нохчийчохь, шен дас цигахь дешна хиларна.

Кадыров Рамзан Узбекистане веана
Кадыров Рамзан Узбекистане веана

Умаров Отабек нахана хьалха мараиккхира Кадыровн, иза вуно дика тӀеийцира, цундела - хӀаъ, цхьацца доттагӀаллин зӀенаш йуьсуш йу, комментари йо Илхамов Алишера.

Кадыров кхидӀа а дуьненайукъарчу "лидеран" роль лелош ву, бохуш, чӀагӀдо Прагерчу Карлан университетан йукъараллин Ӏилманийн факультетан политолога Дубровский Дмитрийс: "Амма шеко йац, иза муьлха а омра дийр долуш ву, Европехь шен критикаш байъина волу... Цуьнан омра кхочуш дийр долуш нах бу, муьлхачу а къоман йолахой а бу. Цундела вай тида мегар ду [Узбекистанехь хилларг] цуьнца цхьа зIе йолуш хила тарло аьлла, цхьацца политикан Ӏалашонаш кхочушъйан лерина".

  • Гуьржийчоьнан вахархо, нохчех схьаваьлла Хангошвили Зеламха Оьрсийчоьно терроризмна бехке а вина, лаца кхийкхийра. 2019-чу шеран марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинерчу Тиргартен паркехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо – харц кехаташца волу Красиков Вадим хиллера иза. Журналисташа-таллархоша бахарехь, и стаг Оьрсийчоьнан ФСБ-ца воьзна ву.
  • Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина – Абдурахманов Мухьаммадна кIело кечйеш хилла аьлла, Мюнхенера Лаккхара лаьттан кхело бехке лерина Нохчийчуьра вахархо Дадакаев Валид. Набахтехь даккха итт шо хан тоьхна цунна. Процессан куьйгалхочо, суьдхочо Виснер Кристофа дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "пурбанца а, цо къобалдарца а, интересашкахь а" кечйина йара кIело аьлла, хаамбина Deutsche Welle гIирсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG