ВорхI шо хьалха Москох йийначу журналистна Политковская Аннина лерина яра оршотдийнахь Берлинерчу филармонин камеран мукъамийн кхерчахь дIаяьхьна хилла концерт. Амма цунна цхьанна хилла а ца Iара иза.
Мелхо а, иза вайнзаманахьлерчу Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьешаран закъалташ мел хиллачу нахана хьажийна лара догIу. „Оьрсийчоьнна – безамца. Оьрсийчоьхь адамийн бакъонаш ларъярехьа“ - иштта яра цу дуккха а дуьненна а цIарна цIе яхана бевзаш болу мукъамчаш вовшахтоьхначу хиламан цIе. Ткъа иза дIаяьхьа ойла кхоллаелларг а, иза кечъеш коьрта болх шена тIеэцнарг а вара вевзаш волу Iадхьокху пондарча а, дирижер а волу Кремер Гидон.
Ша Советийн махкахь вина а, кхиина а хиларх терра, хIинцалерчу Оьрсийчохь а, ткъа иштта цкъа мацах Советийн пачхаьлкхана юкъайогIуш хиллачу пачхьалкхашкахь а долу хьал хийра дац латвихо волчу Гидонна. Иза хIетахьлерчу тоталитаран пачхьалкхан гIоьмаша лан а ца елла, 1980 -чу шарахь Австре эмиграце дIавахана, цул тIаьхьа Венехь а, Берлинехь а, Миланехь а тоьллачу оркестршца белхаш беш ву. Малхбузехь вайназаманахьлерчу уггаре а баккхийчу мукъамчех цхьаъ ларалуш а ву иза.
Ша хIинца Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларъяре кхойкху концерт вовшахтохаран бух балош, цо дийцира журналисташка, шен коьрта Iалашо даима а – иза харцо а, гIело а ловчу нахаца цхьана агIонехь хилар хилла, аьлла. Амма иштта шена лаьара, цу концертца Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьешарна критика ян тхаьш гулделлехь а, амма тхаьш Оьрсийчоь езачаьрца дуйла хаийта, цуьнан декъашхой миччахь бехаш белахь а, аьлла. „Цундела тхан концерт - иза цхьанна а дуьхьала елла концерт яц, мелхо а, цхьаннийн дуьхьа елла концерт ю“, - элира цо.
Кремера дийцарехь, ГIадужу-беттан ворхIалгIачохь Берлинехь хиллачу концерто Оьрсийчохь баккхий хийцамаш кхуллур бу бохург цунна беламе дуйла хаьа. ХIунда аьлча, иза дукха йоккха догцIеналла хир яра, я дуьнентIехь долу хьал довзанне а ца довзар а.
„Амма, - элира цо, - со ирсе хир вара, цу Берлинерчу филармонин кхерчахь бекна мукъамаш шайн хьежамаш бахьана долуш хьийзош болчу нахана а хаза йиш хилча, ткъа цаьрца цхьаьна иштта уьш хьийзош болчарна а, нехан бакъонаш хьоьшуш болчарна а уьш хезча“, - аьлла.
Хьахон догIу, концертехь лекхна цхьаболу мукъамаш шаьш а бара Оьрсийчоьнца боьзна. Царех масех карарчу хенахь набахтешкахь болчу тутмакхашна лерина а болуш. Масала, дуьненна а вевзаш волчу мукъамчано Канчели Гияс язйина увертюра я Арво Пяртас язйина еалгIа симфони – и шиъ ший а Ходорковский Михаилна лерина ю.
Иштта ала догIу, хIинцалераниг хьалхара хилам бац Европехь кху деношкахь Политковская Анна йийна де карладоккхуш а, кхинболчу журналисташна а, адамийн бакъонашларъярхошна а Оьрсийчохь йоьхкуш йолу маршонаш йийцаре еш а дIаяьхьнарг.
Мукъаденошкахь Италерачу Миланехь а, Швейцарерчу Базелехь а дIаяьхьира меттигерчу жигархоша яздархошца а, журналисташца а, адамийн бакъонашларъярхошца а цхьанакхетаршна тIехь вовшахтоьхна йолу суьйренаш, ворIх шо хьалха йийна Политковская а, иштта кхиболу байъина журналисташ а дагалоцуш.