ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Анна йер теллинчунна инарла-майоран чин делла Путина


Журналист Политковская Анна
Журналист Политковская Анна

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира юстицин инарла-майоран чин делла, 2015-чу шарахь "Новая газетан" журналист Политковская Анна йерца доьзна гIуллакх теллинчу Шараев Владимирна. Оцу кепара омра зорбане даьккхина бакъонан информацин порталехь.

"Новая газетан" хааамашца, Политковская йерах гIуллакх Шараевга деллера 2015-чу шеран стигалкъекъа баттахь. Америкахойн журналист Хлебников Пол верца доьзначу гIуллакхца цхьана толлуш дара цо иза а. Оццу шеран гIуран-баттахь талламан тобанаш йийкъира Шараевгахь диссира Хлебниковн цхьа гIуллакх.

Дахначу кIиранах Соьлжа-ГIалара Шейх-Мансуран (Заводской) хилла кIоштан кхело къобалдина 2014-чу шарахь "Новая газетан" журналист Политковская Анна йерна бехкевинчу Махмудов Джабраила, ша хенал а хьалха араваккха аьлла чуделла дехар. Чохь даккха 14 шо тоьхнера цунна, талламан версица журналистан дIасалеларна тIехь терго латтош хиллера цо. 2025-гIа шо довш маьршавала везара иза. Хенал а хьалха аравала бакъо йелла цунна, СИЗОхь 38-зза низам дохийна цуьнгара бехкаш даьхнашехь, Тулерчу колонихь пхоьазза таIзар дира цунна, иштта кхузза гIуданан изолятор чохь латтийна.

Политковскаян гIуллакхехула таIзар дина хиллачех Махмудов шолгIа ву тIаьххьарчу эхашарахь маьршавалийтинчех. Лахьан-баттахь президенто Путина гечдира милцочунна Хаджикурбанов Сергейна. Колонихь даккха 20 шо хан тоьхнера цунна, 2034-чу шарахь арахеца везаш вара. Амма Украинехь тIом болийначул тIаьхьа тIамтIе вахара иза, иштта маьрша а ваьккхира.

  • Политковская Анна йийна карийра масех герзаца чевнаш йина 2006-чу шеран гIадужу-беттан 7-чохь, ша Москвахь йехачу Лесная урамера цIийнан чувоьдучохь. Цуна тIе а вахна, доьазза герз тоьхна хиллера иза йуьйчо, тIаьххьарниг коьртах а тухуш, журналист лифт чу йаьлча. Циггахь карийна охьатесна Макаровн тапча а, гильзанаш а. Леррина йийна иза, бохура талламчаша, "йукъараллин деккхар кхочушдарца доьзна". Иза йейтинарш каронза бисира.
  • 2014 шеран мангал-баттахь Москван гIалин кхело валлалц чохь йаккха хан туьйхира шина нохчочунна Махмудов Рустамна а, Гайтукаев Лом-Iелина а – журналист йер кечдинарг, кхочушдинарг и шиъ ву аьлла сацам бира кхелерчу тешаша. Гайтукаев набахтехь велира тIаьхьо.
  • 2021 шеран гIадужу-беттан 7-хь "Новая газетин" журналист Политковская Анна йерна тIехула гIуллакх талларан хан чекхйаьлла. ХIинца а цIерш йевзаш боцу и йейтина нах жоьпаллех кIелхьарабевли, боху оцу зорбано. "Талламо шайн ма-хуьллу кху хене дIатоьттура и гIуллакх, хIунда аьлча, и йейтинарг – иза политика йу. Хетарехь, йоккха политика йу", – йаздира газетин коьртачу редакторан гIовсо Соколов Сергейс.
  • Forbes журналан оьрсийн версин коьрта редактор хилла 41 шо долу Хлебников Пол вийра Москвахь 2004-чу шеран товбеца-беттан 9-чохь герз тоьхна Иза верца доьзначу гIуллакхехула бехкевора адвокат Садретдинов Фаиль а, Нохчийчуьра ши вахархо – Вахаев Муса а, Дукузов Казбек а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG