ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Анна йерна чуьволлинарг маьршаваьккхина Украинерчу тIаме вахарна


МВД-н хилла белхахо Хаджикурбанов Сергей (аьтто агIор йистехь) Политковская йерна тIехула Москва гIалин кхелера кхеташонехь. Биссинарш: (аьрру агIонера аьтто агIоне): Махмудов Рустам, Гайтукаев Лом-Iела, Махмудов Джабраил, Махмудов ИбрахIим
МВД-н хилла белхахо Хаджикурбанов Сергей (аьтто агIор йистехь) Политковская йерна тIехула Москва гIалин кхелера кхеташонехь. Биссинарш: (аьрру агIонера аьтто агIоне): Махмудов Рустам, Гайтукаев Лом-Iела, Махмудов Джабраил, Махмудов ИбрахIим

"Новая газетин" журналист Политковская Анна йерна гунахь ву аьлла 2014 шарахь 20 шарна набахте хьажийна волу экс-милцо Хаджикурбанов Сергей хенал хьалха араваьккхина. Украинерчу тIаме ваха реза хилла иза, тIаккха маьршаваьлла, амма хIинца "шен лаамехь волу эскархо" санна дакъалоцуш ву тIамехь, дуьйцу РБК-но цуьнан адвокатна Михальчик Алексейна тIетевжаш.

Шайн хьасташ тIетевжаш и хаам бакъбина цхьамогIа оьрсийн зорбанаша а. Baza телеграм-канало дийцарехь, 2022 шеран чакхенгахь вахара Хаджикурбанов тIаме, талларш даран буьйранча хилира цунах, тIаккха батальонан коьрте а хIоьттира. Ахшо даьлча ша маьршаваккхарх кехат делира цунна, амма тIеман министраллица долу контракт дIадахдира цо, тIамехь а вуьссуш – муьлхачу даржехь, чинехь ву иза, хууш дац.

"[Хаджикурбанов] спецназехь болх беш вара 90-чу шерашкахь, зенделларг ду цуьнан, хетарехь, цундела делла цунна буьйраллин дарж. Суна хетарехь, бакъдерг тоьлла кхузахь, хIунда аьлча, Политковская Анна йерна гунахь вац иза, аьлла хета суна", – дIахьедира РБК-га адвокато.

Официалехь Хаджикурбанов 2034-чу шарахь набахтера аравала везаш вара.

Москварчу Лесная урамерчу шен цIийнан лифта чохь карийра Политковская Аннин дакъа 2006 шеран гIадужу-беттан 7-хь, масех герз диттина чевнаш йолуш. И лифт чу йаьллачух тIаьхьа зуламхочо йуххера доьазза герз тоьхна хиллера цунна, царах цхьаъ – коьртах а. Меттигехь карийра Макаровн тапча, патармех йиссинарш а. "Йукъараллехь цо чекхдоккхуш долчу декхарца" доьзна ду элира талламо Политковская йер. И йен аьлла тIедиллинарг кхин билгалваьккхина вац.

РУБОП-н опер хилла волчу Хаджикурбановс этническан зуламан тобанашца долу гIуллакхаш леладора, 2006 шарахь ши шо, пхи бутт хан туьйхира цунна, ницкъ а беш, шен бакъонел соввийларна бохучу артиклаца. 2009 шарахь иза бехкевира Политковская Анна йерна, амма кхелерчу тешамечу векалша бехказаваьккхира иза. Журналист йерна бехке лоручу коьртачуьнгара Павлюченков Дмитрийгара 350 эзар сом даккхарна гIуллакхехула лецира иза – 2010 шеран чиллан-баттахь Таганскан кхело оцу бахьанца 8 шо хан туьйхира Хаджикурбановна.

2014 шарахь Хаджикурбанов бехке лерира журналист йуьйш дакъа лацарна, 20 хан а туьйхира набахтехь йаккха. Цо шен бехк тIе ца лоцура, Павлюченкон кийтарлонашна тIехула бен дац шен дIалацар, элира цо.

  • 2014 шеран мангал-баттахь Москван гIалин кхело валлалц чохь йаккха хан туьйхира шина нохчочунна Махмудов Рустамна а, Гайтукаев Лом-Iелина а – журналист йер кечдинарг, кхочушдинарг и шиъ ву аьлла сацам бира кхелерчу тешаша. Гайтукаев набахтехь велира тIаьхьо.
  • Политковская Аннина тIехь тидам беш хьийзина волу Махмудовн ши ваша – ИбрахIим а, Джабраил а – 12, 14 шераш хенаш йиттина набахте хьажийра.
  • 2021 шеран гIадужу-беттан 7-хь "Новая газетин" журналист Политковская Анна йерна тIехула гIуллакх талларан хан чекхйаьлла. ХIинца а цIерш йевзаш боцу и йейтина нах жоьпаллех кIелхьарабевли, боху оцу зорбано. "Талламо шайн ма-хуьллу кху хене дIатоьттура и гIуллакх, хIунда аьлча, и йейтинарг – иза политика йу. Хетарехь, йоккха политика йу", – йаздира газетин коьртачу редакторан гIовсо Соколов Сергейс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG