ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин декъана герзаш диттина муьлш бу цахуучу наха, тIелетта шиъ вийна


Нохчийчоь, Гуьмсе
Нохчийчоь, Гуьмсе

Нохчийчуьра Гуьмсехь бевзаш боцчу наха герз диттина кIоштан полицин декъана тIе, тIелетта шиъ вийна. ГIала кхечира Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан, ницкъахой а тIеозийна, тIечIагIбазчу хаамашца, кадыровхоша нах лечкъон болийна.

Зазадокху-беттан 28-чохь суьйранна тIаьхьо дина ду тIелатар. Герзаш кхийсарх дуьххьара дийца даьккхира оппозицин NIYSO телеграм-канало. Цуьнан хьасташа бахарехь, гIалгIайн номершца йолчу машенахь баьхкинера тIелеттарш. Iедалхоша зулам хиллачу меттиге тIеман техника озийна, иштта, хетарехь, йезаниг а, ницкъаллин структурийн белхахой а гулбинера. Иштта NIYSO каналан информацица, кадыровхоша нах лечкъон болийна.

Оппозицин 1ADAT телеграм-канало хаамбо, тIелетта шиъ кадыровхоша вийна бохуш. Гуьмсе кхечира Кадыров Рамзан а, ницкъаллин блокан хьаькам Висмурадов Абузайд а, МВД-н министр Алханов Руслан а.

ТIелатар дина шиъ вен а вуьйш, герзаш кхийсарх, Гуьмсе ницкъахой гулбеш хиларх а хаамаш бо иштта Mash, ВЧК-ОГПУ телеграм-каналаша а. Вийначу шиннан цIераш къастош ю.

Хьалхо оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон хиллачу информацица, тIелатар дина хила тарло денош хьалха ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь полисхойн постана тIелатар динччара. Делахь а, тIаьхьо Абдурахмановс а, NIYSO телеграм-канало а йаздира, меттигера бахархой хила тарло уьш аьлла. Буьйса юккъе йахначул тIаьхьа а Гуьмсехь детта герзаш хезара, хаамбина Абдурахмановс.

Цуьнца цхьаьна Нохчийчоьнан зорбан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада шен телеграм-канале ши видео хIоттийра Гуьмсехь йаьккхина, цо чIагIдора, гIалахь тийна ду бохуш.

ТIаьхьо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь дIахьедира, нохчийн ницкъахоша а, къайлахчу сервисаша а "ши зуламхо хIаллаквеш", шайга кхаьчна информацихула дIайаьхьна "спецопераци" йара хилларг аьлла. "ТIемлой юкъа а берзийна, карадуьйла аьллера цаьрга. Гонера бовла гIертачу зуламхоша граната кхоьсинера полисхошна тIе", - чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цхьана а ницкъахочунна а, могIарера стагана зен-зулам хилла дац аьлла, тIетуьйхира цо.

Шен постехь видеоролик хIоттийна Кадыровс, цу тIехь, байинчийн декъешна хьалха лаьтташ, комментарий йо цо хиллачух, доккхачу декъанна дIахьедо, тIелеттачийн гергарчарна "хаа деза, шайн бераша хIун леладо" аьлла.

Кхечу видео тIехь Кадыровца цхьаьна ву – цуьнан 15 шо долу кIант Адам, вице-премьер Висмурадов Абузайд, МЧС-н министр Цакаев Алихан а, МВД-н министр Алханов Руслан а.

  • Зазадокху-беттан 27-чу буса муьлш бу цахуучу наха ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанерчу Кантышево эвлана гергахь полицин постана тIе герзаш диттира, цул тIаьхьа къайлабевлира зуламхой. ТIечIагIбазчу хаамашца, мел лахара а кхоъ хилла тIелеттарг, автомат хилла цаьргахь, детиха басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь а хилла уьш. Оцу тIелатарехь ши полисхо лазийра – дарбанан цIийнехь ву и шиъ.
  • Хьалхо зазадокху-беттан 27-чохь, The Magas Times телеграм-канало а, ГIалгIайчуьра МВДН урхалло а лаца кхайкхийра, терроризмана бехкевина махкара кхо вахархо, царех шиъ – Кантышево эвлара ву. Ориентировки тIехь билгалдаьккхинера, детиха басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь уьш бу, цаьргахь герз хила а тарло аьлла. Информаци бакъ йира, хетарехь, ницкъахошца йоьзначу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало а.
  • 2022-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчохь, ГIалгIайчоьнан дозана гена йоццучу Ассиновская станицехь цхьана наха герзаш диттира нах бехачу цIенна хьалха хIоттийначу машенна тIе, машенлелорхочунна чевнаш йира.
  • Кхин а кIира хьалха Соьлжа-ГIалахь тIелатар дира полицина. Официалан хаамашца а догIуш, зулам динарг хиллера уьрсаца кIело йина 19 шо долу меттигера вахархо. ГИБДД-н белхахо вийра цо, цуьнгара тапча а йаьккхина, кхечу полисхошна герз детта волавеллера, цара дуьхьал тоьхна вийра иза. Нохчийчохь кхул хьалха а, 202I-чу шеран товбеца-баттахь, дира тIелатар, иза динарг а вара урс карахь тIелетта меттигера вахархо. Полисхоша дуьхьал герз тоьхнера цунна, дарбан цIийнехь кхелхира иза, МВД-н белхахошна зен-зулам ца хилира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG