ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIиша могIаршка нах ийзорна 10 шо тоьхначу гIебарточо дIахьедина ницкъ барх


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Исламан пачхьалкх" олучу террорхойн тобане дӀаэцарца доьзна 10 шо хан тоьхначу ГӀебартойн-Балкхаройчуьрчу вахархочо Чеченов Азнаура дIахьедина, ша бехке цахиларх, тIехь ницкъбарх, гIуллакхца харцонаш лелорах. Делахь а Оьрсийчоьнан Лакхара кхел реза ца хилира цунна тоьхна таӀзар йухалиста.

Талламчаша бахарехь, 2020-чу шарахь Чеченовс тешийна вевзаш волу стаг Шема вахийта. Иштта цо йухайина боху шен талламхойн тапча а. 2021-чу шарахь гIуран-баттахь Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело итт шо хан туьйхира Чеченовна хьалхара диъ шо набахтехь а доккхуш.

И сацам Лакхарчу кхелехь къовсаме а боккхуш, Чеченовс дӀахьедира, и гӀуллакх харцонца дуьхьал айдина ду шена, герз а полисхоша тесна шаьш аьлла. Цо дийцина Ӏазапах лаьцна, тӀетоьхна, кӀелхьаравалархьама оьшучу кехаташна куьйгаш яздан декхаре хиллера ша аьлла.

Цуьнан агӀончаша иштта хаамбина, инцидент хилла меттиг талларан протоколаш хӀиттийна регионна лерина йолчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан экстремизмца къийсам латторан центран гӀишлонехь аьлла. Цул сов, детективан а, 4 тешан а тоьшаллаш дешнашца цхьаьнадогӀуш ду. Кхаа инстанцин кхелаша къобал ца дира Чеченов Азнаурна тӀехь гӀело ярх аргумент, хIунда аьлча Талламан комитето дуьхьало йира цунан латкъамца ницкъахошна дуьхьал гIуллакх доло.

Юристаша дIахьедо Къилбаседа Кавказан регионашкахь терроризмца къийсам латторца доьзна долу бехктакхаман гӀуллакхаш массо а агӀор фальсификаци йеш ду бохуш. Адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а билгалдоккху, дукха хьолахь ницкъахоша тӀемалой олучу наха кхелехь дӀахьедо, шаьш хьалхара таллам бечу муьрехь тIехь Ӏазап латтош тоьшаллаш дайтина аьлла.

  • Къилбаседа Кавказерчу "Ӏазапна дуьхьало йечу тобанан" декъан адвокаташа къастийна Кавказерчу бахархоша лаххара а 45 кхайкхамна тӀе а тевжаш, зен хиллачеран бакъонаш йохоран факташ. Кхеле кхачийнарг цхьаъ бен доцу гӀуллакх дара кхоьллинчу гӀуллакхехь наркотикаш йохкарна шеко йолчу Курашова Юлдузан дехар. Цу гӀуллакхан процессан декъехь гучуделира экс-полисхоша Сайпулаев Рамазан а, Алиев Шамила а иза харцдан мегаш хилар.
  • Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу регионашкахь полицихь ницкъбарх бехктакхаман гIуллакхаш доладо чуделлачу 28 процентехь дIахьедаршца, дисина 72% тергамза дуьту. Краснодаран кIоштахь волайнхоша чукхачийна 65 процент дIахьедар дуьссу гIуллакх ца доьллуш. Цунах лаьцна аьлла ду бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьало йечу Тобано" хIоттийначу "Iазапийн арифметика" рапортехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG