ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декъазчун гоьнах маьΙиг яьлла – бесташ бу коммуналан мах


Оьрсийчоь- Дагестан. Гергебилан кIошт. Дуьххьаралера гидроэлектростанци.1930
Оьрсийчоь- Дагестан. Гергебилан кIошт. Дуьххьаралера гидроэлектростанци.1930

Маситта шо ду газ а, серло а юхкучу Оьрсийчоьнан урхаллаша Къилбаседа Кавказ ягочух мах шен хенна охьабуьллуш яц, бохуш, леткъамаш бен. Масала, «Газпромо» хаам бина деношкахь, Дагестаной, Нохчийчоьной шаьш йойъучу газах ах мах а бац охьабуьллуш, аьлла. Шен амал а долуш, стагга а Ιийр вац ша хΙусамехь ягочу газана, серлонна декхаре а вахана. Бахьана цхьаъ ду – таронаш яц нехан. Нохчийчоьнах дерг аьлча, цигахь ягориг чоьте оьцу кепаш цхьана хорша евлла яцаро а юьгу иза декхаршка.


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу кIошташа 99 процент мах охьабуллучохь, газах, серлонах каквказхоша ах мах бен дΙа ца ло шайна, бохуш ду «Газпроман» а, ток юхкучу а урхаллашкара аьрзнаш.

Газ юхкучу ерриг Оьрсийчоьнан «Газпром межрегионгаз» хьукматан инарла директор Селезнев Кирилл ву и терахьаш далориг. Цо бахарехь, стохкачул а лахара ду кхушара хьал ягочух мах охьабилларца Адыгеяхь, Дагестанехь, ГΙебарта-Балкхаройчохь, ХIирийчохь, иштта кхечу къошташкахь а.

Серло латточу урхаллийн дай а бу иштта леткъаш. Дукха хан йоццуш Къилбаседа Кавказерчу президентан векала Хлопонин Александра 10 миллиард ду бохура Нохчийчоьной, Дагестаной тоьках дΙадаланза дуьсу ахча.

Терахьаш хазорой, хьаькамийн цΙерш яхарой кΙезиг бовзуьйту хьолан бух, цуьнан бахьанаш. Маршо Радионо юккъерчу хьолехь, нохчий ярташкахь бехачу нахе дира хьаькамийн сагатдеш долу хаттар: стенна хьело бахархой шаьш ягийначу тоьках, газах Ιедална ахча дΙадала?

Хьава Теркйистерчу Ιели-юьртара хьехархо ю. Ткъа хьехархошкара, царна аьтто беш, механ дакъа бен доккхуш а дац Оьрсийчохь лелачу низамаца а догΙуш. Делахь а, ягориг чоьте оьцучу хьаькамашна-м иза дицло даима а, мах буьззина язбо шена, боху Хьавас.

Хьава, Ιелин-Юрт: «Серлонна а, газана а, хина а ахча даккхар кху Нохчийчохь рожехь дан а дац. Тахана гуш долу сурт муха ду? ХΙора конторо, шен-шена луург яздой, хΙоккхал декхаре ву хьо, олий, кехат схьадоуьйту, тухий, богΙий, газ дΙахадайо, серло дΙахадайо. Юха, суьдехула листа воьлча, цара дийцинчун уьтталгΙа дакъа бен тΙехь декхар а ца дуьсуш, дΙанисло.

Масала, со, доьхху ахча дΙа а луш схьаеъна, хьехархо йоллушехь, Ιедална гергахь сайна и серло маьхаза хила езашшехь. КΙанте балха тΙехь кехат доьху, нагахь и декхарийлахь велахь, балхахь алапа схьа ца ло – цунна яхана со Энергосбыте, сайца ахча дΙаделла бух тIехь болу тептар а эцна. Со сайн дагахь, тΙехь цхьа а декхар дац, бохуш ю.

«Хьалхалера счетчикаш тхоьга ма лара, аьлла, селхана деъна буьйр», - боху соьга. «Ой, хΙун дан деза ас?» - «Шун чохь масса стаг ву, масса чоь ю шун?» - и аьлла, дΙатоьхна-схьатоьхна, пхоьазза акт яздина, яздича – пхи эзар сов декхаре хуьлу-кх со! «ХΙета, ас дΙадаллалц хьоьжуш Ιер шу! – аьлла, со-м ара а яьлла схьаеи. Изза газана а. Цара тΙехьерчош долу ахча 8 эзар ду-кх, баттана. Аьхке-Ιа а ца лору. ХΙинца богΙур бу-кх неΙаре, бохуш, ларбеш Ιа-кх со.

...Доцца аьлча, система кхеран болх беш яц. 2007-2010-чу шерийн декхарш тΙера даьхна боху, хΙетте а кехаташ схьаоьхуьйту, ахча охьадилла, бохуш. Доцца аьлча, низаме дирзина дац-кх. Стигалара чуоьгуш санна, шайна ма луъу хΙиттайо тарифаш. Кхузахь берг, Дела воцург тΙаьхьакхуьур воцуш, боккха гΙурт бу-кх!»

Хьехархо Хьава бакъъеш ду Москохарчу эксперташа чΙагΙдийриг. Уггаре хьалха коммуналан а, серлонан а, газан а мах дΙабала нах хьебийриг церан таронаш декъаза хилар а ду, белхаш бацар а ду, чΙагΙдо прессехь Москохарчу «Трейд-Портал» цΙе йолчу инвесткомпанин тидамхочо Рыбаков Алексейс.

«Нохчийчохь, йоххорха, меттаялонза ю низаман кепаш, уьш денъян еза, юкъахь болх бан беза лакхарчу а, бухарчу а Ιедалша», - боху Рыбаковс.

«Трейд-Порталера» тидамхочо тоьхула дуьйцург бакъдо, масала, нохчийн лаьмнашкара хьал довзуьйтучу Бена-Веданарчу Амхьада. Оцу дийцаро гойту Оьрсийчуьрчу ток-, газ йохкархойн аьллар кхочуш хуьлу зама кестта йогΙур йоцийла – дац нехан шайн хΙусамашка кхочучу ягочух дΙадала ахчанаш, яц хир ду ала меттиг а.

Амхьад, Бена-Ведана: «Кхузахь школа а, меттигера администраци а, медицинан цΙа а дΙадаьккхича, цхьа а тайпа болх а, кисина нахарт кхача, доьзал хене баккха меттиг а яц. Йоккха юьрт ю хΙара, 2500 вахархо ву. И мехаш тΙе моссаза кхета, дац хьаладоккхуш я пенси а, я берашна ло кепекаш а. 120 сом берана ло бохург – иза беламе хΙума ду.

Тоькана а, газана а оцу тΙера дала дезаш а нисло нехан, де доцучийн. Нагахь газах, серлонах дΙадала хьо ца ларавеллехь, тΙе гΙуда туху – миска вуй, къен вуй, доьзална тΙехь да вуй-ваций, нана юй-яций - и тайпа къинхетам банне а бац. Оцу пекъаран коьртера гΙайгΙа дΙабала меттиг бан а ца боуьйту».

Кху шеран юьххьехь газах,серлонах, хих боккху мах юккъерчу барамехь 15 процентна бистира. Ткъа болх бечу стагна а, пенсиэцархочунна а Ιедало луш долчу ахчан барам сецна лаьтта ша хиллачохь. Цу тΙе, лакхабевлира кхачан а, бедарийн а, кхечу хΙуманийн а мехаш.

Нагахь санна гΙеметтахΙоьттинчу, гΙеххьачул пайда а бохьуш, балха лелачуьнга шегара дахаро соьмашкахь доьхург охьадиллалахь, и дан таро яц лаамза мукъа Ιечун. Ткъа ах бахархой-м муххале а бу нохчашлахь болх боцучийн декъахь.

Декъазчун гоьнах маьΙиг яьлла, олуш ду вайн. ТΙекхочучу беттан хьалхарчу дийнахь кхин а пхийттех процентана лакхабевр бу газан, тоькан мехаш, бохуш, кхаъ боху Москохарчу хьаькамаша.
XS
SM
MD
LG