ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхой: Эльдерхановна тIера Кадыровна тIекхаччалц


Кадыров Рамзан Iедалан коьртехь волу 10 шо даьллехь а, цу гIуллакхах хIинцца бен чам кхеташ вац иза. Нохчийчоьнан куьйгалхо жима ву, ткъа нохчий бехха лаьтта къан ца луш.

1922-чу шарахь РСФСР ВЦИК дерективица кхуллу Нохчийн автономин кIошт (область). Цигарчу Iедалан цIе хуьлу революцин комитет – ревком. Нохчийн Ревкоман куьйгалхо хIоттаво Эльдераханов Таьштамир.

Эльдерханов Таьштамир.
Эльдерханов Таьштамир.
Егоров чувоьллира, 20 шо хан а тоьхна. 1950-чу шарахь иза велира набахтехь.

​1922-чу шарахь Эльдерханов хуьйцу Арсанукаев Дауда. 6 шо даьлча цуьнан метта хаа во Мамаев Х. аьлла тIекхача аьтто болчу кехаташна тIехь билгалваьккхина стаг. 1932-чу шарахь шина шаран иза хуьйцу Омаров Мохьмада.

Омаров Мохьмад.
Омаров Мохьмад.

Цул тIаьхьа даллачу 2 шарахь Iедалан структура масийттоза хийцало. Эххаре а шена юкъахь коллективан куьйгалла а долуш, масийтта кепара Iедал керчаш лаьттина Нохч-ГIалгIайн кIоштах (областах) 1936-чу шарахь ГIура-беттан 5-чу дийнахь йо Нохч-ГIалгIайн автономин советийн социалистийн республика.

1937-чу шарахь, ГIадужу-баттахь Егоров НКВД-но дIалаьцначул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн ВКП (б) партин хьалхарчу секретаран декхарш кхочуш дан хьажийра Быков Федор.

Цу республикана куьйгалла дан хьажийра Москох Iедало 1936-чу шарахь Егоров Василий. И стаг «цхьаъ вара» цу хеначохь СССР-н НКВД-но кхоьллинчу «ша-тайпа кхоъ» (особая тройка) олучу тобанах. Цо жигара дакъалецира нохчашна юкъахь репрессеш дIахьош.

Егоров Василий.
Егоров Василий.

​1937-чу шарахь, ГIадужу-баттахь Егоров НКВД-но дIалаьцначул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн ВКП (б) партин хьалхарчу секретаран декхарш кхочуш дан хьажийра Быков Федор. Ткъа 1938-чу шарахь, Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Егоров, юхавогIур воций хиинчул тIаьхьа, цуьнах вира партин хьалхара секретар. Егоров чувоьллира, 20 шо хан а тоьхна. 1950-чу шарахь иза велира набахтехь.

И стаг гIоза-декъал чекхвелира цу кхерамечу хенах. Быков велира Москох 1980-чу шарахь.

1940 шеран Стигалкъекъа-баттахь Быковн меттиг дIалецира Иванов Виктора. Нохч-ГIалгIайн республикан партин хьалхарчу секретаран даржехь иза лаьттира 1944-чу шеран Зазадоккху-бутт тIекхаччалц. Оцу шарахь йохийна дIаяьккхира республика, нохчий а, гIалгIай а махках а бохуш.

Кхин а 3 шо даьлча, 1959-чу шеран Дечкен-баттахь, нохчий а, гIалгIай а даймахка юхаберза буьйлабелча, цигахь хьалхара секретар хIоттийра Трофимов Александр. 1963-чу шеран Гезгмашин-баттахь цуьнан дарж 3 шаранна дIалецира тIаьхьо Оьрсийчоьнан Федерацин арахьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Титов Федора.

1966-чу шеран Дечкен-баттахь дуьйна 1975-шеран Товбеца-бутт тIекхаччалц 9 шаранна Нохчийчуьрчу коммунистийн куьйгалхо, ма дарра аьлча, цу республикан куьйгалхо лаьттира Бакохахь вина волу Апряткин Семен.

Апряткин Семен.
Апряткин Семен.

И стаг куьйгалхо а волуш, 1973-чу шарахь, Дечкен-баттахь ХIирийчоьнахь дIатоьхна йолу Пригородни кIошт юхаерзайе аьлла, гIаттам айира Соьлж-ГIалах гIалгIаша а, царна тIехIиттинчу нохчаша а. Цул тIаьхьа цу митингехь къамелаш динчу нахана таIзарш деш жигара дакъалецира Апряткина.

1975-чу шарахь Апряткин хийцира КПСС ЦК-н инспекторо Власов Александара. Цо цхьамогIа гIишлош йира Соьлж-ГIалахь, шайна юкъахь тIаьхьо президентан цIа олу реском а йолуш. Эсамбаев Махьмуда шен цхьана интервьюхь хастийра Власов, иза уггаре а гIоле куьйгалхо вара республикехь аьлла.

Власов Александр (аьрр), Эсамбаев Махьмуд.
Власов Александр (аьрр), Эсамбаев Махьмуд.

​Цуьнца цхьаьна, Власов куьйгалхо а волуш дIачIегIира нохчийн къона поэташа а, яздархоша а ЧИГУ университетехь кхоллина «Пхьармат» цIе йолу литературан цхьаьнакхетаралла.

1984-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн обкоман куьйгалхо вахийтира Фотеев Владимир. Иза республикера дIавоьдуш Советан пачхьалкхехь дIайоьдуш яра Горбачевн перестройка.

Амма и истори дукха чехка болар эцна йоьдуш яра цу шерашкахь. 1991-чу шарахь Охан-беттан 8-чу дийнахь нохчийн къоман конгрессо шен караийцира республикера Iедал.

1989-чу шарахь алтернативан бух тIехь харжамаш хилира Нохч-ГIалгIайн республикехь. Толам баьккхинарг вара 49 шо долу Завгаев Докку. Советан исторехь нохчашна юкъахь дуьххьара оццул лакхара (Коммунистийн партин рескоман хьалхара секретар) дарж дIалаьцнарг вара Завгаев.

Амма и истори дукха чехка болар эцна йоьдуш яра цу шерашкахь. 1991-чу шарахь Охан-беттан 8-чу дийнахь нохчийн къоман конгрессо шен караийцира республикера Iедал. Цу дийнахь дуьйна бакъволу Нохчийчоьнан республикан куьйгалхо хIоьттира, оццу шарахь гуьйранна хиллачу президентан харжамашкахь толам баьккхина волу инарла Дудаев ДжовхIар.

Дудаев ДжовхIар.
Дудаев ДжовхIар.

Завгаев Докка цхьана йоццучу хенахь куьйгалхо санна юхавеара Нохчийчу, амма буьззинчу барамехь Iедал карахь долу стаг ца хилира цуьнах.

Дудаев кхелхинчул тIаьхьа цуьнан меттиг дIалецира 2004-чу шарахь Чиллан-беттан 13-чу дийнахь Катаран коьртачу гIалахь Дохехь вийначу поэто, политико Яндарбиев Зелимхас.

Яндарбиев Зелимха.
Яндарбиев Зелимха.

1997-чу шарахь Дечкен-баттахь, дуьненаюкъаралло тергам а беш, дIабаьхьначу харжамашкахь, Масхадов Аслан хаьржира Нохчийчоьнан президент. Оццу шарахь, Стигалкъекъа-баттахь, Масхадовс барт бира Оьрсийчоьнан президентаца Ельцин Борисца, кхин дIа йолчу ханна шина пачхьалкхан юкъаметтигаш дIанисйийр ю дуьненаюькъарчу низмашца аьлла.

2004-чу шарахь «Динамо» стадионехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхелхира, бомба эккхийтича.

ШолгIа тIом боьдуш 1999-чу шарахь Масхадов Iедал дохийначул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан эскарша Iуналла а деш, Нохчийн Республикан администрацин куьйгалхо хIоттийра Ичкерин Iедалехь муфтий хилла Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

2004-чу шарахь «Динамо» стадионехь иза вийра, бомба а экххийтина. Цул тIаьхьа Кремло Нохчийчоьнан президентан гIаьнта хаийра республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Iалу.

Алханов Iалу.
Алханов Iалу.

Иза дукха хан ялале хийцира тахана шен куьйгакIеллахь онда арми латточу Кадыров Рамзана.

Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Кадыров Iедалан коьртехь волу 10 шо даьллехь а, цу гIуллакхах хIинцца бен чам кхеташ вац иза. Нохчийчоьнан куьйгалхо жима ву, ткъа нохчий бехха лаьтта къан ца луш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG