Автор Дзцати Валера
Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун Битаров Вячеславан бехказа вийла дийзира Пригородни кIошт хьокъехь схьайиллина федералан леррина программа хила еза аларна.
Цхьаболчу хаамийн гIирсаша бехке вира Битаров Пригродни кIошт Москох Iуналла дайта дIаяла лууш ву иза, тIаьхьо луларчу ГIалгIачоьне дIа а луш аьлла.
Кху беттан 2-чу дийнахь Къилбаседа ХIирийчоьнан эвлийн куьйгалхойн кхеташонехь Битаровс дIахьедар дира, дозанаш хийцар хьокъехь цхьа а барт бан дагахь вацара ша аьлла. Цо бехке бира шен политикан дуьхьалончаш, республикера хьал чолхечу даккха гIертарна.
Лиъча а, мила ваьхьара ву Пригородни кIошт хьокъехь цу тайпа барт бан? Амма цигахь бехачу нахах, уьш муьлххачу къомах белахь а, жоьпаллехь ву ша бохуш вара Битаров.
Хууш ма хиллара, 1992-чу шарахь хилира Пригородни кIоштахь бехачу хIирашна а, гIалгIашна а юкъахь тIеман конфликт. Цул тIаьхьа 25 шо гергга даьллехь а, цуьнан тIаьхьалонаш хIинца а хаалуш ю ХIирийохь а, ГIалгIайчохь а.
Масала, царах цхьаъ ю Пригородни кIоштан малхбален декъехь гIалгIай а, хIирий а къаьстина бехаш хилар. Ткъа цигахь беха гIалгIай, ХIирийчоьнан бахархой белахь а, коьртачу декъана, болх беш а, доьшуш а бу ГIалгIайчохь.
Кхин цхьа тIаьхье ю, цу кIоштара хьал тешаме ца хилар а, цигахь хIирашна а, гIалгIашна а юкъахь болгалдаьккхина доцу доза хиларна цу кIошта инвестицеш хьежош ца хилар а.
Битаровс дийцарехь, Охан-бутт чекхболуш Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетча цо элира Пригородни кIоштахь хьовха ерриге а Къилбаседа ХIирийчохь кхиаран программа хир ю аьлла.
2002-чу шарахь хиллачу бахархой ларарца а догIуш, Пригородни кIоштахь вехаш вара 100 сов эзар стаг. Цу кепара, БуретIе дIаяьккхича, бахархойн терахьца уггаре а йоккха кIошт ю иза Къилбаседа ХIирийчохь.
Амма баккхийн аьттонаш белахь а, экономика баш кхиина яц цу кIоштахь. Кхин йолу дахаран проблемаш а ю цигахь.
Формалан кепара хIирийн а, гIалгIайн а дов дIадирзина лоруш ду 10 сов шо хьалха дуьйна. Амма латтанца а, чоьхьара мухIажирех лаьцна а хаттарш дисна хиларо дуьхьало йо Пригородни кIошт экономехь кхиарна.
Масала, берриг а гIалгIайн аьтто ца баьлла шан хIусамашка юхаберза, къуьйсуш йолу цхьайолу территореш, ма дарра аьлча, Iуналла деш яц Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедалша.
Цхьаболчу хIирашна хетарехь, 1992-чу шарахь хиллачу девно йина чов хIинца а ерзаза ю, гIалгIашца цигахь цхьаьна даха.
Шайн агIор, дуккха а гIалгIашна лаьа Къилбаседа ХIирийчохь шаьш даьхначу меттигашка, шайна юкъахь БуретIе а йолуш, юхаберза а, къуьйсу латтанаш ГIалгIачоьнах дIатоьхна хилийта а.
Москох, герехь, цкъачунна кийча ю конфликтан агIонашна ахча хьажо. Амма кIорггера церан цхьаьнацадараш дIадаха план йолчух тера дац федералан Iедалан.