ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пригожин Евгений гIаттам барна дIалаьцна латтош ву


Пригожин Евгений
Пригожин Евгений

Мангал-беттан, 26-хь, Iуьйрана ЧВК "Вагнеран долахочун Пригожин Евгенийн цIарах долийна гIаттамах долу бехктакхаман гIуллакх сацийна дац. Цунна болийна талламаш Оьрсийчоьнан ФСБ-урхаллин талламхочо дIахьош бу. Цунах лаьцна, "Коммерсант" хаамийн гIирсана тIетовжарца дуьйцу "Свобода" радионо.

РИА Новости, ТАСС гIирсийн хьостанаша а хаамбо, Пригожинна дуьхьала гIаттийна бехкзуламан гIуллакх сацийна цахиларах.

Пригожинна долийна бехкзуламан гIуллакх сацор ду, мангал-беттан 24-хь сарахь элира Кремлан пресс-гIуллакхочо Песков Дмитрийс. И сацам мичара схьабаьлла, цо билгал ца даьккхира. Пригожин, цо ша дийцарехь "Беларусе дIагIур ву".

Прокуратуро официалехь гIуллакх сацорах аьлла хIумма дац. Хаамийн гIирсан къамелахочо дийцарехь, гIаттаман хьелийн талламаш хIинца а боьлхуш бу. Кхин сацам баллал цу хиламал тIаьхьа кIезга хан йаьлла.

ГIаттам кечбар артиклаца 12 шарера 20 шаре кхаччалц чохь йаккха хан йогIу.

  • ПIераска-дийнахь, мангал-беттан 23-чохь Пригожина ЧВК - лоттийлашна тохарш дарна бехкейира Оьрсийчоьнан тIеман министралла. "Оьрсийн тIеман куьйгалло дохьу зулам" сацорхьама,"Нийсонан марш" кхайкхира гIаттамхочо. Шеца 25 эзар эскархо ву элира. Шайн "маршан" Iалашо – тIеман министраллин урхаллина жоьпалла тIедожор йу элира цо, къаьсттина урхаллин министрана Шойгу Сергейна а, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан хьаькамна Герасимов Валерийна а.
  • Нийсса цхьана дийнахь ЧВК "Вагнеран" эскароша дIалецира Ростов-на-Дону гIала. Дийцарехь, Воронеж а. "Вагнеро" динарг йамартло йу, букъ йуккъе тохар ду элира Путин Владимира. ТIеман министралло хилларг провокаци йу аьлла сацамбира. ФСБ-урхалло ЧВК долахочунна дуьхьал гIаттаме кхайкхар артиклаца бехктакхаман гIуллакх долийна.
  • Мангал-беттан 24-хь Пригожинан Лукашенкоца къамел хиллийла хиира. Цара бинчу бартаца Москва йаха новкъайаьлла "Вагнер" тоба сецира. ГIаттаман декъахой жоьпе узур бац аьлла дIахьедира Кремлан пресс-гIуллакхочо Песков Дмитрийс.
  • Пригожин стенгахь ву - хууш дац. Шоьта-дийнахь дуьйна и волу меттиг йуьйцуш бина хаам бац. Цу хеннахь машанашка дIахIоттийра иза машенахь Ростов-на-Дону гIалара араволуш йаьккхина видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG