ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пригожин Нохчийчу варах хаийтина Кадыровс


Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а
Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина Соьлжа-ГIалахь "Вагнер" ЧВК кхоьллинчу Пригожин Евгенийца шен хиллачу цхьанакхетарх лаьцна. Цо бахарехь, цу шиммо дийцаредина "Iаламат коьрте дуьненаюкъарчу маьIнехь" долу хеттарш а, малхбузенан санкцеш а.

"Евгений Викторовичца дийца хIума хуьлу тхан гуттар а, цхьатерра интересаш ю тхан, кест-кеста юкъахь кхочушйен Iалашонаш а ю, царех лаьцна телефонехь дуьйцийла йац", - йаздина оханан-беттан 25-чохь шен телеграм-каналехь кадыровс. Шаьшиннан хиллачу къамелех лаьцна кхин сов ца дийцина цо.

Нохчийчоьнан урхалхочун а, "Вагнер" ЧВК-н куьйгалхочун а юкъаметтиг галйаьлла бохуш, комментареш йечу йукъанна нисделла и цхьанакхетар. Пригожина тIеман министраллин куьйгаллина критика йинера, Кадыровс и урхалла а, цуьнан министр Шойгу Сергей а хастийначу заманчохь.

Хьалхо Кадыровс йемалдира Украинера Оьрсийчоьнан буьйралла, Донбасс карара йалийтарна, Оьрсийчоьнан эскаран куьйгаллехь хийцамаш бе бохуш, тIе а дожош.

  • Ша "Путинан гIашсалти" лоручу Кадыровс, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал тIом бечу йукъанна диллина дIагойтура ша Пригожинехьа узуш хилар. Цул совнах, церан структураш цхьана йара: Нохчийчухула тIаме хьийсон "лаамхой" бу бохурш "Вагнер" ЧВК а кхочу.
  • Стохка гIадужу-баттахь Кадыровс керла пост хIоттийра, "ЧВК Вагнеран" куьйгалхочух "хьомсара ваша", "ша бакъволу тIемло" иза ву аьлла. Цуьнца цхьаьна шога критика йира цо украинхойн Лиман дIайеллачу оцу заманчохь "Центр" армин буьйррала деш хиллачу инарлина Лапин Александрна. Цо йинчу критикана хIетахь тIетайра Пригожин а.
  • Кадыров Пригожинна тIетевр вац тIеман министраллина цуьнан дуьхьал валарехь аьллера чиллан-баттахь тIом толлучу Институто. И хьесапаш динера, урхаллица "тIехдика, нисйина юкъаметтигаш ю" бохуш, Кадыровн дIахьедаршна тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG