ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псковера десантхошна 2000-чу шарахь тIелатарна бехкево Нохчийчуьра вахархо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанхошлахь 2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковера десантхошна тIелетта ву аьлла 63 шо долчу Соьлжа-ГIаларчу вахархочунна Батыкаев Iалавдина тIаьхьабовлар бух боцуш лору бакъаонашларйаран "Мемориал"Центро.

Бехкбиллархойн версица, 1999-чу шарахь дIакхетта хилла Батыкаев Басаевн а, Хаттабан а тобанех, тIемалойн базехь Iарбойн мотт Iамош, герз лелор карадерзийна ву иза. 2022-чу шарахь ша лаццалц оцу тобанан декъахь хилла ву иза бохуш чIагIдо, хIунда аьлча, ша цу тобанах дIакъастарх цо бакъоларйаран органашка хаийтина цахиларна. Талламна хетарехь, 2000-чу шеран чиллин-баттахь Батыкаевс дакъалаьцна Нохчийчуьра Улус-Кертахь Псковера ВДВ-н дивизина динчу тIелатарехь. 90 эскархойх 84 десантхо вийнера хIетахь

"Мемориалан" хаамашца, бехк тIебожйина къайлабаьхначу тешийн мукIарлонна тIехь а, суьрташ тIехь вовзарца а, кхиндолу тоьшаллаш "гIуллакха юкъахь ду, хенал хьалха гучудаха бакъо йац" боху.

"Мемориале" бевллачу Батыкаевн гергарчара чIагIдо, тIамехь цо цкъа а дакъалаьцна дац бохуш. ХIетте а, 2000-чу шарахь Веданахь амнисти йехнера цо, оцу гIуллакхна леррина автомат а йаьккхина, цул тIаьхьа федералан Iедалхошка дIаделлера цо герз, ша лацарна кхоьруш. Батыкаевна амнисти йеллера, тIаьхьо белхаш бинера цо, доккхачу декъанна ФСБ-но персонал толлучу объекташкахь, амма цуьнга хеттарш цкъа а хилла дацара церан.

Батыкаевн адвокато бахарехь, къаьсташ дац цуьнга кхийдон бехкаш, "талораш дар", "бунтехь дакъалацар" аьллачу Iедалан къепешца дехкина долу, материалан гIуллакхашкахь кхачам боллу тоьшаллаш дац цуьнан бехк хиларх далийна.

Иштта "Мемориало" билгалдоккху, СИЗО-хь Батыкаевн могушалла эшна йогIуш хилар, цигахь таро йац оьшу лоьрийн гIо кхачон. Когийн пхенашна операци йинчул тIаьхьа ког сецна бу цуьнан.

  • Охан-баттахь Нохчийчуьра антитерроран центран хиллачу кхаа белхахочунна Булуев Рустамна а, Наматов Русланна а, Ушаев Артурна а йаккхий хенаш кхайкхийра набахтехь такха 2005-чу шарахь ЧIулган-Юьртахь теракт йина хилла аьлла. 2018-чу шарахь Ушаевна а, Наматовна а таIзар дина дара Псковера десантхошна тIелатар дарна Басаев Шемалан а, Хаттабан а тIемалошца.
  • Иштта оханан-баттахь Дагестанера вахархочунна, хьалхо Перман ОМОН-н белхахошна 2000-чу шарахь тIелатар дина ву аьлла кхел йина волу, керла хан кхайкхийра – иза бехке лерира Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанхошлахь Псковера десантхошна кIелойарна.
  • Ростов-ГIалахь гIуллакх луьстуш ду Нохчийчуьра вахархочун Алханов Мохьмадан, Псковера десантхошна тIелатар деш дакъалаьцна ву аьлла бехкевина. 2004-чу шарахь гIаттамхошлахь лелла ву аьлла итт шо хан тоьхнера цунна, и хан текхна а ваьллера иза. 2021 шо юккъе даьллачу хенахь йуха а лецира Алханов. Псковера ВДВ дивизин 6-чу ротин эскархошна тIелетачу заманчохь кхиазхо хилла ву иза. Алхановн адвокаташа дIахьедо, цуьнан гIуллакхца тоьшаллаш дац бохуш.
  • Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина, цул тIаьхьа амнисти еллачарна а. Кавказ.Реалиино ма-дарра яздира иштачу цхьана гIуллакхах лаьцна – ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG