ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псковера десантхошна 2000-чу шарахь тIелатарна кхел йина Нохчийчуьра вахархрчунна


Алханов Мохьмад
Алханов Мохьмад

Ростов-гӀаларчу Къилбаседа гонашкара тӀеман кхело бехкелерина Нохчийчуьра схьаваьлла Алханов Мохьмад Басаев Шамилан а, Хаттабан а тобанашкахь дакъалаьцна хиларна а, 2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковерчу десантхошна тӀелатар дарна а. Алхановна 10 шо хан тоьхна юкъарчу рожан набахтехь такха – хьалхо цу кепара бехкаца тоьхна хан юьззина текхна а вара иза.

Алханов бехкевина эскархойн дахарна тӀекховдарна а, хьаькам шен бакъонел тӀехвала декхаре варна а, лаьцначуьра вадарна а, хаам бо пачхьалкхан хаамийн ТАСС агенталло, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гӀуллакххошна тӀе а тевжаш. Иштта, кхелан сайта тӀехь долчу гӀуллакхан карточки тIехь а бу сацам кхайкхорах лаьцна хаамаш.

Бехкбуьллучийн версица 2000-чу шарахь, берхIийтта шо а кхачаза волчу Алхановс дакъалаьцна Псковера ВДВ-н 76-чу дивизин эскархошна Нохчийчуьра Улус-Кертахь динчу тIелатарехь. ХIетахь 90 эскархочух вийнера 84.

Иштта цунна бехке диллина Астраханера психиатрин дарбан цIийнера вадар а, цигахь экспертизехула чекхвоккхуш хиллера иза. Хьалхо цунна гIо динчу Астраханера номер 1 йолчу СИЗО-н белхахочунуна Кухтин Денисна 8,5 шо хан тухуш кхел йира. ЧIагIдарехь, цо гIо дина хиллера тутмакхна водучу заманчохь.

Официалан хаамашца, Алханов Мохьмад вина 1982-чу шеран гIадужу-баттахь Лаха Ноьврехь, оцу хенахь Нохч-ГIалгIайн АССР йара. ТIемаш буьйлалучу заманчохь 12 шо хилла цуьнан, ткъа Псковн дивизин 6-чу ротина тIелетачу хенахь 18 шо а кхачанза ву иза. Алхановн адвокато чIагIдора, Басаевс тIаме цкъа а ца буьгура кхиазхой бохуш. Цул совнах, цуьнан дегIа тIехь цхьа а лараш йац чевнаш йина а, йа герз лелийна а. Адвокато бахарехь, цунна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхан бух хилла Оьрсийчоьнан снайперо дина тоьшалла, 20 шо дапьллачул тIаьхьа цунна веазина боху гIаттамхо.

Бакъо йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна бехке а вина, 2004-чу шарахь 10 шо хан туьйхира Алхановна, йерриг а хан текхна цо. 2021 шо юккъе даьлча юха а лецира иза. Астраханан кӀоштан стационаран кхелан-психиатрин клиникера ведира иза гIадужу-беттан 26-чу дийнахь. 2021-чу шеран лахьан-беттан 2-чу дийнахь каравеара иза.

  • Хьалхо Кавказ.Реалии сайто йаздира, Ростов гIаларчу номер 1 йолчу СИЗО-хь хилла Алханов бехкеварх мангал-беттан 16-чу дийнахь закъалтхой лоьцуш динчу тӀелатарна а, и вовшахтохарна а. Алханов а, кхин ши стаг а тӀелатар динчу нахаца цхьаьна камерехь латтош вара Ростов-гӀаларчу СИЗО-хь. Алхановга хеттарш дича, цо дӀахьединера, шена тӀелатар дан леринчу Iалашонех лаьцна хууш дацара аьлла. ТӀелатар динчул тӀаьхьа цунна а, кхин а дуккха а бусулба тутмакхашна а йиттира.
  • Дукха хан йалале Алханов, кхин а масех тутмакх санна, дIавайра СИЗО-ра, дикка хан йелира иза волчу меттиг ца хоуьйтуш. Царех цхьаммо дIахьедина хиллера шена тIехь Iазапаш лелорах. Марсхьокху-бутт чекхболуш видео зIенехула кхелан кхеташонехь дакъалецира цо, дог таьIна вара иза, оьрсийн маттахь жоьпаш делира цо хеттаршна, адвокат шега нохчийн маттахь вистхиллехь а. Цуо гойтуш хила тарло ницкъаллин структураша тӀеӀаткъам бар. Адвокато, хьалхо Алханов шеца цхьаьнакхета реза хӀунда ца хилла аьлла, шега хаьттича, цо жоп делира, "иштта нисделира иза" аьлла.
  • Официалан верица, 2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархойн жимачу тобано тIом бинера шайл а дикка алсам болчу тIемалойн ницкъашца. Йерриг аьлча санна, хӀаллакйира и тоба. Эскархой байаран бахьана хиллера шайчара тIейеттар, аьлла хета бакъонашларъяран "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочунна Черкасов Александрна. Цунна бехке хила тарло федералан ницкъийн тобанан буьйранчалла.
  • Басаевн а, Хаттабан а тобанаша тIемаш бина Дагестанехь 1999-чу шеран мангал-беттан йуьххьехь болийна гезгамашин-бутт йуккъе баллалц. Талламан версица, цхьа эзар ахэзар гергга хилла нохчийн тIемалой. "Контртерроран операци" йолон цхьахдолчу бахьанех хилира и хиламаш.
  • Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина хилла, амма амнисти еллачарна а. Кавказ.Реалиино ма-дарра яздира иштачу цхьана гIуллакхах лаьцна – ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG