ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псковерчу десантхошна 2000-чу шарахь тӀелатар дарна таIзар дина Нохчийчуьра вахархочунна


Псковера десантхой, 1999 шо
Псковера десантхой, 1999 шо

Ростов-гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело бехкевина 64 шо долу Нохчийчоьнан вахархо Батыкаев Ӏалавди. Цунна таIзар дина Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашкахь дакъалацарна, ишта 2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковерчу десантхошна тӀелатар дарна а. Батыкаевна 16 шо хан тоьхна шогачу рожехь йолчу набахтехь даккха. Хьалхо "Мемориало" цунна тӀаьхьа бовлар бух боцуш ду элира.

ТӀеман эскархойн дахарна тӀеӀаткъам барх лаьцначу артиклца дина таӀзар, хаам бо ТАСС пачхьалкхан хаамийн агенталло, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гӀуллакххошна тӀе а тевжаш.

Хьалхо Кавказ.Реалии сайто йаздира, бехккъасторхоша дийцарехь, Батыкаев Басаевн а, Хаттабан а дакъошкахь 1999-чу шарахь дӀакхетарх, ткъа тӀемалойн куьпахь цо Ӏаьрбийн мотт а, герз лелор а Ӏамийна хилла аьлла. ЧIагIдо, 2022-чу шарахь ша лаццалц цу тобанехь хилла ву иза бохуш, хIунда аьлча, ша цу йукъара валарх лаьцна низамхошка хаам ца барна. Талламна хетарехь, 2000-чу шарахь чиллан-баттахь Батыкаевс дакъалаьцна Нохчийчуьрчу Улус-Керт эвлан кӀоштахь 76-чу Псковерчу хӀаваан-десантан дивизин эскархошна тӀелатар дарехь, цу тӀелатарехь 90 эскархочух 84 вийнера.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центрна хетарехь, Батыкаев бехке озор бух боцуш ду.

"Мемориалан" хаамашца, бехк кховдийна къайлахчу тешаша динчу тоьшаллашна а, кхечу суьрташ тӀехь иза вовзарна тIехула а. Ишта кхин а тошаллаш ду боху гӀуллакхехь, "амма хенал хьалха дӀадовзийта йиш йац".

"Мемориалца" зӀене бевллачу Батыкаевн гергарчара чӀагӀдо, иза цкъа а тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалаьцна вац бохуш. Амма хIетте а 2000-чу шарахь Веданахь цо амнисти йехнера, леррина цу Ӏалашонца пулемет карийна, иза федералан Ӏедалшка дӀайеллера цо. Батыкаевна амнисти йира, тӀаьхьо цо белхаш бина, къаьсттина, ФСБ-но персонал толлуш йолчу объекташкахь, хIинццалц схьа цуьнга цхьа а хаттар церан хилла дац.

  • Официалан верица, 2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархойн жимачу тобано тIом бинера шайл а дикка алсам болчу тIемалойн ницкъашца. Йерриг аьлча санна, хӀаллакйира и тоба. Эскархой байаран бахьана хиллера шайчара тIейеттар, аьлла хета бакъонашларъяран "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочунна Черкасов Александрна. Цунна бехке хила тарло федералан ницкъийн тобанан буьйранчалла.
  • Басаевн а, Хаттабан а тобанаша тIемаш бина Дагестанехь 1999-чу шеран мангал-беттан йуьххьехь болийна гезгамашин-бутт йуккъе баллалц. Талламан версица, цхьа эзар ахэзар гергга хилла нохчийн тIемалой. "Контртерроран операци" йолон цхьахдолчу бахьанех хилира и хиламаш.
  • Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, I990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина, цул тIаьхьа амнисти еллачарна а. Кавказ.Реалиино ма-дарра яздира иштачу цхьана гIуллакхах лаьцна – ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах.
  • Адвокаташа а, бакъоларйархоша а билгалдоккху Къилбаседа Кавказехь тIемалой бу аьлла лецначара дукха хьолахь кхелехь дIахьедеш хиларх, талламаш бечу заманчохь шайна тIехь Iазапаш хьегна даьхна ду шайгара харц дараш олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG