„Максим Горький“ театр немцойн коьртачу шахьарахь уггаре а тоьллачех ларалуш ю. Цу театрехь хуьлуш йолу хIора премьера а, ког билла меттиг боцуш, дукха адам гулдеш а, исбаьхьалла езачарна юккъехь вуно лоруш а хуьлу.
Ткъа кху деношкахь цара хIоттийна йолу спектакл-м, юкъаралехь тIаьхьарчу муьрехь шуьйра бийцаре бинчу хиламца йоьзна иза хиларна, хIетте а аншлагца гайтира. И спектакл лерина яра Москохарчу килснахь Путин емал веш йиш лакхар бахьана долуш набахте йоьллинчу Пусси Райот тобанна гуонахьа кхолладеллачу хьолана.
Бёлль Генрихан цIарахчу фондехь гайтина хилла йолчу спектаклан цIе Пусси Райт аьлла, тиллинера цуьнан авторша, цу кепара, ингалс маттера "riot", аьлча а, „гIаттам“, „къепе дацар“ боху дош "right" бохучу, нохчийн маттахь аьлча, „бакъо“ бохучу маьIне а доккхуш.
Цу спектаклан коьрта продюсер волчу Маас Девида дуьйцу, ша а, шен белхан накъостий а и проект ян дуьйлачу хенахь, шайн цу тобанна юккъера кхаа зудчунна тIехь Москохахь еш йолу кхел – иза ша а еккъа цхьа спектакл, цхьа фарс йолуш санна синхьаамаш бара, бохуш.
Цундела шайна кхин дукха хан а ца ийшира и спектакл кеч а йина, хьовсархошна дIагайта, боху цо, хIунда аьлча, „оха цигахь дан дезнарг цхьа хIумий бен дацара: ширачу Грецерачу драматурга Софокла масех эзар шо хьалха язйина йолу „Антигона“ Оьрсийчоьнан таханлерачу денца цхьаьна йозар бен, ткъа кхин дIа дерг Москохарчу кхелахоша иштта а динера“, - бохуш дийцира цо спектакл хьовсархошна йовзуьйтуш.
Бёлль Генрихан цIарахчу фонде спектакле хьовса баьхкинчарна юккъехь немцойн бевзаш болу политикаш а, адмийн бакъонашларъярхой а бара. Царна юккъехь яра баьццарчу партин цIарах Европарламентан депутат а, Малхбалерачу Европехула тергамча а йолу Бек Марие-Луиза а.
Политик ша а хиллера массийтаза Москохарчу Хамовникерачу кхелехь Пусси Райот тобанна тIехь дIахьочу процессана тергам бан яхана. Цо иштта дийцира шена и кхел дIайоьдучу хенахь цу тобанера кхаа йоIа бинчу тIеIаткъамах лаьцна.
Бек Марие-Луизе: „Оцу кхааннах хIинца цхьа ша тайпа симболш хилла, масала, аьр вай, маршонашкахь къуьйсучу боламан седарчий тайпа хIума хилла царах. Ма-дарра аьлча, доккха доьналла долуш зударий бу уьш, шайна хетарг дIаала майралла а йолуш, шаьш болийначу некъа тIехь чекхбовлуш а болуш.
Ткъа Путинна хьалха хIинца цхьа керла проблема хIоьттина - хIинца дуьйна дIа оппозицин керлачу агIонца къийса дезар. ХIунда аьлча, юкъараллин жигархоша интернет маша а, исбаьхьаллин ницкъ а караберзон болийна, шайна хетарг нахалахь даржадархьама“.
Изза ойла йолуш вара спектакл хIотторехь а, гайтарехь а жигара дакъа лаьцна волу Бёлль фондан белхахо Рёмер Кристиан а. „Театранний, политиканий юккъера я исбаьхьаллиний, адамийн дахарний юккъера доза тахана, цкъа а ца хиллачу кепара, дуткъаделла.
Исбаьхьаллехь къахьоьгуш долу нах тхаьш хиларх терра, тхо тешна дара, таханлерачу хьолехь, цхьанна а кепара вистхилар а доцуш, Iер – иза уггаре а эшна болу некъа хиларх. Цундела цу кхаа йоIе дош а луш, хьовсархошна гайта лаьара тхуна, маццахехь дIадаьлларг а, таханлера де а мел вовшех тера догIуш ду“, - элира цо.
Бакъдолш, спектаклан авторша ширачу Софоклан „Антигона“ цIе йолчу пьесерачу диалогашна тIе таханлерачу дийнера кийсакаш яхкаро хьовсархошна дицдо, хуьлуш дерг хIинца, вайн заманахь ду теша я ширачу Грецехь лаьттинарг ду теша, бохург.
Авторша шех „Москохарчу панк-тобанна тIехь ечу кхелах лаьцна йолу текстан коллаж“ алла цIе тиллина йолу спектакл доллучу дуьненехула яьржинчу видеокийсакца йолаелира - Хамовникерачу кхелехь цу тобанна декъашхошна кхел дIакхайкхор гойтучу кийсакца.
Цул тIаьхьа сцени тIехь Iачу ролашловзархоша юхаметтахIоттийра кхелехь лаьттина хилла долу хьал - тешашка бина хилла хеттамаш а, кхелахочуо бина сацам, кхеле озийначу кхаа зудчуьн тIаьххьара дош а. Баккъал а кхело бинчу сацамна юккъера схьаэцна йолу кийсакаш спектаклехь Софоклан дешнашца говза эйинера авторша.
Цу авторехь цхьаъ волчу Маас Девида ма-аллара, Путина Пусси Райот тобанна беш болу бекхам дукха чIогIа тера бу эзар шераш хьалха Грецехь Креонта Антигонина бинчу бекхамах. ХIетахь Фивийн эла хилла волу и Креонт а ма вара, пачхьалкхан къепе адамийн бакъонел еза ю, аьлла, тешна.
Цундела хила мега спектаклехь декна долу „Паччахьа бохучунна массо а хIуманна тIехь къера хила веза массо а, иза нийса велахь а, вацахь а“, боху дешнаш Оьрсийчохь а, цо олалла дечу цхьацаболчу кхечу мехкашкахь а яржош йолчу къепенашкара схьаэцча санна.