Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира ша волчохь тIеийцира нохчийн республикан куьйгалхочун 17 шо кхаьчна волу кIант Кадыровн Ахьмат. Цара цхьаьна даьхна сарташ шен телеграм - каналехула даржийра республикан куьйгалхочо.
Цу цхьаьнакхетарехь Кадыровн кIанта дийцира ша республикехь дIахьочу балхах лаьцна - шен 16 шо кхочуш дIаволавелла Ахмат берийн-кегирхойн боламан куьйгалхочун даржехь къахьега.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо схьадийцарехь, кIанте Путина дийцира цуьнан ден дех Кадыров Ахьмат-хьажех лаьцна. Шаьш къобалвинчу дуьххьарлерчу Оьрсийчоьнна муьтIахь хиллачу президентах. 2004 -чу шеран стигалкъекъа-баттахь Соьлжа - гIалахь кхелхина волчу. И цхьаьнакхетар официал - тIегIан тIехь ца хилла хилар а билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Нохчийн республикан куьйгалхочун гергара нах - бераш, йижарий, йишин доьзалаш, шичой, маьхчой- лаккхарчу даржашка дIахIиттош хилар "Кавказ. Реалии" сайто хьалха а моссуьйтуза дийцина дара. Уьш массо схьаецча, 100 сов гергга нислора. И хьал иштта хиларан бехк шена тIера дIатоттуш, регионан куьйгалхочо, элира: "со тешна ву - сайн гергара нах айса цу белхашка хIиттор бахьана долуш цхьаьллиг цхьа эхь суна хета догIуш цахиларах. Махкахь долчу хьолахь жоп лушверг со ву. Тхайна тIедехкина декхарш оха дикка кхочушдичхьана, хьенан хIун бала бу? Ма кIезга сагатло сан аша дуьйцучунна."
- ДIадаханчу кIирнахь Кадыров Ахьматан цIарах йолчу фондо дIакхайкхира 100 эзар сом 100 керлачу доьзална лург хилар хоуьйтуш. Мехкан куьйгалхочун берхIийтта шо кхачанза волчу кIанта зуда ялочу денца нисдина дара иза.
- 2021-чу шеран декабрехь Кадыровн шоллагIчу кIентан Iелин 15 шо кхечира. Цу денца иза вазвеш республикерчу хьаькамаша а, политикхоша а шайн аккаунташкахь уьш декъалбарца ловцаш а бира. Юха дечкен-баттахь а - иштта - ворхI шо кхаьчначу Эсетна а, Шейх- Ахьматна а.
- Курчалой-эвлахь йинчу керлачу спортан гIишлонна тиллира 15 шо кхаьчначу Кадыров Iелин цIе.
- 2020-чу шеран гIуран-баттахь Кадыровн шоллагIа йоI Хадижат Соьлжа-гIалин берийн бошмийн урхаллин куьйгалхо хилла, дIахIоьттира.