ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна критика яр алсамдаьлла Малхбузенехь


Политикан карикатура (Автор: Кустовский Олексей)
Политикан карикатура (Автор: Кустовский Олексей)

Литвиненко Александр веран хьокъехь кхелан ладогIмаш дIабуьйлабаларца а, Украинехь тIом марсабаларца а доьзна Путин Владимирна йеш йолу критика алсам яьлла Малхбузехь.

Шина баттахь герга дахлун долчу Литвиненко верх йолчу кхелан ладогIмийн цхьа дакъа къайлахчу режимехь дIахьур ду. Иза доьзна ду, Британерчу Iедалхойн кар масех пачхьалкхан къайлахчу сервисаша бинчу талламашкара дийна цхьа могIа гIардаха йиш йоцу хаарш кхачарца. Журналисташка а, тергамхошка а ладогIийта магийначу декъехь дакъалоцуш хир ву, мел кIезга а, 70 теш, Литвиненко Александр вевзаш а, иза веле хьалха цуьнца зIенехь хилла а волу.

Цу юкъана кхелан ладогIмийн хьалхарчу дийнахь Iедалхойн адвокат волчу Там Робина гулбеллачарна довзийтира Литвиненко Александра ша валале хьалха дина долу тоьшаллаш. Шена дIаьвш даийнийла а, цунах товала йиш йоцийла а кхеттачу Литвиненкос британхойн полицига дIахьедар динера, и талор динарш оьрсийн къайлаха сервисхой бу, ткъа иза де аьлларг Путин Владимир а ву, аьлла.

„И система сайна дика евзаш хиларх терра, со тешна ву кхечу пачхьалкхан вахархо, къаьстина Британи санна йолчу пачхьалкхан вахархо, цу пачхьалкхан лаьтта тIехь ве аьлла омра цхьана стаго бен дала йиш яц. Иза Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир ву“, - аьллера Литвиненкос ша валале хьалха. Кхузахь хьахон догIу, Британерчу Скотланд Ярдо Литвиненко вийна дуккха хан ялале, 2006-чу шарахь, дIахьедар дира, шаьш толлуш цу зуламан 4 верси а ю, цу хIора а версехь Путин Владимиран лараш а ю, аьлла.

И хIума цхьаьнадогIу кху деношкахь Британерчу Daily Telegraph газетано зорба яьккхинчу гIовгIанечу артикалца. Цара яздора, Цхьаьнатохначу Штатийн, Британин къайлахчу сервисашка шеокнаш йоцу тоьшаллаш ду, Литвиненко вейтинарг Кремл хиларан, бохуш. И тоьшаллаш диссидент верна бехке бечу наха вовшашлахь дIасаяздинчу имайлашкара а, церан телефонехулчу къамелашкара а гучудевлла, газетано чIагIдарехь.

Оцу газетано кхелан ладегIамийн хьалхара дийнан жамIаш деш шен артиклан цIе тиллинера „Путин бехкебечийн гIента тIехь“ аьлла. „Литвиненко вер талларо гойту, кхелана гучудаларехь иза ве аьлла омра деллачу волчу Оьрсийчоьнан куьйгалхочух Малхбузе теша мегар доцийла“, - аьлла яздинера газетано, Литвиненкох йисина йолчу цуьнан хIусамнанас кху масийта шарахь къар ца луш къахьегар бахьана долуш бен Кремлан, къаьстина Путин Владимиран, бехк гучубаккха аьтто хирг ца хилар билгал а доккхуш. „Кхело бакъдолчехь бехке веш верг Ковтуний, Луговой вац, Путин Владимир ву.

Нагахь санна и гIурт цуьнан омрашца кегийна хиллехь, - цуо ша иза дацаре дахь а, - тIаккха цуо кхечу пачхьалкхехь стаг верна санкци елла хуьлу, эзарнаш лондонхойн дахарна кхерам а кхуллуш. ХIинца Путина тIехула тIе ша Украинехь а, ГIирмехь а лелийнарг ца гуш, сатуьйсу, шега пачхьалкан куьйгалхочуьнга санна ларам хиларе, амма иза кхин дIа а хийрачу пачхьалкхийн гIуллакхашна юккъе а гIерташ, ирах кхийсалуш волу талорхо санна лелахь, цхьа а ларам гур бац цунна“ “, - бохуш яздо Daily Telegraph газетано.

Ала догIу, Литвиненко вер хьокъехь Лондонехь дIахьош йолу процесс вуно Оьрсийчоьнна ца томечу муьрехь йолаелла хилар. Украинехь тIом юхамарсабаларий, и бахьана долуш Кремл а, Путин Владимир а керлачу гуонехь дуьненан юкъаралло критике ярий алсамдаьллачу деношкахь Британехь гаррехь Кремле кхаччалца лараш юьтуш вийна волчу Путинан дуьхьалончин дов листар, хетарехь, кху деношкахь ца хилийта дукха хIума лур дара Оьрсийчоьнан куьйгалло.

Ша Британи а яцара, ала дашна, хIинца Украина бахьана долуш Кремл а, Путин Владимир а дуьненан юкъараллехь сел аьшна ван волаваллаца, башха сихлуш Литвиненко вер Кремлаца доьзна хилар гIардаккха. Амма, немцойн Ди Велт газетано билгал ма-даккхара, шен Украинерчу питанашца Путино ша шех дуьненан куьйгалхойх дIакъаьстинарг вар бахьана долуш хийцина Британин куьйгалло шен Литвиненко верах йолчу процессе хьежамаш.

XS
SM
MD
LG