ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Кадыровца цхьаьнакхетта, цуьнан могушалла эшна боху хаамаш баьржича


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, 2023 шеран мангал-беттан 28 де. Архивера сурт
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, 2023 шеран мангал-беттан 28 де. Архивера сурт

Гезгмашин-беттан 27-хь Путин Владимир Кремлехь цхьаьнакхетта Кадыров Рамзанаца. Президентан пресс-секретарна Песков Дмитрийна тIетевжаш цунах лаьцна дIахьедина РИА "Новости" пачхьалкхан агенталло. Кадыровн могушалла вуно эшна йу боху хаамаш баьржачу йукъанна хилла цхьаьнакхетар.

Республикерчу хьолах дийца барт бинера олу Путино арахецначу видео тIехь. Регионехь кхачамбацарш бац, олий жоп ло Кадыровс.

Украинерчу тIамехь нохчийн эскархоша кхиамаш бахарх а дозаллаш до республикан куьйгалхочо: "Эскархойн догойла дика йу, со наггахь бIаьрг тоха воьду. Церан дерриг хеттарш кхочушдо оха: зIе, техника. 100 гIагIдиллина машен эцна". Амма марсхьокху-баттахь Нохчийчуьрчу эскархоша латкъамаш бора, шайн гIаддайна хьал ду бохуш.

Гезгмашин-баттахь зорбанашкахь хаамаш баьржира, Кадыровн хьал цIаьххьана хийцаделла, и ЦКБ-хь дарба лелош ву аьлла. Масех нохчийн оппозицин телеграм-каналаша шайн хьасташ билгал ца дохуш дIахьедира, Кадыров кхетам чохь вац аьлла.

Цул тIаьхьа Кадыровн телеграм-каналехь и ша тIехь волу видео гучуйелира. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо аллей йуккъехула дIавоьдуш хьехарш дора, "аьшпаш бакъдолчух ца къасталуш болчу нахе хIаваэ бовлий", шайн "ойланаш метта йалайе" бохуш. Шен могушаллех хIумма ца олу цо. Видео Соьлжа-ГIалахь йаьккхина бохуш дIахьедора, амма и йаьккхина меттиг, йа терахь билгалдаьккхина дац.

Президентан Путин Владимиран пресс-секретарь Песков Дмитрий шозза дуьхьал хилира Кадыровн могушаллех лаьцначу хеттаршна жоп дала.

Чолхечу хьолан федералан министраллин куьйгалхочуьнца Куренков Александрца хиллачу цхьаьнакхетарехь дIайазйина видео хIоттийна Кадыров Рамзана пIераскан дийнахь. ЦхьамогIа тамашена хIуманаш ду оцу роликан видеоца а, аьзнашца а.

  • Иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхин а видео хIоттийра, цу тIехь цомгаш волчу шен девешина тIехIутту иза. ЧIагIдарехь, видео дIайазйина гезгамашин-беттан 21-чохь Оьрсийчоьнан президентан гIуллакхашкахула йолчу урхаллин Москвара Коьртачу дарбанан цIийнехь. Ролик гучуйелира, Кадыров Рамзанехь вон хьал ду бохуш, хаамаш баьржинчу йуккъехула.
  • Хетарехь, Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органашца йоьзначу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало, шен хьасташна тIетевжина хаамбира, кIирандийнахь Iуьйранна ЦКБ-н кертахь нохчийн номерш йолу машенаш гулйеллера, машенех талламаш а ца беш, уьш чу йуьтура бохуш. Информаци тIечIагIйеш кхин тоьшаллаш хилла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG