Украинин малхбалехь тIом болабелча дуьйна схьа а, Оьрсийчоьно ГIирма ахгIайренна аннекси йинчул тIаьхьа а дуьххьара вогIуш ву Путин Владимир Германе. Ткъа Нормандера диъ форматехь уьш тIаьххьара Парижехь вовшахкхеттачул тIаьхьа нийса шо даьлла.
Цул тIаьхьа яханчу заманахь кхин а чолхе йирзина Оьрсийчоьнан, Малхбузенан юкъаметтигаш, хIунда аьлча Украина бахьана долуш иштта а галмарзах баьлла хилла цу шина агIонна юккъера барт кхин а чIогIох боьхна Шемахь оьрсийн эскарша маьршачу нахана бомбеш етташ латтош долу Iазап бахьана долуш.
Делахь а, хIинцалерчу цхьаьнакхетаран тема Шема хир яц, Украинера хьал хир ду. Аьлча а, коьртачу декъехь Оьрсийчоь Минскехь ши шо хьалха бина болу барт ларбарна тIеялон гIортар.
„Нормандийн форматехь 2015-чу шеран гIадужу беттан шозлагIчохь тIаьххьара цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа канцлеро Берлине кхайкхина Францин, Украинин, Оьрсийчоьнан президенташ, Минскера барт кхочушбар дийцаре дан а, кхин дIа яха йиш йолу гIулчаш лаха а“, - иштта ду цу цхьаьнакхетаран хьокъехь Германин урхаллин сайта тIехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь аьлла.
Шен рогIехь, Францин урхалло журналисташлахь яржийначу пресс-релизехь билгалдаьккхина ду, цу цхьаьнакхетаро Путинан, Порошенкон позицеш кхин цкъа а билгалъяха а, вовшашна герга ялон а гIо дийр ду, ткъа цул совнаха, кхин дIа хIун дан йиш ю Украинин малхбузехь машар хIоттон бохучунна жоьпаш лахарехь а цхьа мехала гIулч хир ю иза, аьлла.
Амма цу кепара оптимизмах доьттина дIахьедарш Европин векалша дахь а, хетарехь, цу цхьаьнакхетарехь дакъалаца вовшахкхеташ берш массо а шеконаш йолуш бу, Берлинерчу саммито боккъал а Украинерчу хьолехь хийцамаш бийр бу бохучух.
Путинан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс ТАСС агенталле кхаари дийнахь аьллера, „баккхийчу хийцамашка сатуьйсуш дац тхо“, аьлла. Цо дийцарехь, рогIерчу цхьаьнакхетаран Iалашо „тхо мичахь лаьтташ ду къастор а, Минскера барт кхочушбан хьан я стев новкъарлонаш йо бохург къастор а ю“.
Яккхий шеконаш ю Берлинера цхьаьнакхетар боккъал а кхиаме хир ду бохучух Малхбузерчу тергамхойн а. Амма мелла а керланаш цу саммито дохьур ду аьлла хета царна.
Иштта Цхьаьанатоьхначу Штатийн Украинехь векал хиллачу Хербст Джона ша The Christian Science Monitor газетина еллачу интервьюхь карладаьккхира, даханчу шарахь шаьш тIаьхьара вовшахкхеттачул тIаьхьа Меркелс а, Олландс а дIахьедар дина хилар, рогIера цхьаьнакхетар Путинан а, Порошенкон а билгал вовшашка кховдо керла идеяш хилчий бен дIахьур дац, аьлла.
И хIума тидаме эцча, сатуьсийла ду, шина пачхьалкхан куьйгалхоша мелла а яьхна а вовшашна дуьхь-дуьхьал вогIуш гIулчаш яха там бу, аьлла тешна ву Хербст. Бакъду, коьртачу декъехь Берлине ван Путин резахилар – иза компромисна кийча хилар дац, шен хьал, ша Украинехь а, Шемахь а лелош дерг гушшехь, хIетте а Малхбузехь юха а легитиме даккха гIортар ду аьлла хета цунна.
Уггаре а вевзачех Оьрсийчоьнах немцойн эскперт ларалучу политологна Шредер Ханс-Хеннигана, ала дашна, иза Кремлан леламашна шога критика еш хиларна масех шарахь дуьйна Оьрсийчоь ца воуьйтуш волчу, хетарехь, дукъа боккха кхиам хIинцлерчу цхьаьникхетаро бийр бацахь а, амма мелла а жамIаш цо дала мегаш ду.
„Йеа пачхьалкхан куьйгалхой ишттанехь, сагатдаларна вовшакхеташ ца хуьлу“, - элира цо немцойн АРД телеканалехь ша вистхуьлуш. Цуьнца цхьаьна амма тергамхочо билгалдаьккхира, нагахь санна Путин Владимир Берлине ван резахиллехь, иза ша а кхеташ ву, ша шеца, вогIуш, муьлха а цхьа компромисе гIулч яккха резахилар дан дезийла бохучух.
Цу юкъана Путин Владимирна дуьхьал бовла кечбелла бIеннаш Берлинера юкъараллин жигархой а, адамийн бакъонашларйархой а. Оьрсийчоьнан президентан кема охьадоьссинчу кеманийн портера дуьйна схьа йеа пачхьалкхан куьйгалхой вовшакхетачу Бундестаган гIишлонна тIе кхаччалца дуьхьалонан акцица арабовла дагахь бу уьш, Кремлан куьйгалхо адамаллин дуьхьал зуламашна дарна бехке хилар гойту транспаранташ а эцна.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832