ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Владимира  Гуьржийчоьнна, Оьрсийчоьнна йуккъера авиарейсаш йухамагийна


Гуьржийчоьнна, Оьрсийчоьнна йуккъера авиарейсаш йухамагийна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Иштта йухабаьккхина цо Гуьржийчоьнан махкахошна визанаш эшаран сацам а. Украинехь Оьрсийчоьно бен тIом Тбилисино къобал ца бешшехь, бина бу и сацам.

Гуьржийчоьнца йолу авиа-зIе Тбилисера гIаттамаш бахьана долуш 2019-чу шарахь Оьрсийчоьно дIахадийра. ГIатаммаш буьйлабелира гуьржийн парламентехь оьрсийн депутато Гаврилов Сергейс къамел динчул тIаьхьа. Иза спикеран гIант дIа а лаьцна, оьрсийн маттахь лен волавелира. Гуьржийн оппозицино гулам дIабохийра, Гаврилов ларвархоша Гуьржийчуьра араваьккхира.

Кхерамзаллин дуьхьа Оьрсийчоьнан махкахошна Гуьржийчу цабахар хьийхира Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. ХIинца и дехкарш дIадаьхна. Цкъачунна ("дипломатийн йукъаметтигаш метта ца хIиттиншехь, Оьрсийчоьнан, Гуьржийчоьнан махкахошлахь йолу контакташ аттаче йахаран") хоршахь бина сацамаш бу, элира министраллехь болучара.

2008-чу шарахь Оьрсийчоь къилбехьарчу ХIирийчоьнна, Абхазин латтанаш тIейаьлча, дIахедийра Гуьржийчоьно Оьрсийчоьнца йолу дипломатийн зIенаш. Гуьржийчоьно и мехкаш оккупацехь ду боху. Цо бехкейо Оьрсийчоь шен пачхьалкхан латташна тIекховдарна.

Гуьржийчоьнан къоман зерийн урхалло дийцарехь, 2022-чу шарахь доккхачу декъана - Оьрсийчоь Украине чуйахачхьана, пачхьалкхе эмиграци йина 62 эзар сов адамо. Иштта кхуза йухабирзина хьалхо Оьрсийчу баха дIабахана гуьржий а. ТIаьхьарчу шарахь Гуьржийчоьнан экономика 10% хьалайаьлла.

Оьрсийчоьнан махкахой цхьана шарахь виза йоцуш Гуьржийчохь Iен йиш йолуш бу. Хьалха Оьрсийчу баха луучу Гуьржийчоьнан махкахошна а оьшура виза. Стигалкъекъа-беттан 15-хь дуьйна Путинан сацамца Гуьржийчоьнан махкахой Оьрсийчохь хIора эхашарчохь виза йоцуш 90 дийнахь Iен таро йолуш бу.

2022-чу шарахь Оьрсийчоь Украине тIамца чуйахар Гуьржийчоьнан Iедало къобал ца дира. Оьрсийчоьнна хIиттинчу дуьненайукъарчу экономикин санкцешна тIетайра. Амма пачхьалкхо шен санкцеш йукъа ца йехира. "Къоман хьежамаш, кхерамзаллин, экономикин агIонаш хиларна", иштта дийцира 2022-чу шеран мангалан-баттахь Гуьржийчоьнан премьер-министро Гарибашвили Ираклийс

Гуьржийчоьнан дозанхоша нохчийн журналистана Гериев Жалаудинна Гуьржийчу вахар дихкира. Иза цу сацамна латкъам чубала дагахь ву. Гериев мангалан-баттахь Будапештера Тбилиси вахара. Цо бахарехь, дозанхоша зераш дан цуьнан документаш дIаийцира. Йуха журналист цхьалха йолчу кабинет чу кхайкхина, цунна пачхьалкхе вар дихкина ду элира. Бахьана ца дийцира.

2022-чу шеран гезгмашин-баттахь Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхайича, Гуьржийчоьнан дозанехь арахь буьйсанаш йохуш Къилбаседа Кавказера адамаш латтар гIараделира. Хьостанаша дийцарехь, цу лаьттачех 90% адамашна пачхьалкхе чубахар, дуьйцуш бахьана доцуш, ца магийра. Амма шаьш дозанхоша и хаамаш бакъ хилар тIе ца дитира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG