ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Владимирца цхьана даьккхина сурт хIоттийна инстаграмехь Кадыров Адама


Путин Владимир а, Кадыров Адам а, Кадыров Адаман инстаграмера сторисера скриншот
Путин Владимир а, Кадыров Адам а, Кадыров Адаман инстаграмера сторисера скриншот

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 16 шо долу кӀанта Кадыров Адама шен инстаграмехь зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьана даьккхина ши сурт. Дахначу шарахь Соьлжа-гӀаларчу СИЗО-хь, Кадыров Адама йиттира Къуръан дагорна бехке вечу Журавель Никитана, цул тӀаьхьа дуккха а совгӀаташ а делира цунна.

Кадыров Адаман инстаграмера сторисе хIиттийнера и суьрташ, цхьана а кепара бухахь йоза а ца деш. Хетарехь, де хьалха Путин Нохчийчохь хиллачу хенахь даьхна ду уьш, цхьана суьрта тӀехь кхиазхо Путинца кеманна уллохь лаьтташ ву.

Кхечу сурта тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин хӀусамехь Путин лаьтташ ву Кадыров Адамца а, цуьнан баккхийчу вежаршца, республикехь спортан министр волчу 18 шо долчу Ахьмадца а, республикан боксан федерацин а "Ахмат" спортан клубан куьйгалхо волчу 17- шо долу Элица а. Иштта оцу суьрта тӀехь бу КадыровгIеран цIийнах волу йалх кӀант, вешин кӀант Хьамзат (дукха хан йоццуш республикерчу Кхерамазаллин Кхеташонан секретарь хӀоттийна иза).

Шен инстаграме хIоттийра Путинца даьккхина сурт республикера Iедалан вице-премьера Кадырова Iайшата а. Шен "дахарехь уггаре мехалла мIаьрго йу иза" йаздира цо, "даимна а дагахь лаьттар йолуш".

Маьрсхьокху -беттан 15-чу дийнахь Соьлжа-гӀаларчу СИЗО-хь йиттира Кадыров Адама Къуръан дагорна бехкевинчу Журавель Никитана. Полисхой реза ца хилара гӀуллакх доло, хӀунда аьлча, цу хенахь Кадыров Адаман бехктакхаман жоьпаллин хан тӀекхаьчна йацара.

Цул тIаьхьа цунна йелира "Нохчийчоьнан турпалхо" цIе а, республикан куьйгалхочун кхерамзаллин декъан куьйгалхочун дарж а, лаккхара орденаш йелира ГIиргIазойнчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а хьалха гIуллакхаш кхочушдарна, ишта "Даймехкан Сий" орден а, кхин а динан "Умматан хьалха декхарш кхочуш дарна" а, I-чу бараман "Ислам динан гIуллакх дарна" орденаш а, "Трудовая доблесть России" мидал а, "Оьрсийчоьнан спезназан университетан гIуллакх дарна" I-чу бараман мидал а. Хьахийначерах цхьа йолу мидалш цунна лойла дацара, ханна иза жима хиларна.

  • Нохчийчу вахначу заманчохь Путин Владимир хилира Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" (РУС). Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаца "лаамхой" бу цигахь кечбеш. Иштта иза вахара республикан дуьххьарлера Оьрсийчоьнехьа хилла президент Кадыров Ахьмад дӀавоьллинчу кешнашка а, Соьлжа-ГӀаларчу Ӏиса-пайхамаран цӀарахчу керлачу маьждиге а. Цигахь цуьнга делира "Нохчийчоьнан сийлахь вахархо" аьлла тоьшаллин кехат. Шайн цхьанакхетарехь Кадыров Рамзана йовзийтира Соьлжа-гӀалахь Путинан цӀарах хинйолу керла кӀоштан макет а. Цул тIаьхьа иза цхьанакхийтира Кадыровн хӀусамненаца Медница а, ненаца Айманица а – тӀаьххьарниг декъалйира цо 2022-чу шарахь ша цунна йеллачу Сийлаллин орденца. Шен къамелехь Кадырова Айманис баркалла элира Оьрсийчоьнан президетана, шен кIантана мел динчу гIоьнна (хӀун гIо дуьйцу, билгал ца даьккхира цо). "Иза хила дезаш хӀума ду, доттагӀашна йукъахь хила деза, даима а вовшашна гӀортор латтон йеза вай”, - элира Путина.
  • Товбеца-баттахь Путин Владимир цхьаьнакхийтира Кадыров Элица. Кадыров Рамзана бахарехь, Путина декъалвира кIант хиндолчу захолонца, шен къамелехь хьахийра цуьнан деда Кадыров Ахьмад а.
  • Стохка, зазадокху-баттахь Оьрсийчоьнан президентаца дуьххьара цхьанакхетар хилира хӀетахь кхиазхо волчу Кадыров Ахьмадан. Кегийрхойн "Хьалхарчийн болам" Кремлехьа долчу регионан декъан куьйгалхо вара иза цу заманчохь.
  • Meta компанин долахь йу инстаграм, иза Оьрсийчохь экстремистийн а лерина, йихкина йу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG