ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина Юха а Критика Йина Малхбузенна


Оьрсийчоь -- Премьер-министр Путин Владимир президент харжаран кампанехь дакъа лоцуш ваханера Курган гIала,13Чилл2012
Оьрсийчоь -- Премьер-министр Путин Владимир президент харжаран кампанехь дакъа лоцуш ваханера Курган гIала,13Чилл2012

Оьрсийчоьнан премьер-министро Путин Владимира шен рогIера йозанаш арахьарчу гIуллакхашна хьажийна, ткъа Малхбузехь цо яздинчо мацах Мюнхенехь цо дина девне къамел карладаьккхина.



Путин Владимира шен рогIера артикл арахьарчу юкъаметтигашна хьажийнехь а, хIинццалц цо дийцинчул керла хIума дацара цу йозанехь.

Мелхо а, ша президент волуш Путина мосуьйттоза Малхбузенан агIор йина хила йолу Iиттарш а, бехкаш дахар а, кхерамаш тийсар а дара цу артиклехь.

Оьрсийчоь ницкъ болуш, гIора долуш хилахь бен лорур яц дуьнентIехь. Даиман а йозуш йоцу арахьара политика дIакхехьа аьтто болуш хилла Оьрсийчоь. Иштта кхин дIа а хир ду, бохуш, яздо Оьрсийчоьнан премьер-министро.

Шен Iедалехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, НАТО тIеман блокан а бехк бо цо Оьрсийчоьнца хила ма-деззара лераме ца хиларна. Цхьаьнне а бакъо яц шена Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллин декхарш а, бакъонаш тIеэца, къаьстина кхечу пачхьалкхийн гIуллакхашна тIеман ницкъаца юкъагIертарехь, бохуш, яздо Путина кхин дIа.

Оцу тайпачу Малхбузене а, Iамерке а, НАТО-н а агIор а хьажийна долчу оьгIазечу дешнаша мацах 2007 шарахь Мюнхенерчу кхерамазаллин конференцехь Путин Владимира дина хилла оьгIазе къамел дага тасийтина дукхах болчу Европерчу аналисташна.

Царах цхьаъ ву немцойн политолог Юрген Остроп. Остропа билгалдоккху, Iетахь президент хиллачу Путина дуьххьара оцу кепара хьул а ца деш девне къамел дира Малхбузехь Оьрсийчоьнца кхин бегаш бойтур бац шаьш, бохуш. Масала, НАТО-н хьокъехь Путин Владимира хIетахь иштта элира.

Путин: Ткъа демократех а, НАТО шорярах а лаьцна аьлча, НАТО универсала юкъаралла ма яц, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъаралла санна. Иза уггаре а хьалха тIеман-политикан блок ю.

Дера шен кхерамазалла Iалашяр массо а пачххьалкхан бакъо ю. Оха цуьнца къийса а ца къуьйсу, тхо-м дац цунна дуьхьала. Амма НАТО шорйеш хилча тхан дозанашкахь тIеман инфраструктура хIунда кхолла езаш ю? Цунна дала жоп дуй тхуна?

Ткъа шен тIаьххьарчу артиклехь Путин Владимира иштта яздо: „НАТО-н леларан цхьайолу аспекташ вайн заманан кхиамца цхьанайогIуш яц, тешам бойуш ю“.

Ткъа НАТО шорярах лаьцна Путина яздо: „Ас хьахор а яцара и тема, нагахь санна цара и шайн ловзарш Оьрсийчоьнан дозанашкахь лелош дацахьара, цара вайн кхерамазалла техкош яцахьара, цара доллучу дуьнентIехь а хьал паргIат хиларна дуьхьала болх беш бацахьара“.

Олуш ма-хиллара, итт башхалла лаха хьовса цу шина къамелехь.
Цхьанатоьхна Штаташ, Путина дийцарехь, кхин йолу пачхьалкхаш гIелярца шен нуьцкъалла чIагIян йолчу идеяно бIаьрзина ю. Ткъа иза, цуьнан дешнашнца, хила йиш йоцу утопи ю.

Иштта Iедалех йоьзна йоцу юкъараллашна а, адамийн бакъонашларярхойн цхьанакхетараллашна а критика йо Путин Владимира.

Иштта, масала, цо цхьацца йолу Iедалех йоьзна йоцу юкъараллаш арахьарчу ницкъаша, ахчанца гIо а деш, лелош ю бохуш чIагIдо. Изза цхьажимма кхечу дешнашца ша 2007 шарахь Мюнхенехь динчу къамелехь а дийцира Путина.

Путин: И Iедалшца йоьзна йоцу юкъараллаш, ма-дарра дийцича, кхечу пачхьалкхийн урхаллаш, ахчанаш а луш, лелош хилча, оха иза кхечу пачхьалкхийн инструмент санна лору, тхайн махкахь шайн политика лелон Iалашо йолу. И цхьаъ ду.

ШолгIаниг. Массо пачхьалкхашкахь а ю харжамийн кампанешна ахчанаш хьажош йолу программаш. Ткъа Iедалшца йоьзна йоцучу юкъараллашкахула кхечу пачхьалкхийн Iедалшкара дIахьуш финансаш латтор ду, пачхьалкхийн программашца билгал а даьккхина. Иза хIун ду? Демократи ю иза? Къайлах ахчанаш хьежор ду-кх иза, юкъараллех къайла а доккхуш деш долу.

ОвхIанехь а, Иракъехь а, ГIажарийчохьдолу хьал а хьахадо Путин Владимира шен артиклехь. Малхбузе цхьацца йолчу пачхьалкхашна гIуданаш тохарехь дукха генаяьлла бохуш яздо цо.
Жима хIума доллушехь санкцех я тIеман ницкъах лаьтташ йолу шен варзап хьалайоккху Малхбузено, бохуш реза вац Путин. Оцу тайпанчу политикан закъалтехь ГIажарийчоь а ю, аьлла, хета цунна.

Цундела ГIажарийчоьнан машаре заррат программа кхочушян йолу бакъо къобалян еза, цунна дуьхьала МАГАТЕ-н эксперташа цу программина тIехь хаддаза Iуналла а латтор долуш. Шема-пачхьалкхехь а, ГIажарийчохь а тIеман операцеш яран кхерам а карлабоккху цо Малхбузенна.

Путин Владимиран артикл Оьрсийчоьнан арахьарчу политикан хьажийна ялахь а, кхин цхьа а хIара ду, аьлла, керла хIумма а ца яздо Путин Вламдимира. Масех де хьалха ша оьрсийн тIеман а, эскаран а хьолах лаьцна яздинчу йозанашкахь санна, Оьрсийчоьнан коьрта проблема арахьарачу мостагIашкара лаьтта кхерам болуш санна дуьйцу цо.

Шен Iедалехь, девнечу риторикца цо оьрсийн къомана а, пачхьалкхана доллучу дуьненчохь гIелонаш ян гIерташ санна яздо, масаллийна дукха хан йоцуш Латвехь оьрсийн мотт хьокъехь дIаяьхьна хилла референдум а хьахош. Ткъа оьрсийн кегийрхоша тIаьхьарчу хенахь алсам яьккхина йолу социалан машанашкара жигаралла кхераме лору Путина.

Ала догIу, хIинцалера артикал Путин Владимира кху тIаьхьарчу хенахь язйинчерах ворхIалгIа ю. Оппозицин векалш и артикалша арайовлар Оьрсийчоьнан харжамех долу низам дохор лору, уьш агитацин Iалашонаш йолуш ю, бохуш. Бакъду, Оьрсийчоьнан коьртачу харжамийн комиссино иза дацаре до.
XS
SM
MD
LG