Малхбузерчу политикашна юккъехь, схьагарехь, цхьа а вац Оьрсийчоьнан президентан харжамийн жамIаша цецваьккхина. Европехь тIаьхьарчу масех баттахь Путин кхин цкъа а президент хоржур хилар хилла даьлла хIума санна тIеоьцура.
Бакъду, президентан харжамийн жамIех воккхавеш а вац Малхбузенехь цхьа а. Я уьш цIена а, нийсонна тIехь а дIабаьхьина харжамаш бара бохучух тешаш а. Бундестаган депутат волчу Герке Вольфганга ма-аллара, „и харжамаш а цIена хиллехь, кхин дIа мел хилларш муха бара бохург суна хаа а ца лаьа“.
Немцойн Аьрро Партин цIарах бундестаган депутат волчу Герке Вольфгангана цу боллучу а харжамашкахь цхьа дика хIума гира- Путинан кху муьрехь цкъа а ца хиллачу кепара дукха дуьхьалончаш хилар, кхера а ца кхоьруш, майра урамашкахь шайна хетар дIаала боьхьуш болу. Оцу хIумано сатийсам кхуллу немцойн политикехь, Путинан карьерин чакхе дIайолалелла бохучуьнга. Ткъа ша Путин Владимир шена гуонахьа лаьттачух кхетачуьра ваьлла аьлла хета цунна.
Герке Вольфганг: Цуо ша оьрсийн эскарна цкъа мацах хилла ницкъ а, сий а юхадерзор бу бохуш дуьйцу. Ткъа и цуьнга далург ду бохучух теша хала ду. Цул совнаха, Европехь оьшуш дерг герзаш лахдар ду, цу герзийн шорталлехь къийсадалар а доцуш. Суна схьахетарехь, Путин шена гуонахьа лаьттачух кхеташ вац. Цуьнан ницкъ лахлуш бу, ткъа хийцамаш хирг хиларан аматаш суна ца го.
Маршо радио: Политикана хетарехь, Путин „керла оьрсий“ шайх олучу совдегаршна тIетийжаш ву, ткъа уггаре а къечарна цуо деш хIумма а дац.
Цуьнца цхьана Малхбузе кхеташ ю, тIедогIучу дуккхаъ шерашкахь шен, лаахь а, ца лаахь а, Путинца цхьана белхаш бан безийла а. Харжамийн тергамхо санна Москоха яхана хиллачу немцойн баьццарчу партин векал йолчу Бек Мариелуизена кхеташ ду, Германи Оьрсийчоьнца дика юкъаметтигаш ца лелийча ер йоцийла.
ХIетте а, боху цуо, вай кхеташ хила деза, Путин альтернатива йоцучу харжамашкахь хаьржина вуйла. Ткъа оппозици кхиа Iедалан хаамийн гIирсаша цхьа а аьтто ца битнерий а. Цундела, цунна хетарехь, хIинца кхерам бу, Оьрсийчохь Путина сел хестийна стабилалла кхин дIа иштта лаьттар яц бохучунна.
Мариелуизе Бек: Система Путин кхин дIа а стабилалла бохучуьнца доьзна а доцуш, мелхуо а, и бахьана долуш махкахь машаречу хьолана болу кхерам кхоллабала сахьт дац. ХIунда аьлча, нехан самукъа ца долу, шайна аьшпаш буьттуш хилча. Ткъа харжамаш аьшпех маьрша хила беза.
Харжамаш дIахьучу дийнахь хилла а ца Iаш, уьш дIабахьале а, дIабаьхьанчул тIаьхьа а. ДIабахьале бохург – иза оппозици харжамашна юккъейитар бохург ду. Iедалан дай шайн даржашкахь хийца луучу кандидатийн и хийцамаш бан аьтто хилийтар а ду, - шайн кхаьжнашца.
Маршо радио: Ткъа официалан хаамашца харжамашкахь цхьа а хIара ю аьлла харцонаш я бозбуунчаллаш гучу ца евлла, уьш вунуо цIена чекх а бевлла, бохучу хьокъехь Бундестаган депутата Бек Мариелуизес элира.
Мариелуизе Бек: Иштта хуьлуш ду-кх иза, нагахь санна Харжамийн Комиссин коьртехь хьуна лууш долу терахьаш дIакхайкхон гуьнахь волу хьуна муьтIахь волу стаг ахь хIоттийча.
Маршо радио: Цхьацболчу немцойн хаамийн гIирсашкахь хеза, Путин Владимир шен шозлагIчу президентан гуонехь хьалха санна Малхбузенца дера а, демократина гома а ца хила ма мега боху сатийсаме аьзнаш.
Цу хьокъехь Германера уггаре а вевзачарех Оьрсийчоьнан аналист волчу Шоккенхофф Андреас элира, Путин хийцалур ву бохург бакъ дац, аьлла. „Путин, хьалха санна, къайлахчу сервисашна доIа деш ву, иза хьалха санна Оьрсийчоьнах массо а кхерийта лууш а ву. Модернизаци лакхара охьа ялур ю моьтту цунна, ткъа иза бакъ дац“, - элира Шоккенхофа.
Цунна хетарехь, могIарерачу нахана а лаьа, шайн аз айа а, иза мехала ларийта а, Iедалшна иза хазийта а. Ткъа цу кепарчу хийцамашна Путинан Оьрсийчохь меттиг хьалха а бацара, хIицна а хир бац.