ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина аьлла дешнаш хийцина Кадыровс: цу йуккъера иудейш хьахор дIадаьккхина


Кадыров Рамзан а, Путин Владимир а
Кадыров Рамзан а, Путин Владимир а

Путин Владимира Федералан гуламехь аьлла дешнаш йухаолучу Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана цу йуккъера дIадаьккхина иудаизман тIаьхье хьахор, цуьнан терго йина "Свобода (не) за горами" проекто.

Оригиналехь Путина элира: "Вайн салташа, эпсарша – керстано, бусалбаша, буддисташа, иудейн тIаьхьено шаьш дечуьнца дIахаийтина бIешерашкара схьадогIучу Оьрсийчоьнан къаьмнийн барт хилар – и Iаламат боккха, массо а хIумана тIехь толам боккху ницкъ бу". Делахь а, Кадыровс шен телеграм-каналехь йаздинчу цуьнан текста йуккъера дIахадийна иудейш хьахор, ткъа биссина кхечу динашкара векалш оригиналехь ма-хиллара, битина.

Цензура йина Путинан цитата зорбане йоккхуш, Кадыровс билгалдаьккхина, "Оьрсийчоьнан вахархочунна уггар а коьрта дешнаш ду хIорш, йуха ладоьгIна, йуха дешна, дагахь латтон дезаш" аьлла.

Йахначу гурахь ХЬАМАС-ан (Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа террорхойн лору) тобанхой Израильна тIелетта, царна дуьхьал ГIазза секторна тохарш дича, жуьгташна дуьхьал бийла буьйлабелира Къилбаседа Кавказехь. Дагестанера аэропортехь къепедацарш лелийра, дарйелла адамийн жIуга кема гIоттучу асане хьаьддера "Израилера мухIажарш" лоьхуш. Дуьненайукъарчу хаамийн гIирсаша а цхьаьна тергойира оцу гIуртан, цара хеттарш дора, жуьгтий а бехачу оцу регионехь сил чIогIа царна дуьхьало стенна йинера бохуш.

  • Израилан ХЬАМАС-ца тIом болабелчхьана Кадыровс дIахоуьйту, ша Палестинехь хилар, Соьлжа-ГIалара гуманитаран гIо а дохьуьйту цо, ГIазза секторера бевдда баьхкина нах тIеоьцу. Цо шога критика йо бусалба нах хьийзорна, делахь а гуттар а тергамза дуьту цо Оьрсийчуьра бусалба нехан бакъонаш эшор, иштта набахтешкахь долу хьал а. Нохчийохь лоьцу руспубликин урхалло магийна доцу динан гара лелош берш.
  • ГIадужу-бутт бовш Кадыровс шен телегарм-каналехь йаздира, ГIазза секторера 20 эзар доьзална кхачанан-сурсатийн гIо хьажийна шаьш аьлла. Цо билгалдаьккхира, шен нанас Кадырова Айманис "гIоьналлин акцишкахь" дакъалацарх – марсхьокху-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаршка йазйира иза, формалехь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан куьйгалла деш хиларна. Марсхьокху-беттан йуьххьехь Путин Владимира совгIат дира Кадыровн нанна – Айманина - Сийлаллин орденца.
  • Санкцеша шайн деш зен дац бохуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу наха кест-кеста дIахьедахь а, цуьнан критикашна и аьлла ца хета. Нохчийн бакъоларйархойн хаамашца, Кадыройн гергарчу нехан долахь йаккхий активаш йу Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь. Кадыров Ахьмадан цIарах фондан куьйгаллехь йолчу цуьнан нанна Кадырова Айманина дуьхьал санкцеш йаьхначул тIаьхьа, оьгIазе видео дIайазйира Кадыров Рамзана, катоххий тоьхна дозанаш йухадаха аьлла тIедожийра цо америкахойн Iедалхошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG