ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинах кхерар а, Кадыровн рожана лаьтта кхерам а: муха Iаткъам бо тIамо Нохчийчуьра хьолана


Нохчийн тIеман дакъойн ницкъаш гойтучу хенахь мехкан урхалхочун резиденцихь. Гайтаман сурт
Нохчийн тIеман дакъойн ницкъаш гойтучу хенахь мехкан урхалхочун резиденцихь. Гайтаман сурт

ТIом толлучу америкахойн Институто (Institute for the Study of War, ISW) денна мониторинг дIахьо Оьрсийчоьно Украинан дозанаш тIехь болийначу тIеман. Дукха хан йоццуш динчу зераш тIехь эксперташа билгалдаьккхира, меттигерчу бахархоша дуьхьало йан тардаларца а, президент Путин Влалимир шегахьа озабезамаш бечуьра сацарна а Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамаш алсамбуьйлуш хилар. ISW-н эксперташца цхьаьна Кавказ.Реалии сайто теллира, Украинана дуьхьал болийначу тIамо муха Iаткъам бина Нохчийчоьнна.

"Лаамхой" тIамна, ницкъахой– Кадыровна

Стохка аьхка ISW-н аналитикаша билгалдаьккхира, мобилизаци кхайкхайале хьалха Кремль Украинана дуьхьал болчу тIамехь кIезиг долчу къаьмнех пайдаэца гIоьртира аьлла. ХIетахь Нохчийчохь дIакхайкхийра "Север-Ахмат" а, кхин а цIераш техкина кхо батальон: "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат" а, "Юг-Ахмат" а кхолларх. Оцу дакъошна юкъа бахара полицин а, Росгвардин а белхахой а цхьана.

Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедора, керла дакъоша дукха ца Iаш дузур ду тIеман министраллин эскарш бохуш. Нохчийчоьнна тIаьххье, Украинана дуьхьал болийначу тIаме хьийсон "цIерашца" лаамхойн батальонаш вовшахйетта буьйлабелира кхечу регионашкахь а. Делахь а, тIаьхьо Кадыровс къастийра, регионера ара а даьхна, шен дакъош цига хьийсон дагахь вац ша аьлла.

ХIетахь эксперташа хьесап дира, тIаме баха ца луучийн дуьхьало кхуьуш хила тарло республикехь аьлла. Царна хетарехь, шен ницкъахой бисийта мехкан куьйгалхочун лаам Iоттало федералан центран тIамехь нохчийн тIемалой алсам хилийта лаарца а, Кадыровна Оьрсийчоьнан президент шена кхин дIа а муьтIахь хила лууш хиларца а.

Цундела керлачу батальонийн метта Нохчийчоьно марсхьокху-баттахь Украине "лаамхой" хьовсийра, иштта Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара а цхьана, Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" Iаморашкахь хилла болу.

ХIетте а, Нохчийчохь лаамхой олурш вовшахбетташ дIахьочу мостагIаллин кампаних лаьцна Оьрсийчоьнан бакъоларйархоша дийцина а ца Iара. Украинин тIеман талламхойн коьртачу урхалло хаамбира, нохчийн кегийрхой лаамхойн керла йиъ батальон дIайуза лечкъоро эргIадалла латтайо, "керстан пачхьалкхашна" юкъарчу тIамехь дакъалацийта Кадыровс нохчий-бусулбанаш хьийсорна.

Iедалхоша бехкебира тIамтIе баха дуьхьал болу бахархой, доьналла, иман а ца тоарна, ткъа тIекхийкха болийра таро йоцчу доьзалашкара божарий, нохчийн гIаттамхойлаьттинчийн бераш, тIейогIучу ханна, зударий а хьийсон лерина бу.

Оцу йукъанна Кадыровс дIакхайкхийра Нохчийчохь мехкадаьттанан гIишлош ларйан шолгIа полицин полк вовшахтохарх. Росгвардин Къилбаседа Кавказан гонашкарчу буьйранчас Делимханов Алибека билгалдаьккхира, 2 эзар стагах лаьтташ хир ю и аьлла, цо бахарехь, марсхьокху-бутт бовш цу йукъа ваха луург вара 600 стаг.

Кегийчу къаьмнех тешна хилар

Мобилизаци йолайеллачул тIаьхьа Iедалхой цхьана Iалашонца тIаьхьабийла буьйлабелира кегийчу къаьмнийн векалшна, мобилизацин омранаш кхочушдархьама, билгалдоккху тIом зуьйчу Институтехь.

Мобилизацина дуьхьал протесташ йолийра дуккхаъчу къаьмнийн мехкашкахь. Дагестанехь маса хIоттийначу акцихь Украине шайн бераш дахийта дуьхьал бевлира гезгамашин-беттан 26, 27-чохь. Полицица девнаш латтош, даккхийн некъаш дIакъуьйлуш хьийзира бахархой. Арабевллера ГIебарта-Балкхаройчоьнан бахархой а, цигахь тIаьхьо тIедожийра къоман генофондана кхерам латтарна мобилизаци сацайар.

Еххачу заманчохь оцу кепара хIума хилла доцчу Нохчийчохь а цхьана митинг хIоттийра меттигерчу Iедална дуьхьал нохчий тIамтIе хьийсор сацаде аьлла. Аналитикаша ма-баххара, шен ницкъаллин ресурс республикехь сацон лиира Кадыровна, цо дIахьедира, республикехь мобилизаци хир йац, шаьш хIинцале а план кхочушйина аьлла. Ткъа тIамтIе хьийсор бу ша элира цо протесте бевлларш.

Къаьмнийн республикашна шайна тIехь хаайелира мобилизацин тIаьхьало. "Медиазонан" зерашца, Кхарачой-Чергазийчохь мобилизаци йина хила тарлора 8 процент 49 шаре кхаччалц болчу божаршна. ГIебарта-Балкхаройчоьнца а, Нохчийчоьнца а, Къилбаседа ХIирийчоьнца а республика лидершлахь нисйелира, компанийн зударий резюмешка хьийсар алсамдаларехь. Кавказ.Реалиина къаьстинчу зерашца, тIамтIехь байинарш дукха хиларца Дагестан шолгIачу меттигехь йара къилбера а, Кавказера а бахархошлахь.

Карарчу хенахь эксперташа билгалйоху, стохка гезгамашин-баттахь мобилизаци кхайкхайале хьалха шаьш терго йина изза тенденциш.

"Кавказера а, Юккъера Оьрсийчуьра а, Сибрехара а кегийчу къаьмнийн векалшна вербовка йарна тIехь соьцу йуха а Кремль. Хетарехь, шен режимна кхераме йолу, рогIера мобилизацин тулгIе ца кхайкхон хьийза Путин. Йаккхийчу чолхенех Iотталур ю и персонал вовшахтуху кампани, боккъал а волонтераш хила лууш, хIинцале а арми дуккха а Оьрсийчоьнан бахархой дIайазбелла хиларна", - билгалдоккху тIом зуьйчу Институтан аналитико Степаненко Катеринас.

Дуьхьалойаран кхерам

Зазадокху-бутт бовш Къилбаседа Кавказехула чекхйелира полисхошна тIелатарш ден тулгIе. Зазадокху-беттан 27-чу буса веа стага "Волга-14" ДПС-н постана герзаш диттира Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнана а дозанехь. Ши полисхо лазийра. ТIаьхьо ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIоштахь йуха а чевнаш йира тIелеттачара полицин цхьана белхахочунна, цул тIаьхьа къайла а бовлуш. Оханан-беттан 5-чу буса ГIалгIайчохь йуха а герзаш диттира, вийра кхо ницкъахо, кхин а бархIанна чевнаш йира.

Полисхошца герзаш кхийссар нисделира Нохчийчохь а. Зазадокху-беттан 28-чохь Гуьмсехь ши стаг вийра дIахьочу лерринчу операцихь – Iедалхоша чIагIдора, тIемалой бу бохучара полисхошна тIелатар динера, амма царех цхьа а лазйина-вийна вац аьлла. Жигархойн информацица, байинарш меттигера бахархой бара, вовшашца гергарлонехь а хиллера, ткъа нохчийн ницкъахошца герзаш деттар нисделлера, цу шиннах цхьахверг лачкъон гIортарна кадыровхой.

Оханан-беттан 12-чохь Кадыровс дIахьедира Iелин-йуьртахь герзаца тIемало лацарх, ГIалгIайчуьра полицина тIелеттарг а иза хила тарло аьлла, шеконаш йара. Оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан хаамашца, лаьцнарг хиллера - Мошхоев Микаил, иза лацарах хаамбинера оханан-беттан 9-чохь пачхьалкхан зорбанан гIирсаша. 1АДАТ-а дийцарехь, масех нохчийн ницкъахо лазийнера оцу кхийссаршкахь.

Герз лелош хиллачех пхоьалгIа инцидент йара иза Нохчийчохь стохка гурахь дуьйна схьа лерича: лахьанан-бутт бовш полицина тIелетира 19 шо долу Соьлжа-ГIалин вахархо, тIаьхьо дуьйцура Ассиновская станицехь а герзаш деттарх, ткъа гIуран-баттахь дов иккхира герзаш тухуш Хьалха-Мартанахь ницкъахошна вовшашна юкъахь.

ТIом толлучу Институтехь дIахьедира, хетарехь, Кадыров Рамзан саготта ву, республикехь дуьхьало йар чIагIдаларна, цо дохор ду цуьнан авторитаран урхалла. Делахь а, оцу хетачуьнца бIостане ду нохчийн бакъоларйархочунна Янгулбаев Абубакарна хетарг. Цо бахарехь, ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанаш тIехь дуккха а нах дуьхьалбовла кийча бу ала цхьана а кепара бахьанаш дац.

"Къилбаседа Кавказан мехкашкахь цхьаццаммо полисхошна ден тIелатарш ас ца дузу, цкъа делахь, тIом балале а, мобилизаци кхайкхайале а хилла хIуманаш ду уьш, тIеман хенахь а, тIом бирзинчул тIаьахьа а хир долуш ду уьш. Цхьаболу нах оцу хьоле балийначух тера хета, шаьш шайна тIе куьйгаш дахьар ду иза, динан контекстехь цара шаьш бакъ а деш", - дийцира Кавказ.Реалиин сайте цо.

Оккупаци йан Iалашонаш

ISW-хь иштта билгалдоккху, Оьрсийчоьнан Iедалша Украинехь хIинца а пайдаоьцуш хилар нохчийн ницкъахойх шаьш дIалецначу дозанаш тIехь административан режим хIоттош. Масала, цунах лаьцна хоуьйту, Кадыровс шен векал Херсонан а, Запорожьен а кIошташкахь дIахIотторо. Цул совнах "Мариуполан металлургин комбинатехь" гучудевлира Путинца, Кадыровца, Донецкера сепаратистийн куьйгалхочуьнца Пушилин Денисца пропагандистийн баннерш

Кадыров воьзна лору оккупаци йинчу Донецкан а, Луганскан а кIошташкара бераш дIадигарца а

Дечкен-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо хаамбира, 300 сов къеда а, имам а ву Соьлжа-ГIаларчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" Iаморашкахь аьлла. ISW-на хетарехь, Украине хьийсон долчу дакъошлахь дIатарбийр бу уьш. Къеда суьдхо лоруш ву бахархойн а, бехкзуламан а гIуллакхашкахь, уьш Украинехь хиларо тоьшалла дан мега, административан а, оккупаци йинчу территореш тIехь кхерамзалла латтош а царех пайдаэца дагахь волчух тера хиларан Кадыров

Зазадокху-беттан йуьххехь Донецкерчу сепаратистийн лидер Пушилин Денис хилира Нохчийчуьра "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь". ВСУ-но динчу зерашца, "ДНР-хь" болчу Оьрсийчоьнан лаккхарчу хьаькамашна хадархой кечбарх а, нохчийн дакъош дIадузарх а мехкан урхаллица дийца веанера иза

ХIинца, Степаненкос дийцарца, нохчийн эскархоша Украинехь ши Iалашо ю кхочушйеш: Оьрсийчоьнан эскархошна тылехь къепе латтор а, Луганскера Белогоровка кIоштахь локалан тIемаш бар а.

"ХIара элементаш, схьагарехь, социалан машанашкахь жигара йац, кхиндолу нохчийн дакъош Мариуполехь а, Киевн гонашкахь а санна", - тидам бо аналитико.

Цул совнах, Кадыров Рамзан бехкево оккупаци йинчу Донецкан а, Луганскан а кIошташкара бераш Нохчийчу дIадигарна "профилактикан болх" а, "тIеман-патриотикан кепехь кхион а" аьлла. Лахьанан-баттахь цо массарна а хазош дIахьедира, оцу гIуллакхехула берийн омбудсменца Львова-Белова Марияца дIахьош дийцарш ду шен аьлла. Ткъа зазадокху-беттан 17-чохь Дуьненайукъарчу бехкзуламан кхело ордер йелира Львова-Белова а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а лаца кхайкхош, берашна бертаза депортаци йарна. ISW-н аналитикна Херд Каролинина хетарехь, оцу историхь изза роль хила тарло Кадыров Рамзанан а.

"Дешаран а, Iаморан а программашкахула аьлла, маса украинхойн бер Нохчийчу дIадигина билггал хууш дац. Делахь а, гуш ду, Львова-Беловас урхалла а деш украинхойн берашна депортаци йарехь оккупаци йинчу Херсонан а, Запорожьен а, Донецкан а, Луганскан а кIоштийн куьйгалхоша, а санна, Кадыровс о оцу схемехь изза дакъалоцуш хилар", - элира цо.

  • Украинехь "Ахмат"СОБР-н эскархойх шеконаш йу, маьрша нах бойуш уьш декъахь хилла бу аьлла. Киевн хаамашца, тобанхойн куьйгалхо Мусаев Изноврас а, цуьнан куьйга кIел хиллачара а тIом болабеллачу йуьххьехь рейдаш дIахьора дIалецначу дозанаш тIехь, кхерамаш туьйсура маьршачу бахархошна, тIехь ницкъ а беш. Иштта цхьахйолу рейд дIахьочу заманчохь, СБУ-но чIагIдарехь, Мусаевс кхетамехь а волуш коьртех тапча йиттина вийна маьрша пхи вахархо - ши зуда а, кхо стаг а.
  • Марсхьокху-баттахь Украинан кхерамзаллин сервисо дозанан цхьаалла йохон гIортарна а, тIекховда йиш йоцчу махкана тIелатарна а шеконаш ю аьлла, цIе йаьккхира Алаудинов Аптин. Бух болу тоьшаллаш гулдира СБУ-но Алаудинов бехке хиларх, билгалдоккху урхаллин сайтехь. Дуьйцург ду доккхачу декъанна, зазадоккху-оханан беттанашкахь Алаудиновс дакъалацар Украинана дуьхаьл Оьрсийчоьно болийначу тIамехь, "Ахмата" лелочунна тIехь буьйралла а деш, Рубежное, Кременная, Северодонецк олучу меттигашкахь хилларг.
  • Оьрсийчоьрнан Украинана дуьхьал бечу тIамехь Нохчийчуьра 21 эзар стага дакъалаьцна – и терахь довзийтира Соьлжа-ГIалахь йоьдучу кхеташонехь мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Хьалхо хаамбира, бертаза Украинана дуьхьал тIаме хьийсорхьама нах лечкъорах а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун политикина резабоцурш лоьцучу гIирсех санна мобилизацих пайдаэцарх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG